Дахаран халачу хьелашкахь долчу берийн гIолацаран фондо 2016-чу шарахь дIакхайкхийна Ерригроссин журналистийн белхийн «Тидамехь – доьзал» цIе йолу VII-гIа конкурс.
Иза дIахьош ю Берашца къизаллаш лелорна дуьхьало яран дерригкъоман хаамийн кампанин декъехь. 2015–2017-чуй шерашкахь берийн хьашташ кхочушдаран къоман стратегин коьрта дакъа кхочушдарехь уггаре хьалха билгалдаьхначу гIуллакхийн планна юкъайогIуш ю лакхахь хьахийна йолу хаамийн кампани.
Конкурс дIахьош ю Россин журналистийн союзан а, Социальни хаамийн агентствон а, Кхоллараллин «ЮНПРЕСС» цхьаьнатохараллин а гIоьнца. Хаамийн декъехь гIо-накъосталла до Зорбанехула а, шуьйрачу коммуникацешкахула а йолчу федеральни агентствос.
Конкурсан коьртачу Iалашонашна юкъадогIу: доьзалан а, берийн а проблемашна (церан ирсе дахар ца нисдаларна) юкъараллин тидам тIеозор, юкъараллехь доьзалан, берийн, да-нана жоьпалле хиларан мехалла лакхаяккхар, Ерригроссин дуьххьарлерчу «Шеран доьзал» конкурсан хаамийн гIолацар.
Доьзалашкахь бераш ирсе ца хиларан проблема дIаяккхарехь а, буобераш дикачу доьзалашка дIанисдарехь а, могашаллин таронаш ледара йолчу берийн юкъараллех дIаэр атта хилийтарехь а, законца ледара юкъаметтигаш йолчу берийн социальни реабилитаци ярехь а, доьзало а, цуьнан гуонахарчу (уллорчу) наха а лелош долу маьIна гайтарна лерина зорбанан, телевиденин, радион материалаш тIеоьцуш ю конкурсе. Церан тайп-тайпанчу номинацешкахь мах хадор бу.
Конкурсан юкъара бакъонаш, номинацийн теманаш, иштта кхиболу хаамаш fond-detyam.ru сайта тIехь, «Дерригкъоман хаамийн кампани» разделан «Журналистийн белхийн конкурс» аьллачу рубрикехь бовза таро ю.
№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо