Хууш ма-хиллара, вайн республикехь жигара дIахьош бу кегийрхой кхетош-кхиоран белхаш. Иштта, дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалин №38 йолчу школин 9-чу классийн дешархошца дIадаьхьира наркоманина а, законаш талхорна а, ВИЧ-инфекцина а профилактика ярна лерина цхьаьнакхетар. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин культурин министерствос, оццу министерствона юкъайогIучу кинематографехула йолчу пачхьалкхан урхалло, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос, кхиазхойн «Феникс» социальни реабилитацин туьшо, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон СПИД-ана а, ВИЧ-инфекцина а профилактика яран, цаьрца къийсам латторан Республикин туьшо.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон коьрта говзанча-эксперт А.Цацаев, кинематографехула йолчу пачхьалкхан урхаллин рекламин а, хаамийн а коьрта говзанча М.Ибрагимов а, кхиазхойн «Феникс» социальни реабилитаци яран туьшан директор А.Яричев, СПИД-ана а, ВИЧ-инфекцина а профилактика яран, цаьрца къийсам латторан Республикин туьшан психологаш А.Абдулкадырова а, Т.Багаева а.
Говзанчаша-эксперташа дийцира наркотикаша а, корта бахочу маларша а адамийн могашалла хIаллакьеш хиларх лаьцна. Цара билгалдаьккхира кегийрхой харцхьарчу новкъа шайн хьекъал кIезиг хиларна бовлуш хилар.
Наркотикаша, корта бахочу маларша, лакхахь хьахийначу инфекцеша адамийн кхолламаш муха хийцина дуьйцуш видеороликаш а гайтира. Цул тIаьхьа, дешархойн хаттаршна жоьпаш делира говзанчаша.
Цхьаьнакхетар дерзийра М.Ибрагимовс шен дешнаш тIехь даьхна нашидаш аларца.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: Соьлжа-ГIалин №38 йолчу школехь
№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо