ХIокху деношкахь С.Михалковн цIарахчу берийн республикански библиотекехь Гайтукаева Банин 55 шо кхачарна лерина дагалецамийн суьйре хилира. Цигахь дакъалоцуш бара Соьлжа-ГIалин №20 йолчу школин лакхарчу классийн дешархой. Дешархоша Гайтукаева Банин кхолламах а, кхоллараллах а лаьцна дуьйцуш, дика кечамаш бина хилар гуш дара суьйре йолалушшехь а. Бераш, шина тобане декъа а делла, Б.Гайтукаеван кхоллараллех долчу шайн хааршна тIехь къовсаме девлира. Библиотека чохь проекторан гIоьнца Банин суьртех вовшахтоьхна слайдаш гайтира. Уьш Банин бераллах, къоначу шерех боьзна яра. Библиотекарь йолчу Хажаева Дешис оцу библиотекин директоран Сайдумова Зулайн тIедилларца берашца даггара къахьегна хилар хаалора. Иштта, лакхахь хьахийначу №20 йолчу школин 7-чу «А» классан дешархочо Хадисаева Мединас Банин байташ тIехь яьккхина «Цхьа минот» цIе йолу йиш лекхира. Банин кхолларалла езачарна къаьсттина дагах кхеташ долчу «Хазахь со, сан ваша» («Услышь меня, брат») дийцарна тIехь хIоттийна инсценировка гайтира похIмечу дешархоша. Ткъа оцу суьйренан дакъалацархошна тайнарг дара – оцу бераша, Бана евзаш хиллачаьргара, цунах лаьцна хаттарш деш, кечйина. Царна юкъахь ду Банин вешица Гайтукаев Iальвица дина къамел. «Бана жима йолуш чIогIа самукъане а, массаьрца гергарло лело лууш а йоI яра. Тхан чохь нохчийн мотт боцург кхин бийца мотт ца даьхьара тхо ». – боху дуьйцу Б.Гайтукаевн вашас. Иштта, Бана евзаш, цуьнан уллера накъост хиллачу Россин Федерацин хьакъйолчу артисткин Багалова Зулайн Банех болу дагалецамаш а бовзийтира оцу суьйренехь: «Кхолларалла бахьана долуш евзина ю тхойшиъ, вовшашца чIогIа гергарло лелийна а ю, хийла суна а, нахана а накъосталла дина а ю иза. Цунах лаьцна дийца дуккха а диканиг ду.
Дала декъалйойла иза. Шен къам, мохк безаш нохчийн къоман дика йоI яра иза». Гайтукаева Банин кхоллараллах лаьцна хаарш къовсуш хиллехь а, дешархойн тобанашна, цара дика кечам бина хиларна, баккхийчара сацам бира, шина а тобанна грамоташ а, совгIаташ а кхачо.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт