Сулаев Мохьмад

Нохчийн поэт Сулаев Мохьмад вина 1920-чу шеран 20-чу сентябрехь ГIойтIахь. Школехь, рабфакехь дешначул тIаьхьа, 1941-чу шарахь Мохьмада чекхйоккху Бакура лоьрийн институт. Оцу хенахь дуьйна схьа лоьралла а, яздархочун болх а цхьаьна дIакхийхьира цо.02

   М.Сулаевс дуьххьарлера шен байташ язйира 1935-чу шарахь. Кхоллараллин хьалхара мур чекхболу 1943-чу шарахь «Малх тоьлур бу» поэма язъярца.

   1958-чу шарахь «Безаман эшарш» цIе йолу стихийн гулар араяларца дIаболало поэтан кхоллараллин керла мур. ХIетахь дуьйна цо арахоьцу поэзин, прозин  дуккха а книгаш: «Велларг денвар», «Даймехкан зIаьнарш», «Товсолта ломара дIавоьду», «Дагчуьра суйнаш», «Бакъдерг», «Адамалла», «Сирла суьйре»…

   Поэтан кхалхар хилла 1992-чу шарахь.

  М.Сулаевн дешнаш тIехь нохчийн композиторша даьхна дуккха а иллеш ду, халкъо дезаш тIеэцна. Царах цхьадерш тахана шуна довзуьйту оха.

 

Маьлхан бIаьхо

 

(Советски Союзан Турпалхочун Магомед-Мирзоев Хаважин сийнна)

Мукъам В.Дагаевн

 

Малхбузехь, мохк бегош, тIом баьлча,

Дей, буьйсий вовшашца къовсаме даьлча,

Нохчийн кIант Хаважи, маьлхан зIе хилла,

Маса дIакхечира, дог догуш сирла.

 

МостагIийн аренаш хIоьънашца охуш,

Де толош, буьйсанах кийсигаш йохуш,

Маьлхан бIо боданах летачохь вайра,

Ткъес буйнахь тIелеташ, мартанхо майра!

 

МостагIех цIе туьйсуш, де серладоккхуш,

Фашистийн гIеранаш махкара лохкуш,

И йовссарш шен цIарца ницкъ кхочуш чахчо,

Вуьйжира цу тIамехь дог майра нохчо.

 

Хьоме кIант хеназа велла ву, алий,

Елха ма елхалахь, Хаважин нана!

И велла вац хьуна: малх мел бу кхеташ,

Хаважин са деца малхаца лепаш!

 

Шу а гIел ма лолаш, Хаважин вежарий,

Вешин аз кхин шайна хезар дац, алий:

Цу Мартан тулгIешца, вайн берийн аьзнашца

Хьоме аз ду хезаш, даима декарца.

 

Iуьйранна гIоттучу цу маьлхан зIаьнаршца

Вайн коре схьахIутту Хаважин сирла са:

Халкъана делла са, малхах дIаийна,

Даима ма догу Даймехкан сийнна.

 

Цавевзачу салтичун каш

 

Мукъам Ш.Эдисултановн

 

Цхьанна а цIе а ца евза.

ТIехь Iуьллу тIемлочун таж.

ХIара ду-кх и дуьненна девза

Цавевзачу салтичун каш.

 

Алахьа, хьо мила хилла?

Хьан муха хилла-те сурт?

Ахь мичхьа йитина Iилла

Махкана хьо велла юрт?

 

Я хилла и йоккха гIала?..

Ойлаеш, тIехь лаьтта со.

Ницкъ хьенан хир бара ала,

Мичхьара схьаваьлла хьо?

 

Хилла-те хьо цхьаъ бен воцу

Хьайн ненан хьомсара воI?!

ХIинца а хьо дагалоцуш

Юй-техьа хьо везна йоI?

 

ТIаьххьара, хьо лечу хенахь,

ХIун дагалаьцнера ахь?

Я юьхь дагаеара ненан?

Я луьрчу атакин къахь?

 

Хаац, хьо мича къомах ваьлла,

Хьо мичахь ваьккхина салт.

Амма хьо билггала хилла

Даймехкан хьанала кIант!

 

И коьрта, и доккха лоруш,

Йогуш ю хьан сийнна цIе.

Цу цIарца, яйъалур йоцуш,

Къаьсташ ю салтичун цIе!

 

Къонах

 

Мукъам.I.Усмановн

 

Буьрса лом варшашкахь цо куьйга эшадарх,

Ткъес дарах, стиглара лоций,

ХIетте а, шен цIен тIехь и зудчо кхеравахь,

Хаалахь, и къонах воций.

 

ДегI цуьнан куц долуш, зоьртала мел хиларх,

Ницкъ хиларх цхьаьнггехь а боцу,

Амма шел гIийлачех тийсалуш и велахь,

Хаалахь, и къонах воций.

 

Лакхарчу хьаькмашца тIекаре и хиларх,

Къежарх и, церан куьг лоций,

Делахь а нахаца гIиллакхе и вацахь,

Хаалахь, и къонах воций.

 

ДIора лам оззийна цо сехьа такхабарх,

Ластабарх, цхьана куьйга лоций,

Дуьхьала цхьаъ дуьйцуш, тIаьхьашха луьйш велахь,

Хаалахь и къонах воций.

 

Махко а вотанца и къонах кхайкхаварх,

И вазвар Iалашо лоций,

ХIетте а, зударшна и къонах ца хетахь,

Хаалахь, и къонах воций!

 

Уггаре а хаза зезаг

 

Мукъам С.Магомедовн

 

Дийхира ахь, лаха, аьлла,

Уггаре  а хаза зезаг,

Уггаре а хаза зезаг

Лийхира ас, араваьлла.

 

Леларх, суна ца карийра

Уггаре а хаза зезаг…

Ца карийча хаза зезаг,

ГIийла корта ас оллийра.

 

Ткъа, цIеххьана, хьо ма-гиннехь,

Суна дайра хаза зезаг:

Уггаре а хаза зезаг

Хьо ду, хьо ду кху дуьненахь!

 

Хууш вац-кха со, хьо йоцург,

Уггаре а хаза зезаг!

Хьуна дала дац кхин зезаг,

Дагчуьра сайн безам боцург!

№19, шот, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: