М.Д.Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетехь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра И.Байхановс а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Д.Умаровс а, республикин лаккхарчу дешаран учрежденийн ректорийн хьалхарчу заместительша а дакъа а лоцуш, цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цхьаьнакхетар Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан ректоран Хь.Таймасхановн лаамца вовшахтоьхна а, масех де хьалха Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIабаьхьначу гуламан жамIаш дийцаре дарна а лерина дара.
Цхьаьнакхетар дIадолош вистхиллачу Республикин дешаран а, Iилманан а министра, кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран цхьааллин Концепцица доьзначу цхьаьнакхетаршкахь хийцамаш бан хан тIекхаьчна элира.
– Актови зал юзархьама кегийрхой чу а лоьхкуш, Instagram чу сурт хIоттор коьрта Iалашо йолуш, тIекхуьу чкъор ийманехь кхетош-кхиоран «цхьаьнакхетарш» дIакхехьаран хан чекхъяьлла. Депутаташ а, молланаш а, Iедалан органийн белхахой а оьху вайн дешархошца а, студенташца а цхьаьнакхетарш хилийта бохуш. ХIинццалц вай царна дуьхьало ца йина. Амма, кхидIа хьал иштта дIадахийта йиш яц: бераш шайн дешарх юкъарадахарал сов, тIарикъатан некъа тIехь а болуш, дешарна тIаьхьабевллачу нахаца дIахьош бу кхетош-кхиоран болх. Царна иза оьшуш ма дац! Уьш дешар Iамо а, цунах пайдаэца а бита беза. Кхул тIаьхьа, цхьа а цхьаьнакхетар вайн махкахь берийн дешарна эшам а беш хир дац. Цул сов, тхан сацам хилла, кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран цхьааллин Концепцин хьокъехь долу цхьаьнакхетарш дешарна тIаьхьа ца кхуьучаьрца а, дешарца бала боцучаьрца а дIахьур ду аьлла, – элира И.Байхановс.
Цул тIаьхьа дош дехначу Д.Умаровс билгалдаьккхира Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсаша лаккхарчу дешаран учрежденешкахь кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран цхьааллин Концепцин хьокъехь дIахьондолу цхьаьнакхетарш республикин бахархошна довзийтарехь жигара дакъалоцург хилар.
– Республикин лаккхарчу дешаран учрежденеша сагатдан ца оьшу, шаьш кегийрхошца беш болу болх бахархошка дIакхочур бу я бац бохуш. И гIуллакх тергонехь латтор ду вайн махкахь мел болчу шуьйрачу хаамийн гIирсаша. Шайна лаахь журналисташ шаьш долчу а кхайкха, шайна лаахь журналисташ болчу хьошалгIа а гIо. Кхузахь, вай ойла йича, боккха пайда бу: тхуна болх бу иза, шуна шаьш беш болу бахархошка дIакхачор ду иза, ткъа вайн къомана шен тIекхуьуш долу чкъор дешарца гергарло хилла а ца Iаш, динца а гергарло долуш хилар ду иза, – элира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Д.Умаровс.
Цхьаьнакхетар дерзош, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан ректора Хь.Таймасхановс хьешашна а, цхьаьнакхетаран дакъалацархошна а баркалла элира.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой
№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо