Страхови такхарш ца дича ца довлу

  Нагахь санна ша цхьаъ болх беш хилла предприниматель болх беш волчуьра сецча, Россин Пенсионни фондан Нохчийчохь йолчу урхалле страхови взносаш дIаяла езий цо? 2016-чу шарахь ялар тIехь долчу страхови взносийн барам мел бу? Векалйинчу органашка дIаяла езаш ерг хIун отчет ю, финансийн «мохь» муха лахбан беза?  Оцу а, кхечу а хаттаршна жоьпаш ло Нохчийн Республикин хьакъволчу юриста, Россин  Пенсионни Фондан Нохчийчохь йолчу Отделенин юридически отделан хьаькаман заместитела I.Хасановс.original

   Яр тIехь долчу пенсионни страхованина Пенсионни фонде дIалуш йолу страхови взносаш бюджетан йоцчу фонде деш долу персонифицированни такхарш ду. Уьш данне а юкъадогIуш дац декхарш дIатакхаран кхетамна я кхечу такхаршна. Законашца чIагIдина ду яр тIехь долчу пенсионни страхованина страхови взносаш хIиттор. Уьш яр хIоранна а тIехь ду. Церан Iалашо ю яр тIехь долчу пенсионни страхованихула йолу гражданашна яр тIехь долу страховани ярна кхачояр.

Меттигаш нисло индивидуальни предпринимателан болх са ца йолуш хуьлуш. Масала, бизнес дIайолийначу юьххьехь я болх дIаболийначу юьххьехь цкъа йохк-эцар дарна тIехь сецна гIуллакх. Дукхах болчу предпринимателийн ишттачохь ойла кхоллало: «Суна са ца хилла, делахь-хIета налог яла а ца еза». Предпринимателан болх ца хиллехь, налогийн инспекци отчет ца ло, луш хилча а «нулевой» отчет ло. Расчетни счетехула йина харжаш ца хилча, цхьана а тайпа взносаш яла а ца оьшу. Иза иштта ду аьлла хетар харц ду.

Иштта, аьр вай, «Россин Федерацехь яр тIехь долчу пенсионни страхованин хьокъехь» долчу 2001-чу шеран 15-чу декабрехьлерчу №167–ФЗ йолчу Федеральни законан лехамийн нормашца нийса а догIуш, страхови взносаш дIаяларан декхар тIедужу предприниматель санна налогийн инспекцехь хьесапе эцначу дийнахь дуьйне, дIа а долу и хан чекхъяьлча, аьлча а, индивидуальни предпринимателийн цхьааллин пачхьалкхан реестрана юккъера дIаваьккхича. Страхови шарна взносаш дIаялар тIехь ду берриге а предпринимательшна, налог тохаран муьлххачу а системех пайдаоьцуш хиларх. ГIуллакхдеш долчу законодательствоца билгалдеш дац дар тIехь долчу такхарех страхови взносаш дIаялаезачарах цхьа а кIелхьара валийтар. Цундела страхови взносаш дIаяларан декхар тIехь дуьсу предприниматель пенси оьцуш велахь а, я кхечанхьа балха хIоьттинехь а, кхунна болх беллачо кхуьнан белхан алапа тIера шен-шен хенахь ПФР дIалуш взносаш  елахь а. Изза лехам бу «Россин Федерацин Пенсионни фонде, Россин Федерацин социальни страхованин фонде яр тIехь долу медицинин страховане страхови взносаш яран хьокъехь» (кхидIа – №212–ФЗ) долчу 2009-чу шеран 24-чу июлехьлерчу №212–ФЗ йолчу Федеральни законехь а, «Индивидуальни предпринимательшна а, физически яххьашна а пачхьалкхан регистраци яран хьокъехь» долчу 2001-чу шеран 8-чу августехьлерчу № 129–ФЗ йолчу Федеральни законехь а. Оцу законца билгалдоккхуш ду пачхьалкхан регистраци йина де пачхьалкхан регистраци еш йолчу органо хьокъала йоллучу пачхьалкхан реестрехь цу хьокъехь йоза дина де.

Делахь-хIета, индивидуальни предпринимателан статус билгалйоккху регистраци ечу органо индивидуальни предпринимателийн цхьааллин пачхьалкхан реестрехь (ЕГРИП) йоза динчу денца. Реестрехь йоза до регистраци яран органе стага чуделлачу заявленица. И заявлени Россин Федерацин Правительствон кхочушдаран Iедалан федеральни органан векала чIагIйинчу кепехь хила дезаш ду.

Цу тIе а доьгIна аьлча, цхьана, шина шарахь я цул алсам йолчу хенахь отчет дIа ца елча налогови инспекцин территориальни органехь предпринимателан тоьшалла ша-шаха юкъара дIадоккхур ду бохуш Iен мегар дац. Пенсионни страховане взносаш ца луш Iарх гIуллакх ца хуьлу. Предприниматела заявлени яздичий бен налогови инспекцехь регистраци йинчуьра дIавоккхуш вац. И ду тидамехь латтон дезаш. Страхови взносаш дIаяларехь долу декхар бахьана дац индивидуальни предприниматель болх сацийна хиларан хьокъехь пачхьалкхан регистраци ярна. Предпринимателан тоьшалла дIакъовларна ши документ бен оьшуш дац: предпринимателалла лелор сацорца доьзна индивидуальни предпринимателан пачхьалкхан регистраци сацоран (дIаяккхаран) хьокъехь заявлени: законца билгалбинчу барамех пачхьалкхан пошлина дIаяларан хьокъехь квитанци.

Нагахь санна индивидуальни предприниматела цу хьокъехь йолу шен статус дIаяккхийтарехь а, векал йинчу органехь регистраци дIаяккхарехь а гIуллакхаш ца динехь, цунна тIехь дуьсу ПФР хIора шарахь взносаш дIаялар. ГIуллакхдеш долчу законодательствоца нийса а догIуш, 2014-чу шарахь дуьйна индивидуальни  предпринимателан «ша шех» дIалучу страхови взносийн барам дуьххьалдIа боьзна бу цунна тIебогIучу пайданех. Налог тохаран системе хьаьжжина, шарахь хуьлуш болчу пайданан барам билгалбаккхар тайп-тайпана хуьлу. Налог тохаран тайп-тайпана раж ийна хилахь, хIора рожаца хилла пайданаш тIекIалтуху.

Билгалдаккха деза 300 000 соьмал алсам болчу пайданна тIера страхови взносаш чекхбаьллачу муьрал тIаьхьа богIучу апрель беттан хьалхарчу дийнал тIаьхьа доцуш дIаяла езаш хилар. Вуьшта аьлча, 2015-чу шарахь 300 000  соьмал алсам ахча даьккхинчу предпринимательша страхови взносаш шина муьрехь дIаяла еза. МРОТ (къинхьегамна ял яларан лахара барам) лерина взносаш карахь долчу шеран 31-гIа декабрь тIекхачале дIаяла еза. Лимитал лакхара долчу ахчанах 1 процент лоруш долу такхаран шолгIа дакъа шолгIачу шеран 1-ра апрель тIекхачале дIадала деза.

Нагахь санна билгалйинчу хенан тIаьххьара де мокъа я дезаде нислахь, тIаьххьара де лору цул тIаьхьа догIу белхан де (№212–ФЗ 4-гIа ст.).  Цу тIе законо доьхкуш дац билгалйина взносаш дакъошкахь шеран дохаллехь дIаялар (хIора баттахь я хIора кварталехь).

Цу тайппана, страхови взносаш дIаяла езаш ю предприниматель предпринимателан болх беш хиларх я цахиларх а, цунна пайда хиларх я цахиларх доьзна доцуш. Буьззина боцчу баттана бинчу белхана страхови взносийн барам билгалбоккху оцу беттан деношкахь бинчу балхе хьаьжжина. Цу тIе, №212–ФЗ йолчу законан 4-чу статьян 2-чу декъаца нийса а догIуш, гIуллакх дIадолийна де ца лору регистраци йина де, беттан цул тIаьхьа догIучу денна тIера дIалору болх бан волавелла де.

Лакхахь аьлларг догIуш ду болх сацорца а. Индивидуальни предприниматела шен болх кхоччуш сацийначул а, пачхьалкхан регистраци йина хилар дIадаьккхинчул а тIаьхьа бен тIера долуш дац царна пенсионни страхованин страхови взносаш яран декхар (№212–ФЗ Законан 14-чу статьян 4.1-гIа дакъа).

Предпринимателийн бакъо ю хIокху хьелашкахь страхови взносаш ца ян: эскарехь гIуллакхдечу хенахь, беран 1,5 шо кхаччалц цуьнга хьожучу муьрехь, цхьамогIа кхечу а хьелашкахь (№212–ФЗ Законан 14-гIа статьян 6-гIа дакъа), цаьрца предпринимателан болх бар сацийна  хилар лоруш дацахь а.

2005-чу шеран 15-чу апрелехьлерчу №164-О йолчу шен Билгалдарехь, Конституционни суьдо билгалдоккхуш ма-хиллара, индивидуальни предприниматель хиларе терра гражданинна законца билгалйина пачхьалкхан регистраци яро цунна хьахийначу статусца йоьзначу бакъонех а, чIагIонех а пайдаэца таро елла ца Iаш, цунна тIе хьокъала доллу декхарш а дохку, цу юкъахь – цу тайппана болх баран, налог такхаран, РФ-н Пенсионни фонде страхови взносаш дIаяларан бакъенаш ларъяран тIелацамаш кхочушбаран декхарш а. Пачхьалкхан  регистраци яр заявлени яздарца дIахьош ду. Вуьшта аьлча, регистраци яран орган яц, ткъа ша гражданин ву ша ден долу гIуллакх къастош верг, и гIуллакх дIакхехьа шен бахам, ахча, говзалла ю-яц къастош верг, индивидуальни предпринимателан статусо тIеэгош долу декхарш дIакхехьа, кхочушдан шен хьуьнар хир ду-дац къастош верг.

Индивидуальни предприниматель ву аьлла регистраци йина волчу, амма предприниматель болх беш воцчу гражданинан, законодательствос чIагIйина, бакъо ю муьлххачу хенахь а ша болх беш ца хиларан хьокъехь регистраци ечу органе заявлени яздан а, оцу бакъонех пайдаэца а, шена тIера тIелацамаш дIабаха а, шена тIехь долчу декхарех паргIатвала а.

Дийцинчун жамI деш билгалдаккха деза, Россин Федерацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолу Отделени – Пачхьалкхан учрежденис Iалашонна тIехьажийна а, леррина а болх (дуккха гIуллакхаш) дIахьо шайн белхахошна хьалха пенсионни тIелацамашкахула долу болх луш болчеран жоьпалла лакхадаккхарна тIехьажйина. Ша аьлча, шайн белхахойн пенсионни бакъонаш кIоршаме талхор могуьйтург цахилар дIахаийта гIерта Отделенин говзанчаш болх луш болчарна, декхарш токхуш боцучарна, пенсионни страховани ярехь ледарлонаш йовлуьйтучарна.

 

С.ХАМЗАТОВ

№19, шот, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: