Соьлжа-ГIалахьчу «Олимпийск» спорткомплексехь дIаяьхьира Къилбаседа Кавказан федеральни округехь кегийрхошна юкъахь дзюдохула хьалхеяккхаран турнир
СКФО-н ворхI регионера 200 сов спортсмен вара къийсадаларшкахь дакъалоцуш. Март баттахь Дона-тIерачу-Ростовехь хир йолчу Россин чемпионатан дакъалацархой къастор яра турниран коьрта Iалашо. Чемпионате кхача болчу лаамо мелла а шовкъ ойъура къоначу спортсменийн.
ХIусамдайшна догIуш ма-хиллара, боккхачу кхиаме кхечира турнирехь Нохчийчоьнан дзюдоисташ. Иштта, хьалхара меттигаш ехира: Албасов Зеламхас (55 кг.), Самбиев Мохьмада (66 кг.), Тепкаев Турпала (81 кг.), Абдулкадыров Iилмана (100 кг.). Даточу мидалийн дай хилира: Хамбулатов Мохьмад, Чалаев Мурад, Тагиров ТIахIир, Исраилов Исраил.
Командашна юкъахь а хьалхарчу меттехь яра Нохчийчоьнан команда. ШолгIа меттиг ХIирийчоьнан дзюдоисташна кхечира.
Турнирехь 1–6-гIа меттигаш яьхначу спортсменаша дакъалоцур ду Ростовехь хир йолчу Ерригроссин турнирехь.
Хь.АБАЕВ
№19, шот, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2016 шо