Россин Федерацин Юкъараллин палатин «Прокурорца къамел» олучу проектаца нийса а догIуш, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерствехь студенташца цхьаьнакхетар хилира Нохчийн Республикин Прокуроран Абдулкадыров Шарпуддин.
Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон актови зала чохь гулбеллера республикин лаккхарчу дешаран учрежденийн студенташ. Иштта, цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Россин Федерацин Юкъараллин палатин кегийрхойн дIадолорашна тIехь терго латторан Комиссин председатель Тарбаев Сайгаджи, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Тагиев Мурат, «Трезвая Россия» федеральни проектан куьйгалхо Хамзаев Султан, кхиберш а.
«Прокурорца къамел» проекто болх бен шо кхоччуш лаьтта. 2015-чу шарахь оцу проектаца болх беш Россин Федерацин дуккха а субъекташ яра, ткъа 2016-чу шарахь Нохчийн Республика дуьххьарлера субъект ю, лакхахь йийцаре йинчу проектан командина юкъаеана йолу.
Проектан Iалашо – кегийрхошлахь бакъонаш йовзар лакхадаккхар а, прокуратурин а, бахархойн жигархойн а зIенаш тасар. Цо аьтто бийр бу мехкан билггалчу субъектерчу кхиазхошна а, кегийрхошна а хьалха лаьтташ йолчу проблемашна тIехь эвсаре болх бан.
Цхьаьнакхетар дIадолош, Нохчийн Республикин Прокурора Абдулкадыров Шарпуддис гулбеллачарна бовзийтира Нохчийн Республикин Прокуратуро бина болх а, бинчу белхан жамIаш а. Цул тIаьхьа студентийн таро хилира, республикин прокуроре шайна довза лууш долчун хьокъехь хаттарш дан.
Цхьаьнакхетарехь къаьсттина дукха дийцира кхиазхоша маларш мийларна а, кхиазхойн а, кегийрхойн а могIаршкахь наркомани яржарна дуьхьало ярх а, кегийрхошна юкъахь зуламаш даран барам лахбаларх а, иштта терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам латторах а.
Иштта, цхьаьнакхетарехь хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, Россин Федерацин субъекташна юкъахь уггаре а кIезиг маларш мийлар а, ша-шен вер Нохчийн Республикехь хилар.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь вистхилира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Тагиев Мурат. Цо баркалла элира Россин Федерацин Юкъараллин палатин векалшна а, Нохчийн Республикин прокурорана а.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: «Прокурорца къамел» проектан дакъалацархой
№19, шот, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2016 шо