17-чу февралехь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь «Кегийрхой могашчу дахарехьа бу» аьллачу темина лерина семинар хилира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографин урхаллин директора Терекбаев Беслана, оццу урхаллин говзанчас Ибрагимов Мовсара. Семинар дIайолийра хьехархойн университетан проректора Вахаев Iабдулбека. Цига баьхкина хьеший бовзийтира цо студенташна.
Шен къамелехь Б.Терекбаевс билгалдаьккхира кегийрхой зуламечух ларбаран Iалашонца шаьш жигара болх беш хилар. Профилактика яран Iалашонца кхоьллина йолу проекташ а, кегийрхой кхетош-кхиорехь видеороликаш йохуш хилар а хьахийра цо. Къаьсттина кегийрхошка зене долчу массо а хIуманех ларбалар а дийхира.
Корта бахочу маларех а, наркотикех а долучу зуламех лаьцна йолу видеороликаш гайтира Ибрагимов Мовсара. Цул тIаьхьа, цо йовзийтира шен нашидаш. Уьш къаьсттина хазахийтира гулбеллачарна. Студентийн хаттаршна жоьпаш луш ерзийра семинар.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: семинаран дакъалацархой
№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо