Говзачу адамех цхьаъ

ю Хьалха-МартантIехь ехаш йолу суьрташдахкархо, кхийра пхьегIашъярхо, пхьар Бакараева Зульфия

   Технически гIуллакхел хазахетара Бакараева Зульфияна суьрташ дахкар. «Бедарийн дизайнер» хила луучу цуьнан еххачу хенахь гулйина дукха эскизаш яра. 2001-чу шарахь Германерчу «Burda» журнало дIакхайкхийначу «По вашим эскизам» цIе йолчу конкурсе яхьийтира цо уьш. Цхьа хан яьллачул тIаьхьа, кхунна дагахь а доцуш, кехат деара конкурс вовшахтоьхначаьргара: «Шун эскизаш исбаьхьа ю. ТIейогIучу хенахь шуьца цхьаьна болх бан лууш ду тхо» аьлла. Оцу кехато дерриге а хийцира цуьнан дахарехь, цо ша ма-аллара, «тIемаш довлийтира»…0_67ab9_80f747b0_orig

   Масех шо хьалха Нохчийн Республикерчу пхьераша вовшахтоьхначу «Говзанчийн ассоциацин» («Ассоциация мастеров») декъашхо ю З.Бакараева. Цара шайна хьалхахIоттийна Iалашо ю вайн дайша бIешерашкахь ларъеш  схьаеана йолу говзаллаш (истангаш дар, дечигах гIуллакх дар, кхийра пхьегIаш яр, и.дI.кх.) карлаяхар, уьш кегийрхошна марзъяр, Iамор. Цунна тIедоьгIна ду Нохчийн Республикин халкъан кхоллараллин туьшан гIоьнца Ассоциацис Соьлжа-ГIаларчу Журналистийн скверехь а, иштта кхечанхьа а вовшахтуху гайтамаш. Шайга кхайкхинчу миччанхьа а дIабоьлху говзанчаш.

«Гуонахарчу республикашкара халкъаш дикка гена девлла искусство кхиоран декъехь, – бохура З.Бакараевас. – Вай а къахьега деза церан тIегIане мукъане а дIакхача. Халахеташ делахь а, доьзал кхаба безачеран аьтто бац хIокхунах болх, некъ бина Iен. Ша къахьегна йолу хIума дIаоьцуш, цунах пайда хуьлуш хилча догдогIу и болх кхин а дIакхехьа».0_67aba_ed964e26_orig

Ша дакъалаьцначу фестивалашкахь, конкурсашкахь 1-ра меттигаш яьхна З.Бакараевас. Царах ю: хIора шарахь Москвахь дIахьош йолу «Золотая ладья» фестиваль, «Кутюрье года» конкурс («Авангард» номинаци), республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос дIаяьхьна «ХIора дийнан духар» цIе йолу конкурс. Оцу конкурсашкахь делла дуккха а совгIаташ а, дипломаш а ду цуьнан.

«Цхьайолу хIума ян йолийча, дагахь хилларг ца еш, ойла кхечунна тIе а йоьрзий, кхиерг еш нисло, цхьаерг  хьалххехь сурт а дуьллий йо, – дуьйцура Зульфияс. – Эскизаш дукха ю. Цу тIера ерриге а хIуманаш йича хIара чоь а тоьар яцара суна уьш дIахIитто. Балхахь хилар бахьана долуш, хан ца тоьа уьш ерриге а кхочушъян.  ЦIахь-чохь кIудалш, бошхепаш товш хир ма дара аьлла, дагадеана царна тIеерза дагахь ю со». Юьхьанца шен балхахь цо пайдаоьцура вайн республикехь болчу сацкъарх. Балхана пайдехь хилийтарна цунна тIехь дукха къахьега дезаш хуьлура. ХIинца иза республикел арахьара боуьйту цо.

Соьлжа-ГIаларчу«Эдельвейс» цIе йолчу долахьчу школехь берашна суьрташ дахкаран говзалла хьоьхуш ю иза. Мукъачу деношкахь шен пхьалгIа схьа а йогIий, ша ойланашкахь хIиттийна исбаьхьа суьрташ дохкуш Iа. Мотт ца хууш долчу а, аутизм йолчу а берашна пайдехь хуьлу цо хьоьхург. Уьш а Iамадо З.Бакараевас.

Л.ДАУТОВА

 

№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: