Экстремизмаца, терроризмаца къийсам латтор жигардоккхур ду

Терроризмана а, экстремизмана а дуьхьало яран гIуллакхаш дийцаре дира кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша дIаяьхьначу кхеташонехь. Цигахь дакъалецира Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийчоьнан Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, регионан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, районийн а, министерствийн а куьйгалхоша, бакъонаш ларъяран органийн векалша, Iеламнаха, кхечара.

   Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, цхьайолчу регионашкахь радикальни, харц идеологи лелошберш жигарбовлар бахьана долуш, кегийрхой кхетош-кхиоран декъехь беш болу белхаш кхин а алсамбаха беза.

– Иблисан тобанаш вайн тIекхуьу чкъор харц новкъа даккха гIерташ къахьоьгуш ю. Церан вуочу тIеIаткъамо Iехийнарш я набахташка кхочу, я кхелха. Вай цундела вайн кегийрхой ларбар лерринчу тидамехь латто деза. Уьш кхеторна тIехь белхаш бан беза, – бохура Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана дийцарехь терроризман а, экстремизман а идеологино юьхьарлаьцна некъ къиза бу, цундела цунна еш йолу дуьхьало а хила еза кхачаме.

– Шуна хууш ду Дагестанехь теракт йина хилар. Нохчийчохь и тайпа хIума хилийта йиш яц вайн. Бакъонаш ларъяран органаша шайн болх кхин а лакхарчу тIегIане баккха беза, Iеламнаха кегийрхошца беш болу болх жигарбаккха беза, – билгалдаьккхира цо.

Кхеташо ерзош регионан Куьйгалхочо элира, тIаьхьарчу шерашкахь республикин куьйгалло дика болх бар бахьана долуш «Иблисан пачхьалкх» террористийн организаце кегийрхой дIаэхар дIадаьлла аьлла. Иштта Кадыров Рамзана дIахьедира Къуръанца догIуш доцучу хIуманна Нохчийчохь меттиг хир яц аьлла.

Р.РАМЗАНОВ

№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: