Цхьа-ши дош…

ООН-н Кхерамазаллин Советехь дийцаре дира Хонкаран эскарша Шемарчу курдийн бIаьхошна герзаш деттар. Кхерамазаллин Советан декъашхоша дIахьедира шаьш Хонкаро динчу тIелатарна дуьхьал хилар.

***

   ТIаьхьарчу цхьана кIирнах Россин тIеман-космосан ницкъийн Шемахь долчу кеманаша «Иблисан пачхьалкхан» гIеранийн 1590 сов объектана бомбанаш, ракеташ тоьхна.

***

   Шемин Iедалан эскарша денна а толамаш боху «Иблисан пачхьалкхан» террористашна дуьхьал дIахьочу тIамехь. Иза чIогIа ца дезало террористашна герзаш латтош йолчу Хонкарна.

***

   ООН-н лерринчу векала Де Мистурас Шемин МИД-н куьйгалхочуьнца дийцаре дира оцу мехкан бахархошна гуманитарни гIо даран хьокъехь долу гIуллакхаш.

***

   США-н а, Кубин а Iедалан векалша куьйгаш яздина оцу шина пачхьалкхера денна дIасалелаш пассажирийн кеманаш хилийтаран хьокъехь болчу бартана.

***

   Евросоюзана реформаш ца еш хьал хилахь Великобритани цу юккъера дIаериг хилар хоуьйтуш дIахьедар дина оцу мехкан премьер-министра.

***

   Беларусина а, цуьнан Президентана А.Лукошенконо а дуьхьал йина хилла санкцеш дIаяьхна Евросоюзо.

***

   Украинин Президента П.Порошенкос мехкан премьер-министре А.Яценюке дехар дина шен даржера дIавала аьлла. Амма иза дIавала дагахь вац, Радехь правительствон болх кхачаме цалеринчул тIаьхьа а.

***

   Россис а, ОПЕК-на юкъайогIучу Катаро а, СаIудийн Аравис а, Венесуэлас а барт бина мехкадаьтта даккхаран барам кху шеран 11-чу январехь хиллачул алсам ца баккха. Оцу бартана тIетайна Кувейт а.

***

   Россин Президент В.Путин Москвахь цхьаьнакхийтира Иранан оборонан министраца Хьосейн Дехгарца. Цара дийцаре дира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш чIагIъяран а, шоръяран а хьокъехь долу гIуллакхаш.

 ***

   Пхеа шарна юха а «Газпроман» правленин председатель хаьржина А.Миллер.

***

    Ярославехь пхи гIат долчу цIа чохь газ эккхар бахьана долуш дийнна цхьа подъезд йоьхна, цIа кхерамечу хьолехь ду. Оцу бохамехь 7 стаг кхелхина, 9 лазийна. ЦIа чуьра дIакхалхийна 130 сов стаг.

 

№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: