Нохчийн шахматиста Россин кубок яьккхина

   Шахматех ловзарехь Россин Кубок къовсуш кегийрхошна юкъахь 69 балл жамIаш долуш, толам баккха аьтто белира, Нохчийчуьра 15 шо долчу Саидов Билухьаьжин.  Къийсамашкахь дакъалоцуш 150 шахматист вара.

   Ала догIу, Нохчийн Республикерчу спортсменех Б.Саидов бен цигахь дакъалоцуш хилла ца хилар.

«Толам баккхар кхаа муьрехь къастош дара. Ткъа Билухьаьжас 6 муьрах 5 муьрехь толам баькххира. И тайпа жамIаш атта нислуш  дац. Цу тайпана 69 балл яккхар бахьана долуш, толам баккха аьтто белира нохчийн шахматистан», – дийцира Нохчийн Республикин шахматийн Федерацин вице-президента Яндарбиев Руслана.

Билухьаьжа, шен хьехархочуьнца Сатуев Хьасанаца шахматех  ловза Iема кхо шо хан ю. Хьалхарчу деношкахь дуьйна билгалваьлла ву иза хьекъалца а, ойланца а, кхетамца а.

Нохчийн Республикин Физически культурин а, спортан а министра Хизриев Хасмохьмада даггара декъалвира толамхо а, цуьнан хьехархо Хь.Сатуев а.

Тренерна Сатуев Хьасанна а, шахматех ловзарехь Россин Кубок къовсуш кегийрхошна юкъахь толам баьккхинчу Саидов Билухьаьжина а, ведомствон грамоташ елира, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондера ахчанан совгIат а дира.

М.КАНТАЕВ

№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: