Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Аргун гIаларчу кегийрхошца.И цхьаьнакхетар Кадырова Айманин цIарахчу «Ненан Дог» маьждигехь хилира. Иштта, цигахь дакъалаца баьхкина бара, Нохчийн бусалбанийн динан урхаллин векалш а, кегийрхойн дай-наной а.
«ТIаьхьарчу хенахь ваххабистийн а, «Иблисан пачхьалкхан» а идеологеш алсамъевлла инернета чохь. Шемахь уьш лахлуш бу, хIора денна хIаллакбеш а бу. Цундела уьш шайн ма-хуьллу вайн кегийрхойн корта хьовзо гIерташ социальни сеташкахь болх беш бу. Царна бен а вац, йоI я кIант, шайга Iехавелларг дакъаза воккху цара. Цул сов, цара бусалба нахана юкъахь барт ца хилийта даржош питанаш ду, Къуръанна а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Суннаташна а, ТIарикъатийн некъашна а харц дерг а кхуллу социальни сеташ чохь. Царна цу тIехь гIо деш тайп-тайпанчу регионашкара харц имамаш бу», – бохура Р.Кадыровс.
Иштта, цхьаьнакхетаре баьхкинчара Республикин Куьйгалхочо динчу къамелана тIе а тевжина, кхайкхам бира ваххабизман а, терроризман а ойланаш яржош болчарна дуьхьал дIахьочу къийсамехь массаьрга а жигара дакъалацар доьхуш. Аргунехь террористийн а, ваххабистийн а тобанаш бахьана долуш 500 сов стаг вийна. Ислам динна а, шайн дай-наношна а дуьхьал бевлла болчу царна гIо-накъосталлина куьг кховдийначунна а таIзар дан догIу, бохура цхьаьнакхетаран дакъалацархоша.
Оцу цхьаьнакхетаре балийна бара, интернета чохь «Иблисан пачхьалкхан» идеологаша динчу къамелана тIе а тийжаш аудияздарш дина кегийрхой. Церан дай-наноша дийцира шайн гергара дуккха а нах оцу ваххабистийн тобанаша байъина хиларх а, кегийрхой цунах цакхетар шайгара яьлла ледарло хиларх а.
М.МАХМАЕВ
№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо