Оьрсийн меттан а, математикин а хьехархошна ЕГЭ-н лехамаш бовзийтира

ЕГЭ-на кечамбарехь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос 11-чу классашна гIоьнна аьлла юкъадалийна гIуллакхаш кхиамца пайдаоьцуш ду дешарехь. Дешаран дикаллин мах хадоран туьшан белхахоша районашкахь а, гIаланашкахь а семинараш йо хьехархошна-предметникашна лерина. «Ас ЕГЭ дIалур ю» аьллачу проектан гурашкахь беш бу и болх. Экзаменаш кхиамца дIаяларан жоьпалла дешархошна а, хьехархошна а, дай-наношна а тIехь ду. Ткъа оцу экзамен дIаяларехь керла лехам белахь а, хьехархочо шен дешархошка дIакхачо, хьеха дезаш керланиг делахь а цунна тIехь болх хьалххе беш хилар мехала ду. Цундела оьшуш ю масала, математикашна а, филологашна а къаьсттина шайна лерина йолу семинараш а, тренингаш а.

Шелковски, Теркан, Невран районашкахь чекхъевлла семинараш. Кестта ерриге а районашкахь а йийр ю уьш Дешаран дикаллин мах хадоран туьшан а, дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Нохчийн институтан а ЕГЭ-на кечамбарехь гIоьналлина билгалбинчу координаторша.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: