Нашидийн суьйре

хилира хIокху деношкахь Аргун гIаларчу Культурин цIийнехь

   Иза лерина яра Аргун гIаларчу Берийн кхоллараллин туьшахь, «Ан-Нур», цIе йолуш, нашидаш алархойн тоба вовшахтохарна. Ма-дарра аьлча, керла кхоллаеллачу тобано вовшахтоьхна дуьххьарлера гIуллакх дара иза. Суьйрене кхайкхинера Iеламнах, гIалин мэрин гIуллакххой, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш, кегийрхой, юккъерчу школийн дешархой. Культурин цIийнан йоккха зал тIанк-аьлла юьзнера хьовсархоша.IMG_0364

   27 стаг ву тахана тобанехь. Аргун гIаларчу юккъерчу школийн дешархой бу уьш. Церан куьйгалхо ву Эсамбаев Iийса, цунна гIо деш ю Бетельгериева Хадижат. Говза нашидашъалархо санна вевза Iийса, ткъа Хадижат эшаршлакхархойн дуккха а конкурсашкахь толаман меттигаш яьхна ю.

Хьовсархоша дукха резахиларца, дехха тIараш детташ, тIеийцира «Ан-Нур» тобанан декъашхоша, адамашлахь уггаре а деза адам, Дала дуьне а, Iалам а шен дуьхьа кхоьллина волу Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош, дIааьлла хIора а нашид (назма). Хаза кечйина сцена, берашна тIера исбаьхьа духарш, аьхна, мукъаме аьзнаш, шаьш доггах дIаолучу назманийн маьIнех кхеташ, оьзда лелар – и дерриге а, ладогIархой цхьа шатайпа йийсаре беш дара. Гуш дара «Ан-Нур» тобанан декъашхоша хIокху суьйренна дукха лерина кечамбина хилар.

Иза иштта хилар билгалдаьккхира, суьйре ерзош, къамел динчу Аргун гIалин къедас Доскаев Юнуса, гIалин куьйгалхочун заместитела Тимирсултанов Наиба, «Исламан зIаьнарш» газетан векала Заурбеков МасIуда.

– ХIара тоба вовшахтохале, тхох дагабевлира кхунна юкъабахана кегийрхой а, Берийн кхоллараллин туьшан куьйгалхо Сулейманова Света а, – дуьйцу Доскаев Юнуса. – Оха, дукха резахиларца, къобал а дира «Ан-Нур» тоба вовшахтохар. Тахана вайна гуш долчу суьрто гойту-кх хIара билггал   дика гIуллакх хилар. Ма деза, доккха хIума ду Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестор, и хесточу назманашца кегийрхошна дин марздар, уьш ийманехь чIагIбар. Дела реза хуьлда «Ан-Нур» тоба а, хIара  суьйре а вовшахтоьхначарна. Тхо чIогIа реза ду. Дала тIаьхье беркате йойла!

Берийн кхоллараллин цIийнехь керла тоба кхоллаяларх а, цуьнан Iалашонех а лаьцна дийцира тхуна кхитIе дешаран хIокху учрежденин куьйгалхочо Сулейманова Светас.

– Хьалхо, дIадаханчу шеран декабрехь ду иза, нашидийн суьйре вовшахтоьхнера оха. Цул тIаьхьа кхоллаелира тхан «Ан-Нур» тоба вовшахтоха ойла. Уггаре а коьртаниг – бераш шаьш дара и лаам болуш. Куьйгалхо а карийра – Эсамбаев Iийса. Ша нашидаш олуш а, и гIуллакх чIогIа дезаш а ву иза. ГIалин къеданах Юнусах дагадевлча, цо а къобалдира хIара тоба вовшахтохар. Юккъехула аьлча, хIокху суьйренна кечам беш а (нашидийн чулацам бовзуьйтуш, цхьацца дешнийн аларехь тхан гIалаташ нисдеш) доккха накъосталла дира тхуна Юнуса, шен хан ярий-яцарий доцуш, тхан репетицешкахь а хуьлура. Дела реза хуьлда цунна!  Иштта даггара баркалла ала лаьа «Ан-Нур» тоба йовзийтаран Iалашонца вовшахтоьхна суьйре кечъеш къахьегначу тхайн ерриге а коллективана а, къаьсттина Бетельгериева Хадижатна, Вагапова Жарадатна, Вагапова Седина,  Товдарханов Iарбина, Хасханова Индирина, кхечарна. Тхо тешна ду, хIара суьйре тIаьххьара хилла цахиларх а, кегийрхой ийманехь кхетош-кхиорехь, царна бусалба дин марздарехь «Ан-Нур» тобано доккха маьIна лелориг хиларх а.

 

АДАМОВ ДОВТ

№19, шот, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: