Декхарш IаьIаш ду
Кху деношкахь республикин прокуратурехь цуьнан куьйгалхочун заместитела Степанов Вадима дIаяьхьначу ведомствошна юкъарчу белхан тобанан кхеташонехь дийцаре дира ягорган-энергетикин декъехь талхораш дарна дуьхьало ярна тIехьажийна дан деза гIуллакхаш. Цуьнан балхахь дакъалоцуш бара талламан органийн, полицин векалш а, ткъа иштта и гIуллакх шайх герггара хьакхалуш йолчу «Газпром межрегионгаз Грозный», «Нурэнерго», «Чеченэнерго», «Чеченгаз» юкъараллийн куьйгалхой а.
В.Степановс энерготаронашца кхачоеш болчарна ира критика йира цара тIеттIа IаьIаш долу декхарш шен хеннахь схьагулдарна тIехьажийна гIуллакхаш деш, хьесап а ца деш бахархоша царах пайдаоьцуш хиларна дуьхьало еш цахиларна. Цо хаамбира хIара шо доладелчхьана РФ-н КоАП-н 7.19 статьяна тIедоьгIна административни 55 гIуллакх долийна хиларан хьокъехь. Къаьсттина тидам тIебахийтира кхерамазаллин гIуллакхашна кхачоеш цахиларна. И бахьанехь карара шо доладелчахьана бакъо йоцуш газ хIусамашка ялорна 100 стеган могашаллина эшам бина, ткъа царах 5 кхелхина. Бераш а ду газах дIовш даьллачарна юкъахь. И бахьанехь уголовни 3 гIуллакх долийна.
Кхеташонехь тидам тIебахийтира бакъо йоцуш газ а, электросерло а хIусамашка ялош болчаьрца беш болу болх жигарабаккхарна тIехьажийна энергица кхачоеш йолчу организацеша билггал гIуллакхаш дан дезаш хиларна.
1,4 миллион сом бюджетехь дисина
Хьалхо Алиева Лилис а, Хизриева Марема а Шелан гIалин суьде шаьш деллачу арзаца лехира шайна хилла моральни зен Россин финансийн министерстве меттахIоттадайтар. Суьдо цхьана декъана жоп делира церан лехамна царна билгалъяьккхинчу ведомствера 1,4 миллион соьман барамехь ахча схьадаккха сацам а беш. Оцу сацамца доьзна прокурора елла апелляци къастийра Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдо.
Хьалхарчу инстанцин суьдан сацам бух боцуш лерира апелляци къасточу хенахь. Цунна тIе а доьгIна, искаца бина лехамаш кхочушбарна дуьхьало йина. Прокурора хьалха хIотторца хьакъ боллу сацам тIе ца эцарна суьдхочунна дIахьедар дина суьдан коллегис.
Кхаьънаш эцарна…
Шаьш урхалла даран меттигерчу органан куьйгалхочо шен белхан декхаршца дар тIехь долу гIуллакх дарна кхоана ахча эцна волу Ильясов Ханпаша бехкевеш Нажи-Юьртан районан суьдехь къастийначу уголовни гIуллакхехула тIеэцначу сацаман гIо лаьцна районан прокурора.
Динчу зуламан юкъараллин кхерамазаллин барам хьесапе а эцна, пачхьалкхан бехкевархочо районан прокуроран гIоьнчас тIедилларца Ильясов ши зулам дарна бехке а лерина, суьдо бинчу сацамца эцначу кхоан барам 60-зза алсамбаккхарца гIуда а тухуш, пачхьалкхан органашкахь, шаьш урхалла даран меттигерчу органашкахь шина шараххьий ялх баттаххьий болх бар дихкина цунна вовшахтохараллин-кхочушдаран а, административно-бахамаллин а даржашкахь.
Къола чекх ца делира
2015-чу шарахь «Спецстрой» предприятин управляющис Шахбулатов Аймурана Нохчийн Республикин Арбитражни суьде искан заявлени делира 2007-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь гIишлошъяран-меттахIотторан белхаш бина аьлла казенни «Нохчийн Республикехь гIишлошъяран-меттахIитторан белхаш дIабахьарехула йолу дирекци» предприятера 2,8 миллиард соьман барамехь ахча схьадаккхар доьхуш. Белхаш бина хилар чIагIдеш долчу актийн копеш хьалха хIиттийра суьдана.
Амма, Ленински районан прокуратуро биначу талламо гайтира билгалбаьхна белхаш барна бина барт цахилар а, суьде делла акташ харц хилар а. Цу тIе хьалха кхочушбинчу белхашна заказчико буьззинчу барамехь дIаделлера догIуш долу ахча.
Оцу бакъдолчарна тIе а доьгIна, прокуратуро материалаш талламан урхалле яхьийтира Шахбулатов уголовни жоьпе озоран хьокъехь долу гIуллакх къастадайта. Талламан органаша цунна дуьхьал РФ-н УК-н 159-чу а, 303-чу а статьяшца догIуш долу таIзар дайта уголовни гIуллакх долийна. Ткъа ша бехкевеш верг органаша лохуш ву.
Гуш ма-хиллара, пачхьалкхана къола дан гIортар чекх ца даьлла.
Доьзалан хьашташна – гIаролехь
ЙоI шайн цIартIе яккхаран хьокъехь долчу граждански гIуллакхехула Шелковски районан суьдо бина сацам нийса ца лоруш прокурора елла апелляци къастийна Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдан граждански гIуллакхашкахула йолчу суьдан коллегехь.
Гучудаьлла, РФ-н Граждански процессуальни кодексан 10-чу статьян, РФ-н Доьзалан кодексан 139-чу статьян лехамаш талха а беш, граждански гIуллакх къасточу хенахь бер цIартIе даккхаран къайле гучуяккхарх долу жоьпалла довзийтина цахилар. Цул сов, законо иштта лехам беш боллушехь, суьдо ца дийхира цIартIе доккхучу беран могашаллин, иза кхиаран хьокъехь болу медицинин гайтамаш шена балар. И бахьанехь бер кхиор шена тIелоцуш волчун таро яцара тIедужучу жоьпаллин буьззинчу барамехь мах хадо.
Регионан Лакхарчу суьдехь бух болуш лерира районан прокурора беш болу лехамаш, хьалхарчу тIегIанан суьдан сацам боха а бина.
Хьехархойн бакъонаш меттахIиттийна
БIачи-Юьртарчу №2 йолчу юккъерчу школин хьехархойн коллективо Курчалойн районан прокуратуре арз дира шайн белхан алап а, кхитIе яла езаш йолу ял а схьалуш цахиларан хьокъехь. Бинчу талламо гайтира хьехархойн къинхьегаман бакъонаш талхийна хилар. Царна дIадала дезачу ахчанан юкъара барам 997 эзар соьме кхаьчна.
Талламан материалаш прокуратуро маслаIатан суьде хьажийра дешаран организацин 57 белхахочун талхийна къинхьегаман бакъонаш метта а хIиттош, белхан алапехула долу декхар схьадаккхар доьхуш. Цуьнца цхьаьна районан дешаран урхаллин куьйгалхочунна тIедиллина гучудевлла кхачамбацарш йоццачу хенахь дIадахар.
Кхиазхошна – хьакъ боллу тидам
Веданан районан школашкахь дешаран хьокъехь долу закон кхочушдар муха ду хьожуш меттигерчу прокуратуро тидам тIебахийтира дешаран цхьаццайолчу организацешкахь экстремизмах хьакхалуш йолчу материалийн федеральни список цахиларна, толлуш яц библиотекашкахь йолуш йолу а, тIейохьуш йолу а литература.
Терго латторан органна хетарехь, ишттачу хьоло Iаткъам бан тарло кхиазхой син-оьздангаллин ойланехь кхиорна, церан психически могашаллина. Берашна юкъахь иштта яржарна кхерам бу экстремизман амал йолу материалаш.
Оцу бакъдолчарна тIе а доьгIна, пхеа школин директоршна тIедиллина гIуллакх деш долчу законан талхораш цахилийтарна тIехьажийна гIуллакхаш дар.
Некъ бихкина
Регионан прокуратуро вовшахтоьхна бакъо йоцуш яйчу промышленностан продукци вайн республике кхехьарна, кхузахь иза ярна, йохкарна тIехьажийна гIуллакхаш дар. Оццу хенахь районийн прокурорашна тIедиллина кхерамазаллин лехамашна жоп луш йоцу, билггал мичахь йина ца хууш йолу, сертификаташ, иза дикалла йолуш хилар чIагIдеш долу кхидолу документаш доцу продукци еш а, юхкуш а берш гучубахар.
Бакъонаш ларъяран органийн тидам тIехьажийна бакъо йоцуш Россин Федераце чудохьуш долу товараш дохкар, товарийн билгалонех бакъо йоцуш пайдаэцар дехка дезаш хиларна.
Сихо яр лехна
Республикин арбитражни суьдан харц сацаман буха тIехь коммерчески организацин гIуллакхерчу белхахоша шайн дола даьккхира пачхьалкхан унитарни предприятис шайна тIехь гIуллакх деш хилла шайн юкъара мах 32 миллион соьмал сов болуш долу лаьттан дакъа а, цхьамогIа объекташ а. РФ-н Талламан комитетан вайн регионехь йолчу талламан урхаллин талламхочо лелош долу и гIуллакх теллича республикин прокуратурина гучуделира оцу гIуллакхана бехке берш билгалбахарца доьзна билггал гIуллакхаш дина цахилар. Цо тIедалийра таллам баран хенаш яхъярна. Схьа ца эцна документаш, барт ца хаьттина шайгахь оцу гIуллакхах лаьцна хаамаш болуш болчаьрга, эшам хиллачеран бакъонаш талхийна.
И кхачамбацарш дIадахарна кхачояр тIедиллина талламан урхаллин куьйгаллина.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ
№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо