Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон омрица Нохчийн Республикин дешаран дикаллин мах хадоран туьшана а, Дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Нохчийн институтана а тIедиллина «Ас ЕГЭ дIалур ю» аьллачу проектана а, Пачхьалкхан жамIаш даран аттестацина а дешаран-методикин мониторинг яр.
Оцу омрица нийса а догIуш, лакхахь хьахийначу туьшан а, институтан а белхахойх «Ас ЕГЭ дIалур ю» аьллачу проектана региональни координаторш а беш, царна хIоранна а цхьацца район тIечIагIйина. Иштта, царна тIедожийна оцу экзаменан жамIех долу жоьпалла а. Координаторийн хIора дийнан декхаршна юкъадогIу школа чекхйоккхучу классийн занятешкахь хилар а, хьехархойн балхана а, дешархоша экзаменашна кечбар а, шаьш дина хьесап (анализ) хьехархойн коллективана дIадовзийтар а.
Министерствехь кхеташо хилира координаторшца. Цигахь шаьш бинчу белхан жамIаш довзийтира цара.
Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала билгалдаьккхира региональни координаторийн институт кхолларца, министерствон школа чекхйоккхучу классийн хьехархошца шайца болх бан аьтто хилла хилар.
Дагадаийта лаьа, «Ас ЕГЭ дIалур ю» проект дешархойн дешаран дикалла лакхаяккхаран Iалашонца юкъаяьккхина хилар. Оцу проектана тIехь къахьегар Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Рособрнадзоран куьйгалхочуьнца С.С.Кравцовца 2015-чу шарахь цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа долийна хилар. Оцу проектан гурашкахь вайн республикехь хьехархошна лерина дукха семинараш дIахьо, дешархойн а цхьаьнакхетарш хуьлу дешаран урхаллин векалшца. Экзамен дIаяла дезачу берийн дай-наношца а оцу декъехь беш болх бу.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№19, шот, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2016 шо