Нохчийн Республикерчу МЧС-н белхахоша HD-видеокамерца йолу «квадрокоптер» беспилотник (муьлххачу а хиламера карарчу хенахь хуьлуш долу сурт схьагойту цо) ялор ю шайн балхана юккъе.
«Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллехь хIинца шиъ «квадрокоптер» ю. МЧС-н белхахойн лахаран-кIелхьарадахаран а, хьаннашкахь цIерш яйъаран а белхаш аттачу дохур ду и аппарташ хиларо. ХIунда аьлча, цара бохам хиллачу меттера сурт ма-дарра схьагайтича, оцу хьелашкахь мел ницкъ оьшу а хууш, бахарахой а, латтанаш лардаран хьокъехь гIуллакхаш каде дIадахьа аьтто хир бу тхан», – хаам бо Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин официальни сайта тIехь.
Квадрокоптерин сихалла сахьтехь 56 километр ю, геналла – 2 километр. Батарейка 23 минотехь лаьтта. Навигаци хилар бахьана долуш ша хьалагIаьттинчу метте юха схьайогIу иза.
Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллина юкъайогIучу халачу хьелашкахь урхалла даран туьшерчу шина говзанчаша авиацин-кIелхьарадахаран туьшахь и аппараташ караерзош курсаш чекхяьхна. Герггарчу хенахь «квадрокоптершца» белхаш дIаболор бу цара.
Хь.ЭЛЬБЕРТОВА
№19, шот, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2016 шо