Тхан рузма

Гайтукаева Бана, нохчийн поэтесса, йина 1959-чу шеран февраль беттан 23-чу дийнахь ТIехьа-Мартанан кIоштарчу ВаларгтIе юьртахь (кхалхар хилла 1994-чу шарахь). Дешна Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь. Белхаш бина юьртарчу библиотекехь, радиокомитетехь, Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан берийн кхоллараллин туьшахь. Яздан йолаелла школехь доьшуш йолуш дуьйна. Стихаш зорбане йийлина муьран зорбанехь, юкъарчу гуларшкахь. «Серлонан поэзи» стихийн гуларан (араяьлла 2004-чу шарахь) автор. Россин Яздархойн союзан декъашхо.

Атавов Ахьмад, паргIатчу кепара  охьатохархлатарехула дуьненан  чемпион, СССР-н спортан  хьакъволу  мастер, вина  1961-чу шеран  февраль  беттан  23-чу  дийнахь Дагестанан Хасавюрт гIалахь.

Къаьсттина  кхиаме  хилира  Ахьмадан  спортан  дахарехь  1989-гIа  шо. Цкъа  хьалха  Махачкалахь  дIаяьхьначу  СССР-н чемпионатехь  хьалхара  меттиг  йоккху  цо. Цул  тIаьхьа  Швейцарин  Мартини гIалахь  хиллачу  дуьненан  чемпионатехь шен  йозаллин  барамехь  (100 кг. кхаччалц) хьалхара   меттиг  йоккху. Дуьненан  чемпион   хиларх тоам  бина   ца  Iаш,  оцу  чемпионатехь  дуьххьара   юкъадаьккхина  хилла дуьненан абсолютни  чемпионан  дарж  къовса сацам  хуьлу  Ахьмадан. Шел 30 кийла  веза  волу, гоьваьлла  вевзаш  волу  Иранера Али-Реза  Сулеймани эша а  вой, дуьненан абсолютни  чемпион хуьлу  Атавов  Ахьмадах.

Вараев Башир, дзюдо кепара охьатохархлатарехула СССР-н спортан хьакъволу мастер, вина 1964-чу шеран февраль беттан 23-чу дийнахь. Спортехь баккхийчу кхиамашка кхаьчна Башир – 4-зза Европин а, СССР-н а чемпион, 3-зза дуьненан чемпионаташкахь совгIатхо (призер), кхин дуккха а дуьненаюкъарчу къийсадаларийн толамхо. 1988-чу шарахь кхиамца дакъалецира Сеулехь дIадаьхьначу Олимпийски ловзаршкахь – Олимпиадехь йоьзан мидал яккхар, шеко йоцуш, спортан хьуьнар ду. Жигара дакъалоцу Нохчийн Республикехь охьатохархлатаран дзюдон кеп кхиорехь.

Чокаев Кати, филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик, вина 1929-чу шеран февраль беттан 29-чу дийнахь Шелахь.

Дешна ГIиргIизойн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетехь. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь, РСФСР-н серлонан министерствон къаьмнийн школийн институтан Нохч-ГIалгIайн филиалехь, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Нохчийн Республикин Iилманийн академи кхолларан вовшахтохараллин комитетан декъашхо хиларе терра, жигара дакъалецира 1992-чу шарахь Академи схьаелларехь, цуьнан дуьххьарлерчу декъашхойх (академикех) ву иза.

Iилманан 150 сов белхан автор ву Кати, шайна юкъахь 11 монографи а йолуш («Нохчийн маттахь цIердешнийн кхолладалар», «Нохчийн меттан морфологи», «Вайнехан мотт а, истори а», «Вайн мотт – вайн истори», «Нохчийчоьнан ламанан аларш», «Нахийн меттанаш», «Мичахь ваьхна Пхьармат?», «Нохчийн, гIалгIайн школашкахь оьрсийн мотт хьехаран методика», иштта кхин а). Къаьсттина ала догIу, «Вайнехан мотт а, истори а», «Вайн мотт – вайн истори» книгех. Цаьрца авторо чIагIдо нохчийн къам, шен мотт а, шен мохк а, шен генара истори а йолуш, Кавказан орамерчу къаьмнех цхьаъ хилар.

№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: