БIаьхойн-интернационалистийн де билгалдаьккхира

   ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Фирдаус» даздаран цIийнехь дIадаьхьира бIаьхойн-интернационалистийн денна лерина  цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а, Администрацин а куьйгалхочо Кадыров Ислама, кхечара.IMG_0879

   «ТIеман комиссариаташ а, бIаьхойн-интернационалистийн боламаша а шайна тIедехкина декхарш дика  кхочушдар бахьана долуш вайн кегийрхой эскаре кхайкхаран хьал тоделла дIахIоьттина. Цигахь вайн кегийрхоша шаьш дикачу агIор гойту, иза вайна боккха юьхькIам бу. Вайн кегийрхоша ОвгIанехь эскарехь гIуллакх дечу хенахь  шаьш дикачу агIор гайтина. 10 шарахь ОвгIанехь бIаьхаллин декхарш кхочушдеш вайн кегийрхойх цхьа а тIамера ведда вац, я цхьа йийсар а ца вахна. Тахана вайн республикера эзарнаш кегийрхой кийча бу шайн лаамехь Россин эскарехь бIаьхаллин декхарш кхочушдан» –  дийцира Р.Кадыровс.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин тIеман комиссарана, авиацин полковникна  Джейраханов Ахьмадна совгIат дира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденца.  Иштта оцу декъехь къахьоьгучарна массарна даггара баркалла а олуш, Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца а  совгIаташ дира Нохчийн Республикин тIеман комиссариатан белхахошна.

М.КАНТАЕВ

Авторан сурт

№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: