Нохчийчохь нахана юккъехь иттаннашкахь шерашкахь дIа ца доьрзуш лаьтташ девнаш а, чIираш а хиларца доьзна республикин куьйгаллин дIадолорца маслаIатан (комисси) тоба кхоьллира. Цу юкъа бахара Нохчийчохь сий-ларам болу нах а, Iеламнах а. Цара дIадолийра нахе чIираш йитийтар, девнаш дIадахар, маслаIат дар.
Вайн халкъана Iаламат беркате хилла оцу тобано бина а, беш болу а болх. Оцу тобано 1 160 маслаIат дина ша вовшахтоьхначул тIаьхьа.
Деккъа цхьана 2015-чу шарахь, чIир юьтуьйтуш, 124 маслаIат дина вайн республикехь.
№19, шот, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2016 шо