Адамашна хетарг хьесапе а оьцуш тобийр бу болх

ГIаланийн округийн а, муниципальни районийн а шаьш урхалла даран меттигерчу органаша беш болчу белхан санехь хиларан мах хадоран хьокъехь  Россин Президентан В.Путинан а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а цхьадолчу указашкахь дина тIедахкарш кхочушдаран Iалашонца хIора шарахь 1-чу февралера 1-ра март кхаччалц болчу муьрехь Нохчийчоьнан экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствос республикехь дIахьо   шаьш урхалла даран меттигерчу органаша беш болчу балхах лаьцна бахархошка хаттарш дар.

Оцу декъехь долу хьал ма-дарра довза таро а хуьлуьйту  адамех иштта дагадовларо. Цара оцу органаша деш долчу гIуллакхийн санехь хиларан хьакъ боллу мах хадийна ца Iаш, шаьш реза хилларг, диканиг, пайдехьниг  билгалдаккхарца цхьаьна тидам тIебохуьйту церан балхахь хIинца а долуш долчу кхачамбацаршна, гойту уьш нисдаран некъаш.

Шен балхахь дакъалоцуш регионан муниципальни цхьаьнакхетараллийн куьйгалхой а болуш, хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела – экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Магомадов Iабдуллас дIаяьхьначу кхеташонехь стохка бахархошка дина хиллачу хаттарийн буха тIехь жамIаш дира шаьш урхалла даран меттигерчу органаша бинчу белхан. Ведомствон куьйгалхочо а, къамелаш динчара а билгалдоккхура лахарчу тIегIанан Iедалан органаша оцу муьрехь шайн болх тобарна тIехьажийна цхьамогIа гIуллакхаш дина хилар, тидамза ца дитира кху шарахь къастийна цхьалхадаха дезарш а.

И болх кхиамца дIахьош бу кху шарахь а. Иза чIагIдира кхеташонехь  доклад еш юкъаваьллачу ведомствон мохк кхиоран департаментан директора Ахаев Бекхана. Цо  тахана дIахьош болчу оцу белхан хьалхарчу итт дийнахь дан кхиъначун юьхьанцара цхьадолу жамIаш дира цунах лаьцна бахархошка динчу хаттарийн а, цара деллачу жоьпийн а. Тидам тIебахийтира гIаланашкахь а, районашкахь а,  ша-ша къастош схьалаьцча анкеташ хIитторехь адамаша гойтуш йолчу жигараллина, хаттарш дIадахарх лаьцна бахархошка хаамаш барна тIехьажийна шаьш урхалла даран меттигерчу органаша деш долчу гIуллакхашна. Иштта билгалдоккхура дийнна схьаэцча и  кампани карарчу муьрехь кхиамца дIахьош хилар.

Министерствон пресс-службо бечу хаамца, кхеташонехь администрацийн куьйгалхошца иштта дийцаре дира бахархойн пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташ кхочушдаран, республикехь дуккха а агIонаш йолчу туьшаша деш а, дан лерина а долу гIуллакхаш. Беш болчу белхан юьхьанцара жамIаш дарца цхьаьна билгалдехира герггарчу хенахь къастийна цхьалхадаха дезаш долу гIуллакхаш а, кампани кхиамца чекхъяккхарца доьзна  кхочушдан дезаш долу декхарш а.

Л.АБУБАКАРОВ

№19, шот, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: