«Цхьа а тIамна вина вац»

IMG_4437

Соьлжа-ГIалахь А.-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейхь Даймохк ларбархочун денна лерина «Цхьа а тIамна вина вац» аьлла гайтам схьабиллина. Цигахь дакъалоцуш Россин художникийн союзан декъашхочун, ЧИАССР-н хьакъволчу художникан Седиев Хьасанан а, художникан Абкаров Айсин а суьрташ ду.

Историн а, Iер-дахаран а, Iаламан гатийра а  чулацам болуш дехкина ду гайтаме даьхна суьрташ, царех дукхачарна тIехь  гойтуш къоман турпалхой а бу. Седиев Хьасана дуьнене шен башха хьежар а, шатайпа кхолларалла а гойту шен суьрташкахь. Художник санна халкъалахь вовзар графикин жанрехь нисделла цуьнан. Ткъа иза суьрташдахкаран уггаре а халачу жанрех цхьаъ ю. «Вовшахиййина техника» олу графика а, живопись а цхьаьнаийначу жанрах. Оцу техникица Хь.Седиевс шен исбаьхьаллин кхоллараллин ерриге агIонаш гойту.

Седиев Хьасан вина 1960-чу шеран 30-чу апрелехь Йоккхачу АтагIахь. Шайн юьртара №2 йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Нохчийн пачхьалкхан университете деша вахара иза. Цигахь доьшуш волуш, дечиг тIехь варкъ даккхар (чеканка) карадерзо волавелира Хьасан. 1981–1983-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIалин №9 йолчу училищехь художник-декоратор говзаллина дешна цо. Республикехь дIакхехьначу  тайп-тайпанчу гайтамашкахь дакъалаьцна Хь.Седиевн белхаш. 1984-чу шарахь дуьйна СССР-н Художникийн фондехь болх бина цо. Ростовехь, Нальчикехь, Сочехь, Ставрополехь, кхийолчу шахьаршкахь хиллачу  суьртийн гайтамашкахь а  дакъалаьцна художника шен белхашца. Цул совнаха Соьлжа-Г1алахь, Москвахь, Уфахь шен гайтамаш а хилла цуьнан.

2002-чу шарахь дуьйна Россин Художникийн союзан декъашхо ву Седиев Хьасан. Иорданерчу, Хонкарарчу, Iамаркерчу, СаІудийн Іараверчу, Ингалс пачхьалкхарчу музейша а, суьрташ гулдеш болчара а эцна цуьнан дуккха а суьрташ.

Абкаров Айсас Хьалха-Мартан районан ГIойтIара №1 йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан исскусствийн факультетехь дешна. Тайп-тайпанчу дуьненаюкъарчу а, республикански а гайтамашкахь дакъалаьцна ву иза. Португалехь а, Москвахь а дIаяьхьначу живописан дуьненаюкъарчу конкурсашкахь дипломаш даьхна художника.

Шайн кхоллараллица оцу шина художника вайн ойланехь Даймехкан васт кхуллу, цуьнан кIорггера кхетам а, башха синтем а, Iадаташ а, ламасташ а, адамийн юкъаметтигаш а, нохчийн Iер-дахар а, истори а гойту. Лаам болчеран баттахь гергга церан суьрташка хьовса таро ю билгалъяьккхинчу галерейхь.

А.ВАХАЕВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: