Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана муниципальни Iедалан органийн куьйгалхошна тIедиллина хIусамийн-коммунальни хьаштех пайдаэцарна дIадала дезачу ахчанашна субсидеш луш болчеран цIерш тIеязйина электронни список хIоттор. Цу тайппана тIедиллар яртийн а, районийн а, гIаланийн а дайшна дина хилар доьзна ду, Кадыров Рамзана дийцарехь, оцу гIуллакха тIехь терго латтор чIагIдан дезаш хиларца.
«Сан дехарца Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочо Кадыров Ислама боккха болх дIабаьхьира хIора а муниципалитетехь баккъал а субсидеш оьцуш берш билгалбахарехьа. Бинчу талламо гучудехира оцу декъехь долу талхораш а, кхачамбацарш а. Хьал сихонца а, орамашкара дуьйна а хийца деза», – бохура регионан Куьйгалхочо.
Юха, ша бохучух кхетош, билгалдехира субсидеш оьцучаьрца доьзна хьал тодарехь хьалхарчу рогIехь дан деза гIуллакхаш. «Йоццачу хенахь къепе яло еза субсидеш а, кхидолу муьлхха а ахчанаш оьцуш болчу бахархойн цIераш тIехь йолу спискаш. И болх шаьш долчохь дIабахьа беза яртийн а, районийн а дайша. Социальни ахчанаш эца деза баккъал а цаьрга хьашт-дезар долчу бахархоша», – элира Кадыров Рамзана.
Цул сов, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо царна тIедиллира цхьацца бахьанашца и дан аьтто ца хиллачу гIийла-миска бохкучу бахархошна социальни ахчанаш а, ткъа иштта субсидеш а эцарна оьшуш долу документаш кечдарехь гIодар, дан дезарг царна дийцар. Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, ша и гIуллакх шен тергонехь латториг хилар. Цуьнца цо дIахаийтира таронаш ледара йолчу бахархошна ницкъ кхочучу барамехь гIодар, церан аьтто бар шена чIогIа мехала хеташ хилар. ЦIена бусалба стеган ойла ю иза.
Шаьш оцу декъехь деш долу гIуллакхаш, церан жамIаш кест-кеста республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочунна довзийта дезар ду районийн куьйгалхойн. Цу хьокъехь долу декхар а тIедиллина царна.
Субсидеш даларан гIуллакх къепе дерзорна леринчу оцу кхеташонехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, республикин Правительствон председателан социальни блокехула заместитель Яхъяев Лом-Iела, Нохчийчоьнан Счетни палатин председатель Тумхаджиев Iийса, Россин федеральни налогови службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалхо Цамаев Мовсар, Россин Пенсионни фондан Нохчийчохь йолчу Отделенин урхалча Ахмадов Мохьмад-Эми, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, ткъа иштта районийн, гIаланийн администрацийн куьйгалхой, кхиберш.
Шайна тIедехкина декхарш дуьззина а, сиха а кхочушдаран ойланца дIасабахара кхеташонан дакъалацархой.
С.АНАДЕВ
№19, шот, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де, 2016 шо