Хонкарарчу Анкара шахьарахь тIаьхьий-хьалхий ши теракт йина. Оцу бохамехь 35 стаг кхелхина, 60 сов стагана чевнаш хилла. Теракт ярх долу жоьпалла цхьамма а тIе ца эцна.
***
Хонкаран Президента Р.Эрдогана Анкарахь динчу зуламна бехке бина Шемара курдийн тIемалой. Цунах бахьана а даьккхина, «Иблисан пачхьалкхана» дуьхьал тIом беш болчу цаьрга тIом хьебан дагахь ву иза.
***
Шемарчу «Иблисан пачхьалкхана» дуьхьал къийсам дIабахьаран сурт хIиттош болчу коалицин ницкъаша (США коьртехь йолуш) бомбанаш, ракеташ тоьхна маьрша нах бехачу меттигашка. 40 гергга шемахо вийна.
***
США-с а, Къилба Корейс а КНДР-на дуьхьал санкцеш йина. Цу тайппана санкцеш юкъаяло бакъо яц ООН-н Кхерамазаллин Советан бен.
***
Брюсселехь Евросоюзан рогIера саммит хилира. Цигахь вовшакхеттачу 28 пачхьалкхан векалша дийцаре дира Великобританин куьйгалло Евросоюзана реформаш яр тIедожош долу гIуллакхаш.
***
Ганехь боккха некъан-транспортан бохам хилла, пассажирийн автобусна тIе машен а тоьхна. Оцу бохамехь 70 гергга стаг кхелхина, лазийнарш а бу.
***
Лондонерчу лакхарчу Суьдо схьаэцна Россис Украинера 3 миллиард доллар схьадехаран хьокъехь йолу иск. Россин газах гIуллакхдарх, пайдаэцарх Украино схьадала дезаш долу ахча ду иза.
***
Ирано а, Россис а куьйгаш яздина Тегеранна «С-300» ракетийн комплексаш йохкаран хьокъехь болчу бартана. Бартаца билгалйоккхуш яц уьш йохка еза хан.
***
Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира буьрканца хоккей ловзаран дуьненан чемпионатехь толам баьккхинчу Россин вовшахтоьхначу командин декъашхошца.
***
Премьер-министра Д.Медведевс стомара дIаяьхьначу правительствон кхеташонехь дийцаре дира карарчу шарахь экономикин декъехь кхитIе а дан деза гIуллакхаш. Уьш дIадахьарна 880 миллиард сом къасто дагахь ю правительство.
***
Вайн мехкан ФСБ-н белхахоша хIокху деношкахь схьалаьцна «Иблисан пачхьалкхерчу» террористашна харц документаш кечдеш хилла 14 стаг. Царна юкъахь хилла теракташ ян кечлуш болу зуламхой а.
***
Россин МЧС-н машенаша хIокху деношкахь Донецкерчу а, Луганскерчу а бахархошна дIакхачийна рогIера гуманитарни гIо.
№19, шот, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2016 шо