Мехаш-м хьалагIерташ ду…

Схьахетарехь, вайн юкъараллехь тахана хала хир ду мехашца бала боцуш волу стаг каро.  Цунах кхета хала а дац, хIунда аьлча, хIораннан а дахаран хьелаш, хIусамехь йолу токхо коьртачу декъана и мехаш муха ду бохучух доьзна хиларна. Цундела Iуьйранна меттара гIовттуш уггаре а хьалха уьш муха ду, хIун эца таро хир ю тахана, муьлха гIуллакх цхьана ханна юкъахдита дезар ду бохург дагахь а лаьтташ доло дезаш хуьлу рогIера де, ма-дарра аьлча, хIора де а.

Оцу тайпанчу «корта лазаро» коьрта Iаткъам бо мискачу нахана (стенна лечкъадо, болуш ма бу уьш вайна юкъахь алссам), пенсионерашна, заьIапхошна. Iуьйранна царах хIоранна а хьалха хIуттуш дерг, хаа дезарг цхьаъ ду – пачхьалкхо хIора баттахь луш долчу ахчанах мел хIун йисина, шура-нехча эца таро ю-яц (жижиг-м хьехочохь а дацара), я тоъал чутаса шекар а доцуш, чай муьйлуш даккха деза-техьа де. Шайгарчу шайнашца  мел чIогIа хьесапаш дан гIортарх тIаьхьа ца кхиало уьш рынкан экономикин законийн къайленашна, базарахь мехаш кхолладаларан хьелашна. Цецбуьйлу уьш сурсаташ юхадухкуш болчеран сутараллех – и сурсаташ кхиийнарг-м цара шайна юкъа а ца вуьтура, шаьш хIоттийна мах дIа а лой, цIа хьажош волу.

Церан карахь ду тахана рынкан законаш чIагIдар, халахеташ делахь а, хьокъала йоллучу органаша шайна тIедехкина декхарш буьззинчу барамехь кхочушдеш цахиларна, шайна луъучу кепара мехаш хIиттор. Ала тарло, вайн базаршкахь духкурш дукхахдерш арахьара чуузуш долу кхачанан сурсаташ ду, цигахь дIабеллачу мехе хьаьжжина хIоттабо мах. Долушдерг ду иза. ХIора шарахь уьш тIеттIа алсамдовлуш делахь а, цкъачунна вайн латталелорхойн ницкъ ца кхочу кхачанан тайп-тайпанчу сурсаташка, ша аьлча, бахамийн хасбошмийн культурашка долу бахархойн хьашташ буьззинчу барамехь кхочушдан. Цуьнан бахьанаш дика девза вайна.

Кхеташ ма-хиллара, мелла а лакхара хир ду вайна чуузуш долчеран мехаш а. Амма хуьлийла дац тахана вайн базаршкахь санна-м. «Йохкархоша» хIоттош болу ког цхьаъ бу – оьцучохь мехаш тIекхетта. Бакъду, цхьа а ца хIутту дIабелла мах гойту документаш, дикаллин сертификат гайтар цаьрга деха, ша дуьнен чу валарх а дохковоккхург хиларна. Иза а вайн таханлера долушдерг ду: эцархочух возуш вац йохкархо, ткъа мелхо а эцархо ву цуьнан лехамаш кхочушбан безарг.

Ткъа мехаш-м оццу хенахь ирхнехьа хьуьйсуш ду. Иза гойту республикин экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министерствос далийначу терахьаша. Цо диначу хьесапашца хIара шо доладелчахьана махлелоран сетехь духкучу социальни маьIна долчу товарийн мах юккъерчу барамехь 1,4 процентана тIекхетта. Тидаме эцалаш, эцархой, иза юьхь бен яц шуна. Цхьа Дела воцчунна бен цуьнан уггаре а лакхара тIегIа мичахь хир а ца хаьа. Ведомствон пресс-службо чIагIдеш ма-хиллара, дIабаханчу баттахь мехаш уггаре а алсам тIекхетта керлачу наьрсашна – 12 процент, помидорашна – 17,5 процент, мерзачу бурчана – 17, кемсашна – 6, тайп-тайпанчу гарзанашна – 15 процент. Iаьнан муьрехь духкуш долчу оцу тайпанчу сурсатийн барам лахлуш хиларца доьзна лору иза ведомствехь.

Цуьнца цхьаьна сурсатийн цхьадолчу тайпанийн мехаш мелла а лахделла хиларан хьокъехь хаам а бо министерствехь. Царна юкъахь ду кхехкийна йоьхьаш – мах лахбелла 4,3 процентана, котаман жижигана – 4,4, гIорийначу керлачу чIерана – 6,4, йовхонехь кечбинчу чIерана – 5,7, чIерийн консервашна – 9,8 процентана.

Делера къинхетам хилла, цхьана тIегIанехь дуьсуш ду баьпган а, ялтийн еттинчу хIуманийн а мехаш.

Иштта ду-кх тахана рынкан хьелашкахь мехашца долу хьал.

Л.АБУБАКАРОВ

№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: