Харжамел хьалха кхажтасар дIадахьарехула йолчу Регионан вовшахтохараллин комитетан юьхьанцара кхеташо дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь. И гIуллакх дIадолийра харжамел хьалха кхажтасар дIахьош йолчу Федеральни вовшахтохараллин комитетан йоккхачу кхеташонехь видеоконференцин кепехь дакъалацарца.
Кхеташо дIахьош вара «Единая Россия» партин Генеральни советан Секретарь, харжамел хьалха кхажтасар дIахьош йолчу Федеральни вовшахтохараллин комитетан Председатель Неверов Сергей.
Цо шен къамелехь, лакхахь билгалъяьккхинчу Регионан вовшахтохараллин комитетехь дакъалацарна юкъараллин гIуллакххошна, шуьйрачу хаамийн гIирсийн, культурин, спортан векалшна баркалла элира. С.Неверовс ма-аллара, вайн юкъаралло лоруш нах бу уьш, царна тIебиллина боккха мохь а бу, и харжамаш кечбар а, дIабахьар а царна тIехь ду, делахь а, шаьш реза а хилла тIеэцна цара и болх.
Видеоконференцехь масситтазза кхаж тесира, цигахь билгалбехира Регионан вовшахтохараллин комитетан председательш а, хьалхара харжамаш дIабахьаран регламент а, иштта регионан кураторийн тоба а.
Партин Генеральни советан декъашхо, Регионан отделенин Секретарь Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев (Руслан) Абубакар харжамел хьалха кхажтасар дIадахьарехула йолчу Регионан вовшахтохараллин комитетан председатель хаьржира. Цуьнан заместитель хIоттийра «Единая Россия» партин Нохчийн регионан отделенин исполкоман куьйгалхо Зайналабдиев Валид.
Селекторни кхеташо ерзийначул тIаьхьа Регионан вовшахтохараллин комитетан хьалхара кхеташо дIаяьхьира.
Регионан вовшахтохараллин комитетана юкъавогIу, лакхахь хьахийна председатель, цуьнан заместитель воцург, кхин а 10 стаг: Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча, регионан юкъараллин «Нохчийн Республикин спортан латаран Федераци» организацин президент Сайтиев Бувайсар, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а, Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван, Нохчийн Республикин яздархойн Союзан председатель Ибрагимов Канта, «Единая Россия» партица ойла йогIучеран регионан координационни советан сопредседатель, Нохчийн регионан юкъараллин «Иман» организацин куьйгалхо Мужедова Иман, «Молодая Гвардия Единой России» регионан штабан куьйгалхо Ахметов Камал, Нохчийн Пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин аналитикин программийн редакцин корреспондент Баширов Сайд-Мохьмад, Ерригроссин заьIапхойн юкъараллин Нохчийн Республикехула йолчу отделенин председатель Аздаева Рабу, Нохчийн Республикин Профсоюзийн советан председатель Солтагереев Хьусайн, Кегийрхойн «Путин» клубан куьйгалхо Тагиев Эскерхан, Кегийрхойн «Ахмат» боламан председатель Хажмурадов Хаважи.
«Единая Россия» партин регионан отделенин секретаран хьалхарчу заместитела, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Селимханов Мохьмада гулбеллачарна дагадаийтира 2016-чу шеран сентябрь баттахь Россин Федерацин Iедалан лаккхарчу законодательни органе харжамаш дIахьуриг хилар. «Единая Россия» партис харжамаш ерриге а Россехь керлачу кепара дIабахьа лерина. ХIунда аьлча, цигахь дакъалаца таро хир ю партин декъашхойн санна, кхаж таса мел луучеран а.
– Со тешна ву Нохчийн Республикехь харжамел хьалха кхажтасар дIадахьарна а, харжамашна а лерина массо а тайпа кечамаш шен хеннахь бина бевриг хиларх. Харжамаш ма-хуьллу нах кхетар болчу агIор дIабахьар а, харжамашка баьхкинчу нахана кандидаташа шайна хьалха хIиттийначу Iалашонех лаьцна шуьйра хаамаш хилийтар а тIедиллина «Единая Россия» партин лаккхарчу советан декъашхочо, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Республикехь харжамашна ехкинчу меттигашка харжамхой бахкар, ламасте дирзина ма-хиллара, лакхара хуьлу. Иза, дукха хьолахь, доьзна ду республикера бахархой регионан Iедало бечу хийцамашна а, нехан Iер-дахар аттачу даккхарна тIехьажийначу белхашна а реза хиларца, – дийцира М.Селимхановс.
Цхьаьнакхетар дерзош Дадаев Ризвана билгалдаьккхира: «Вайх хIора а кхета веза законодательствехь долу дерриге а тIедахкарш, хьелаш лардан дезаш хиларх. Вайна юкъахь лелачу питанчашна ала цхьа а хIума хилийта йиш яц.
Вайн республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн вайх болу тешам ларбеш, вайна тIехь долу декхарш дика кхочушдан деза вай», – элира цо.
Хь.БАХТАЕВА
№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо