«БIаьхаллин сийлаллин гIалин»

сийнна почтан марка арахецарна лерина даздар дIадаьхира Соьлжа-ГIалахь

  Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексехь Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» аьлла цIе яларца доьзна пачхьалкхан почтин марка арахецарна лерина даздар дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш вара Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, ЗIенан федеральни агентствон куьйгалхо Духовницкий Олег, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранаш, кхиберш.IMG_0392

    Пачхьалкхан почтин марка арахецарна лерина даздар «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексана хьалха зезагаш дахкарна тIера дIадолийра цара. Цул тIаьхьа, уьш хилира  Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу музейхь. Билгалдаккха деза, арахецнарг 75 эзар марка хилла хилар. Уьш дIасаелира цара цигахь хиллачу дакъалацархошна.

Даздарехь къамел дира Хучиев Муслима. Цо элира: «Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь иттаннаш вайн эзарнаш кIентий мостагIех летта, Даймехкан маршо ларъеш. ГIала ларъеш вайн кIентий майрра, доьналлица тIемаш беш чекхбевлла хиларна елла Россин Федерацин Президента Путин Владимира Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» аьлла еза цIе. Тахана, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш хазъелла, башхачу суьртехь ю Соьлжа-ГIала. Дела реза а хуьлда цунна.

Духовницкий Олега шен къамелехь билгалдаьккхира, пачхьалкхан почтин маркано филателистийн коллекцехь хьокъала йоллу меттиг дIалоцург хиларх ша тешна хилар.

Даздар дерзош «Сийлаллин Аллей» мемориальни комплексан керта «Толамийн диттийн» 20 синтар дуьйгIира цара. Уьш догIа векал бинера  Соьлжа-ГIалин мэр М.Хучиев, Нохчийн Республикин юьртан бахаман министр М.Дадаев, Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министр ГI.Таймасханов, кхиберш.

ХIора а синтарна уллохь, иза доьгIнарг билгалвеш, цуьнан цIе язйира.

Дагадаийта лаьа, Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» цIе 2015-чу шеран 6-чу апрелехь Россин Президентан В.Путинан Указца тиллина хилар. Цу тайппана Соьлжа-ГIала юкъаяхана иштта цIе тиллина йолчу вайн махкарчу 45 гIалина.

И.МАТАГОВ

№19, шот, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: