С.Бадуевн «ЦIеран арц» повестах лаьцна

«Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь йоза а хьайн доцуш, бIарзбелла баьхна»

Оцу стихотворенин маьIнечу дешнашца боху воккхачу поэта Мамакаев Мохьмада шен къоман дIадахнарг лар йоцуш дайна дац. Дахарехь хуьлуш дерг, замано луьстуш ду, еххачу оьмарехь, амалшкахь дуьсуш ду.01

Нохчийн къам нуьцкъашха маршо дIаяьккхича а, дIаяккхалуш ца хилла паччахьан Iедале нохчашкара синмаршо а, паргIато а. ХIора а нохчичун амалехь бIенаш шерашкахь гулдина къоман яхь, оьздангалла, эхь-бехк, бакъ-нийсо лехар, харцонна дуьхьал хIотта кийча хилар. Уьш шеца доцуш хилла вац цхьа а. Маршонан туьран мукъ буйнара баьккхинехь а, шайна юкъара Iадатийн бехкамаш ларбеш, гIиллакх-оьздангалла сийлахь лоруш баьхна нохчий, паччахьан къизалла ловш. И дерриге а тIечIагIдеш доккха масал ду С.Бадуевн литературни кхолларалла. Идейни – исбаьхьаллин агIор толлур вай  Нохчийн литературин бухбиллархо волчу Бадуев СаьIида «ЦIеран арц» цIе йолу повесть. Повестан коьрта турпалхо, бехк-гуьнахь доцуш волу миска Хонмурд лоций, пурстоп волчу схьа а валавой, цунна беш ницкъ бу. Пурстоьпо шена коьртах маситтазза шед тоьхча, юьхьтIе ши куьг лаьцна Хонмурд гал а волий, цIенкъа охьавужу. Цунах пайда а оьций, гуттар чIогIа шед етта пурстоьпо цунна, шедан  бахтар хаддалц. Обаргашна кхача белла олий, хантухий, Сибрех хьажаво декъазниг.

Бадуевс повеста тIехь гойтуш ерг паччахьан зама ю. Ткъа повесть язъеш волчу авторан зама Советан зама ю. Паччахьан хьадалчаша къарбан хьийзийна нохчий, советан Iедалан, Дела воцчу йовсарша, хIаллакбеш болчу инзаречу хенахь язъйина ю Бадуевн повесть.

Исбаьхьаллин идейни тIехьажам «ЦIеран арц»  повестехь цуьнан авторна къиза паччахьан зама сирла советан хан хиллехь а, шеко йоцуш гуш дерг цхьаъ ду.

Буьйсанна хан йоцчу хенахь ша волчу биссина «кхайкхаза» хьеший, цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш Хонмурда тIелаьцна хилла. Шен ницкъ кхочу хьошалла а дина уьш дIабахийтина хIусамдас. Ткъа хууш дацара Хонмурдана, Iедало обаргашна кхача балар магош доций? Цунна дика хаьара таIзар шена хила тарлуш дуй. Амма бIенаш шерашкахь къомо сийлахь лоруш лардина Iадат – хьаша ларар, дохо ницкъ бацара Хонмурдан.  1877-чу шарахь Зандакъара Iаьлбиг-Хьаьжа имам а волуш Нохчийчохь, Дагестанехь хилла маршнонехьа болу гIаттам Iедалан эскаро къиза хьаьшна. ГIаттаман куьйгалхой схьабоьхуш, маьршачу нахана даккхий зуламаш, талораш деш хилла паччахьан хьадалчаша.

Иштта, нохчийн МахкатIе юьртана а хилла тIе таIийна инзаре тIеман ницкъ. Iаьлбиг-Хьажина уллохь лаьттина, майра бIаьхо Зумсара Дуийн Iумма МахкатIехь хьулвелла хилла. – Iумма схьало, я шун юьртах тIулга тIехь тIулг буьтур бац шаьш, – бохучу маьIнехь хилла эскаран инарло дина омра.

Цу буьрсачу омрина жоп луш, инарле аьлла МахкатIе юьртан векалша:  «Инарла, ахь наха кхочушде бохуш дерг цаьрга далуш дерг хила деза. Хьуна хууш ду тхайн хIусамех, бахамех, дайн кешнех къастар тхуна мел хала ду. Амма иза оха кхочушдо, хьан омрина муьтIахь а хилла. Амма Iумма дIавалар тхоьга далуш дац. Иза тхан хьаша лаьттина стаг ву».

БIаьрзе нана, тIетовжа стаг воцуш юьсу йоI Залуба. Набахте а, стражникийн таIзар лан шен йоцу могашалла – и дерриге а кхеташ, хууш дара Хонмурдана. Оцу декъазчу кхоже цо дуьллуш дерг, дерриге а, шен долахь дерг дара. Амма, «хьаша ларар» аьлла долу Iадат дохор цуьнан долахь а, лаамехь а дацара. ВорхIе а да – шен да вац, сийлахь нохчийн къам шен къам дац, ша Хонмурд вац бохург хир дара иза. «Хьаша ларар» дохор Хонмурдан долахь дацара. Иза хила йиш яцара. Нохчийн Iадаташ, къам хIаллакьхиларх, шен юьхь йоцуш иза даьржина дIадаларх лардина Iаш дацара. Къоман Iадаташ, уьш хиллачу-леллачу хиламийн, дахаран битамнаш, историн йозанийн хьаьркаш дара мохк дIалаьцна, дуьхьало йохийна, къоман юкъаралла хуьйцуш шайн Iедал дIахIоттийначу паччахьан хьадалчашна лууш дерг, нохчийн амалш хийцар дара.

Хонмурде  барт хоьттуш, цуьнан коьртах шед етташ пурстоп Кулдевича кест-кеста олура: «Сволочи.. звери.. я научу вас». Иза дара, цхьана Кулдевична хилла а ца Iаш, паччахьан Iедална а лууш дерг. Бехачу тIамехь гIелделла, дуьхьало яр сацийна нохчий – «Акхарой» Iамор. Хонмурдана шед еттарца а, мелчу цIийх вуьзна  аравоккхуш Хонмурд гина, пурстоьпана тIекхача а, шайн хьашташ далхо а лууш гулбелларш, цунах шен бIаьрг кхетта-кхеттарг, кхералой шозлагIа цуьнга юха ца хьожуш, бешаш чу а хебош, пенах хьерчаш, меллаша, ара а бевлла, дIабахара…».

Иштта, кхерамах хьаьрчий, сихха шен цIенна чоьхьа а ваьлла, неI тIе чIагIъян лаам кхоллар дара Кулдевична а, иза санна  болчу Iедалан векалшна а  лууш дерг. Иза дара пурстоьпа Хонмурдан коьртах шед етташ… «Я вас научу, звери». – И бохучун маьIна а. Кхералуш верг кхерош, хьаставала Iемаш верг хьаставолуьйтуш, вохкалуш верг оьцуш, къоладан луучунна къоладан гIодеш, эхь а, яхь а  йоцчунна даржан лакхе луш дIахIоттийна бара Iедалан хьадалчийн болх. Хонмурд лаьцна схьа а валийна, пурстоьпе цунна таIзар дойтуш лаьтта стражник Элберт. Иза шен дайшкахь нохчи ву. Ткъа шен амалца, сица жIалин амале вирзина стаг ву. Дена муьтIахь долу жIаьла санна Iедална муьтIахь, шен къоман гIиллакхех ваьлла, шена дуттучу доьшанах вохкавелла стаг ву. Стражник Эльберта ша бехке цахиларх пурстоп кхетавехьа, шена ницкъ ма байтахьа аьлла  Хонмурда шега дехча, цо боху: – Коьртара куй дIабаккха. Бакъдерг дийца ахь. Ницкъ бийр бац хьуна».

Шаьш пурстоьпана тIедеана гIуллакх дицделла, кхерабелла сиха шайн хIусамашка бахара нах. Шен мохк а, я паччахьан Iедал а бен доцу Мирза Кулдевичца къайлаха банк лачкъо кечлуш ву, обаргаша яьхьна сурт хIоттийна.

Цкъа экханна талла ваханчохь тила а велла, буьйсанга вахна Кулдевич а, Мирза а ханйоцчу хенахь Хонмурдан доьзал бехачу кIотара кхочу. Мирзас иза шега дийцича Кулдевич чIогIа холча хIоьттира цу доьзалан хIусаме ваха даго а ца вуьтуш, ца вахча хьоькхучу дарца юккъехь вуьсийла а хууш. «Кулдевича ехха ойла йира, ца ваха дагахь, тIаккха а: «Ну, ничего. Дуй, Мирза», – аьлла Мирза хьалха а ваьккхина, мохо ло тIедиттина, гуш некъан лар йоцчу арца тIе ший а хьалаволавелира.

Повестан автор С.Бадуев ша говза яздархо хиларе терра, дешархочунна боккха тIеIаткъам беш психологически хьал (адамийн дегнаш чохь, сица хуьлу хьал) гойтуш сурт хIоттийна кхузахь. Мел доккха зулам, йоккха харцо, къизалла а ю ша Хонмурдана а, цуьнан доьзална а йинарг дага тесна ойла еш сецирий те  Кулдевич, мискачу доьзалан гIийлачу хIусаме кхайкхаза хьаша а хилла ша ваха везий хиъча? Деган кIоргенехь адамалла меттах ца йолу те цуьнан? – дагатосу повесть йоьшучунна. Цул тIаьхьа а бIаьрзечу Банас а, цуьнан йоIа Залубас а догцIена шаьшшиъ тIелаьцча а, сискал-туьха хIоттош деган  комаьршо гайтича а, гуча ца йолу те оьрсийн хьаькаман дагчохь къахетаран ачо?

Ткъа ма-дарра хиллачу суьрто схьагойтург ирча  хьал ду. Адамалла яйна, экханан амале вахана, баркаллех цхьа а хIума шайца доцу ши йовсар, боккха тешнабехк беш ву.

Арахь шелонна цIийза шайн жIаьлеш божал чу дохка ма дезара боху цу шимма. И шиъ хIинца сискал а, кхаьрзина хIоаш а диъна, цу тIе шаьшшингахь долу къаьркъа а мелла вохвелла ву. Вовшашка бIаьцанаш а еш, оьрсийн маттахь доцца дешнаш олуш, боккха тешнабехк бан кечлуш ву шина зудчунна.

Хьалха дуьйна а, шаьшшиннан юьртара  ахчанан банк лачкъо хилла барт чIагIбеш дийцина ду  цу шиннан кхин цхьа боьха зулам.

Кулдевична чIогIа лаьа нохчийн цхьа оьзда жима зуда хьовзон. Цу тIехь Мирзас цуьнан аьтто бийр бу аьлла дийцина а ду.

Ткъа хIинца хIокху шийлачу буса, гIийлачу доьзалехь шаьшшиъ вуза а вуьзна, вохвелча, къона Залуба шена товш хетий хоуьйту пурстоьпо Мирзе, бIаьца ярца.

– УьйтIахь цхьа ханнийн божала ду тхан, чохь  гомашан ши бугIа – кIорни а йолуш, цхьана маьIIе гIодамаш а доьттина лаьтташ, – аьлла, Мирзина жоп а делла, Бана Залубе йистхилира:

– Залуба! ДIаялохьа, лампа а эций, мохе ца яйъийта тIе цхьа хIума а лаций, кхарах цхьаъ а эций, гIой божал чу дохкахьа кхеран жIаьлеш.

«Цхьаннах а беш къинхетам боцчу луьрачу мохо, йилбазан мохо хьийзо чан санна, каде кIеда ло а хьийзош, йолчу кху буса хьеший, Залуба хьалха а яьккхина, жIаьлеш а эцна, божал чу бевлира. ТIаккха Мирза, Кулдевиче кIелдIахула бIаьрг а таIийна, меллаша ара а ваьлла, божалан неI тIе а теттина, ша арахьа сецира, неIарх букъ а тоьхна.

Нохчийн къомо ворхIе а дайшкахь лардина оьздачу зудчун сий дайъира Кулдевича. Цо иза хьийзийра  «Ма хIоттаехьа со юьхьIаьржа. Яхь яц хьоьгахь» – бохуш Залубас хьоькху мохь Мирзин кхетамо схьалоцуш бацара. Цуьнан дагахь юьртан банк яра.

Цу боккхачу тешнабехко дог эккхачу хьоле йиначу Залубас карара охьатесна лампа гIодамех цIе латош йоьхнера. Амма тешнабехк бина шиъ кхин юха хьожуш воцуш, шайн жIаьлеш а эцна, сиха дIавахара, шаьшшинна тIаьхьа сиха орца ца даккхийта, божалан неIарх цхьа дечиг а гIортийна». «Акхачу» ламарошна цивилизации а, оьздангалла а йохьуш деанчу паччахьан Iедалан лакхарчу хьаькамех (пурстоп) волчу Кулдевича нохчийн зуда хьайбанан меха а ца лоруш хьийзор, ницкъбар повесть ешархой тешош, хила тарлуш хилар къобалдеш дуй ткъа?

Россин паччахьан Iедал нохчашна тIечIагIделла лаьттина 60 шо гергга йолчу хенахь. Оьрсийн Iедалах лакхарчу хьаькамийн куьйгалла а, церан лай хилла мохк бохош шайн хирг деш хилла нохчий а, генарчу Россехь шайн миска доьзалш битина нуьцкъашха кхуза балийначу муьжгийн дахарх дерг дийцаршца дика девзина хилла нохчашна. Оьрсийн декъазчу муьжгашца хIумма а дозуш доцчу паччахьан гуонийн юкъаралла (дворянаш, баринаш, тIеман эпсарш Iедалан цIуьхIарш) оьрсийн къехошна тIехь шаьш латтош дерг, нохчашна тIехь а латто лууш хилла.

«… Иштта луьрачу кху буса цхьаннах беш къинхетам боцчу мохо йогучу гIишлош тIера цIе, ловзош, стигала хьала а йохуш, тIаккха  массо а маьIIе идош, лекха арц сирла а бохуш, гIийла гIишлош буьйсанна яьгна евлира. Хонмурдан доьзал а, гIийла бахам а, йоллучу а гIишлошца ягар  хIун бахьана ду гуонахарчу ярташкарчу нахана ца хууш дисира. Цу хьокъехь, шайна хеташдерг дийца нах гулбира цIе яьллачу орца тIе Iеламнаха. Моллас бинчу хьехамехь кхеташ дац хилларг хIун ду.  Амма моллас боху – жинаш баккъал долуш хиларх тешаш хила деза. Цунах ца тешар Делан жайнах ца тешар ду. Делан жайнах цатешар пайхамар бакъ ца вар ду. Пайхамар бакъ ца вар Дела вац бахар ду. Дала лардойла вай цунах. Кху орца тIехь тIом хилла бусалба а, керста а жинийн. Цу тIамехь вовшашна кхийссинчу алунех яьлла хIара цIе». Орца тIе цIе яларан бахьана моллас жинийн тIом хилла бахар, цу къамелах нах кхерабалар, Хонмурдан доьзалах хьаьрчина цхьа Делан гIуда хилла алар моллин сий лахдеш, Iеламнахах ешархочун бIаьрг бадош  муххале а дац. Мелхо а Iеламнахана доцург, хила йишйоцург тIе кхоллар санна схьалоцу ешархочо.  Къобалдеш, бакъхеташ схьалоцу ешархочо моллас аьлла Къуръанна тIехь жинаш хьахийна хилар. Къуръан пайхамаре Дала доссийна хилар. Дела  хилар. И дерриге а бакъдерг хиларх ешархо дика кхеташ а, тешаш а ву. Повестан автор волчу Бадуев СаьIида ша советан Дела воцчу Iедалан куьйга кIел хиларе терра дина бахьана ду Iеламнах, молла емал ван гIортар. Амма автор цу Iалашоне кхаьчна вац.

КхидIа доьшу вай повеста тIехь: «Кхо шо даьллачул тIаьхьа, тоххара Хонмурд лацале, мац а велла, и волчу воьссинчу шина обарга, Хонмурд, шайна кхалла хIума ялар бахьана долуш, Сибрех вахийтиний а хиъна, Кулдевич боху пурстоп вен гIерташ, дикка къахьийгира…».

Вайна хууш ма-хиллара, Кулдевич вен а вийна, цунна тIера герз схьаоьцуш воллуш стража тIе а кхочий, и ши обарг лоцу. Хан  а тухий Сибрех вохуьйту. Цигахь цу шинна Хонмурд караво.

Иштта болчу чулацамца повестан автора дог иккхина Хонмурд валарх хаам бар башха доккхачу маьIне а дац. Мехала маьIна ду Бадуевс обаргаша шайна динчу диканна дуьхьал Хонмурдана диканца бекхам бар. Нохчийн вовшашца йолчу юкъаметтигийн, уьйрийн юкъаралло сий-ларам беш, историн еххачу хенахь кхоллабелла, къомо къобалбеш, лоруш, ларбеш билгалбина гур (гуо) бу. Оцу гуонна юкъахь стеган сий-оьздангаллин бустам хилла лаьтташ ду стага шена дика динчунна дуьхьал дика дар а, вуон диначунна бекхам бар а. Иза массо а яхь йолчу нохчичо шен декхар лоруш тIеэцна а, лоруш а ду. Нохчийн ондачех и Iадат гайтина повестан автора обаргаша шайна тIехь боккха кхерам латтахь а пурстоп вен гIерташ къахьегарехь.

«ЦIеран арц» повестан идейни-исбаьхьаллин мехалла къастош, жамI даран кепехь ала лаьа: Нохчийн Советан литературин бухбиллархо волчу Бадуев СаьIида шен ерриге а кхоллараллехь хIоттош йолу Iалашо советан Iедалан идеологин тIехьажам хестош нохчийн Iадатийн «эрчаллаш», динах тешаран «харц мехаллаш», паччахьан заманан къизаллаш Iораяхар, цаьрга цабезам ешархочун дегнаш чохь кхоллар хилла.

ХIокху вай йийцаре еш йолчу «ЦIеран арц» повестана хьалха а С.Бадуевс даррехь хIиттош большевикийн идеологи хилла. Нохчий литературина тIехь болчу Советан махкахь а санна, большевикийн атестически (Дела вац бахаран) къоман «мостагIий» Iорабахар коьрта Iалашо хилла. Оцу политикина жоп луш паччахьан Iедал, шира Iадаташ, молланийн бодане хилар гайтар идейни декхар долуш ю повесть,  С.Бадуевс даррехь хIоттийначу Iалашоне хьаьжча.

Амма повестан автор шен Iалашоне кхачавелла цахилар гуш ду. Цуьнан бахьана ду нохчийн къоман, бIенаш шерашкахь сих, дагах, цIийх, кхетамах дIаийна сийлахь ламасташ, адамаллийн битамаш Бадуевн дог-ойланехь а бехаш хилар. Шен исбаьхьаллин корматаллех пайдаэцарх, мел чIогIа Iедалан къизаллех ларвала гIортарх Бадуевн ницкъ ца кхаьчна, эхь-бехкан дозанаш хадо. Яхь йолуш верг, оьзда верг, гIиллакхе верг, къонаха верг ма-варра схьагайтина Бадуевс, Хонмурдан, цуьнан доьзалан, обаргийн васташкахь. Иштта, ма-дарра гайтина осалчийн васташ а: Кулдевичан, Мирзин, Элбертан амалш ястарца. Повестан чулацамехь ешархочунна беш болчу тIеIаткъамехь йоккха меттиг дIалоцу Iаламан сурт хIотторо, турпалхойн Iер-дахаран хьелаш, этнографин башхаллаш гайтаро, повестан турпалхойн леларш, церан духарш, юхь-сибаташ билгалдаро. ЧIогIачу шелонехь буьйсанна арахь висина пурстоп а, Мирза а, цхьа совнаха хеттарш дар доцуш, йоккха догдикалла гойтуш, комаьрша бу Хонмурдан доьзал, царна хьошалла деш. Хьешех эхь хетаро сецайо бIаьрзе Бана шен доьзалан гIайгIа ма-ярра елха ца еш.

Хонмурдан доьзалан хIусам-бахам гайтина автора, муьлхха а оьзда, къинхетаме стаг воьлхур волуш. Иштта гIийла а, беркъа а бу пурстоьпе шайн хьашташ далхо баьхкина юьртахой.

Ткъа дашо погонаш, къаьрзина яьлла юьхь йолу пурстоп, яккхий цергаш, йоккха бат, лекха дегI долу шен эхь ца хетарца вела а къежаш волу Мирза а вац мискачу нахах тера. Пурстоьпан жIаьла хилла стражник Элберт лаьтта шен чоийца нийсса охьа дахийттина куьйгаш, лаьцна валийначу Хонмурде лохачу озаца куй дIабаккха бохуш. Гуш ду повеста тIехь паччахьан Iедалан олалло  ницкъ бина а, гIелдина а нохчийн адамаш. Церан беркъа духар, балхо Iарждина куьйгаш, лоха а, гIийла а хIусамаш. Цкъа Бадуевн кхоллараллех лаьцна ша  динчу къамелехь, вевзаш волчу яздархочо Бексултанов Мусас элира: – Суна хетарехь, воккха яздархо Бадуев СаьIид Советан Iедало 1937-чу шарахь лацаран а, иза хIаллакваран а коьрта бахьана ду цо язйина нуьцкъала «ЦIеран арц»  повесть. Баккъал а, ойла йича, дукха ду повеста тIехь Советан Iедална дезалур доцуш хIуманаш. Схьаоьцур вай царех масех. Пурстоьпана хьалха кхера а велла лаьттачу Хонмурде боху стражника Эльберта: «ДIабаккха хьайн коьртара куй». Паччахьан заманан эзар шарахь дуьйна а схьадогIуш «гIиллакх» хилла хьаькамна хьалха, шаьш хIоьттича хуьлда иза барин, дворянин, тIеман эпсар, кортош дерзина даха дезаш хилла, къахьега бен кхин бакъо йоцчу лахарчу  наха. Ткъа и паччахьан Iедал дохош тIедеанчу Советан Iедалехь 60 шарахь сов лаьттира, муьлхха а цхьа зулам дина хан тоьхначу наха, шайна тIехIиттийнчу эпсаршна хьалха коьртара хIума дIаяккха декхар хилар. Хууш дацара С.Бадуевна ша хесточу большевикийн Iедало бехк белахь а, бацахь а лаьцначу нахана ницкъ бой. КулдевичгIара-м еттий а, дабагIа дой а вуьтуш хилла. Ткъа НКВД-н чагIалкхаша нохчий а, нохчий боцурш а бойъуш а, хьераца охьуш а хилла. Кхиэл яр а, таллам бар а доцуш тIепаза нах бойъуш хилла.

Иза шена хуушехь хIунда гайтира цо пурстоьпо Хонмурдана ницкъ беш?

Паччахьан заманахь шен са дадийна лелачу стагах обарг олий а, изза Советан «бакъо» ларвечара  олий а ца хаьара Бадуевна? Цул сов, обаргана кхача балар, иза чу веача хьошалла дар паччахьан Iедало санна, Советан йовсарша а зулам лорий хууш дацара Бадуевна?

Паччахьан Iедална бохкабелла церан цIуьхIарш хилла, шайн къам дохка а, дайъа а кийча Мирза а, Элберт а, уьш санна берш а гуча хIунда бехира повестан автора? Хууш а, гуш а дацара цунна Советан, Дела воцчу Iедална, бохкабелла ца Iаш, большевикийн лайш а, муьтIахь жIаьлеш а хилла дукха нохчий хилар? Цара хIора а дийнахь бойъуш, хIаллакбеш нохчий буй?  Уьш дерриге а Бадуевна дика хууш а, гуш а дара. ХIунда йира цо ша шена кхиэл? ХIунда кхоьссира цо шен цIена дог чалтачийн тоьпийн цхьамзанаш тIе?

Иштта дуккха а долчу хаттаршна Бадуевн «ЦIеран арц» цIейолчу повесть ешархоша шаьш лур ду жоп, шайн хьекъале а, кхетаме а хьаьжжина. Сайна хеташ дерг ас аьлча, Бадуев СаьIид  нохчийн къоман амал тIехь хьалакхиъна, шен сих а, дагах а нохчалла дIадаккхалур долуш кхиъна кIант хилла. Кхоллараллин декъехь доккха похIма а, буста йиш йоцуш шен къоме безам а болуш  яздархо хилла.

Къоман оьздангалла, сийлалла кхайкхо шегахь яздархочун говзалла хиларе терра, боккха лаам хилла цуьнан яздан, литературехь къахьега. Амма цо юьхьарлаьцначу халчу новкъахь иза юкъа воьллина ондачу кохьаран шина тIулго.  Цуьнан деган а, син а хьашто нохчалла хилла. Ткъа важа, цхьа а адамалла шеца йоцу, бакъдерг, нийсо, оьзданиг, цIенаниг шен цIоканан массо а чоца цадеза, Советан Iедал хилла.

ДоьгIна ца хилла Бадуевна оцу шина тIулга юкъара вала. Къомо шен дахаран оьмарехь кхоьллина, Iамийна, сийдина оьзда гIиллакх, хьаша лоруш, цунна комаьрша сискал хьалха йиллар дохо тарлуш вара повестан турпалхо Хонмурд. Цунах терра ву повестан автор Бадуев СаьIид. Бадуевн деган а, син а хьашто тоьлла Iожаллин кхерамал а. Цуьнан дегIан чарх къизачу дIаьндаргаша ягийна. Ткъа мокхазан суйнаш санна цуьнан дагах схьадийллина сирла хьосташ, яхь йолчу тIаьхьенийн хьогалла йойъуш Iенар ду вайн къам мел деха.

 

И.АТСАЛАМОВ

№19, шот, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: