ДIадахначу шарахь болх кхачаме бина

Невран районерчу Социальни кхиоран а, къинхьегаман а отделехь Х.Лукаеван куьйгаллехь 2014–2015-чуй шерийн гIуллакхийн планаца нийса а догIуш, дIабаьхьира дIадаханчу шарахь коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьарна лерина болх. 4_6

  Коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьарна лерина гIуллакхаш шен-шен хенахь кхочушдарна тIехь терго латтайора билгалъяьккхинчу отделан куьйгалло. Оцу отделан таханлерчу дийнахь шен официальни сайт яц. Къинхьегаман отделан белхахоша дIадаханчу, 2015-чу шарахь, хIокху категорешна юкъабогIучу нахана гIо-накъосталла дина: Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна, заьIапхошна, бисинаIачу зударшна, политикин таIзарш лайначарна, къинхьегаман ветеранашна, тылан къинхьегамхошна, бIе шаре бевллачу нахана, Чернобылехь хиллачарна, Кадыровн орденца совгIат диначарна, буоберашна, хала бохкучарна, сийлаллин доноршна. Оцу хIора а категорерчу нахана хIора баттахь ахчанаш, компенсацеш делла, цу юкъадогIу хIусаман-коммунальни хьаштех ахча дIадалар а.

Отделехь кхоьллина массо а тайпа аьттонаш бу цундела нехан таро хуьлу шайна хааеллачу муьлххачу а коррупцих хьокъала йоллучу органашка хаам бан (цу юкъахь «Iер-дахаран» коррупцих а).  Гуттар а болх беш ю «тешаман» телефон а (белхахоша коррупци яр хааделча, нехан зIе тоха аьтто хилийта). Бахархоша телефонехула деш долу аьрзнаш тIеэцарна жоьпалле вина стаг ву. Зала чохь гуччу меттехь дIатоьхна ю сагатдийриг дийца а, хаттарш дан а йиш йолу телефонан номерш, «тешаман тIорказ» а ю нехан латкъамашна йиллина.

2015-чу шарахь, отделан белхан тобанан кхо кхеташо дIаяьхьна. Цигахь дийцаре дина коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьарна леринчу гIуллакхашна жоьпаллех болчу белхахоша шайн болх кхочушбарх а, иштта, социальни хьашташ кхочушдарехь коррупцина дуьхьал долу законаш кхочушдарх а лаьцна.

Белхан тобанан хьалхарчу кхеташонехь тIеэцначу сацамца билгалдина ду белхахошна юкъахь кхеторан белхаш дIабахьар чIагIдар а, царна коррупцин хьокъехь долу законаш довзийтарна коьрта тидам тIе а бохуьйтуш, кхетош-кхиоран болх жигарбакхар а, иштта, нахана юкъахь коррупци ца хилийтарна лерина хаамийн-пропаганда  дIаяхьар а.

ШолгIачу кхеташонехь Х.Лукаевас дийцира социальни такхарш билгалдахарехь коррупци ца хилийтарна а, «Iер-дахаран» коррупци лахъярна а лерина гIуллакхаш кхочушдарх лаьцна.

ДIадаханчу шеран шолгIачу кварталехь белхан тобано «Муха ян еза коррупцина дуьхьало» аьллачу темина «горга стол» дIаяьхьира. Цигахь  Х.Лукаевас, коьртачу декъана, билгалдаьккхира кхаъ  эцарна гIуда тухуш хилар а, 15 шаре кхаччалц хан тухуш набахте вуллуш хилар а.

– Коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьарна лерина мониторинг дIаяьхьна оха, «Iер-дахаран» коррупци юкъа а лоцуш. Иштта, тхаьш беш болу болх кхиаме хилийта, нехан леткъамийн а, дехарийн а регистраци яран журнал долийна. Бакъду, дIадаханчу шарахь коррупци йина аьлла районан социальни кхиоран а, къинхьегаман а отделера цхьа а кехат ца деана тхоьга. Оха гуттар а семинаран кепехь коррупцина дуьхьало ярна лерина профилактикин белхаш дIахьо коллективехь. ХIора кIирнах районан администрацин куьйгалхочуьнца ярташка дIа а доьлхуш, нах тIеэцаран белхаш дIахьо, цигахь коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьарх лаьцна дуьйцу. Юкъараллин организацеша а дакъалоцу коррупцина дуьхьало ярна леринчу гIуллакхашкахь. Кест-кеста цхьаьнакхетарш дIахьо районан къедица, маьждигийн имамашца, – бохура Х.Лукаевас.

Хь.БАХТАЕВА

№19, шот, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: