Хинболу чемпионаш кхузахь Iамош бу

P10105031

Стохка, декабрь бутт чекхболуш, дIабирзира Шелан районерчу Чуьйрин-Эвлахь меттахIитторан а, гIишлошъяран а белхаш. Керлачу объектех цхьаъ вайн заманан лехамашца йина спортзал яра. Чохь спортан занятеш дIакхехьа дерриге а  хьелаш долуш ю и гIишло. ТIера хIума хийца  чоь а, занятеш чекхъевлча лийча меттигаш а ю кхузахь.

Берийн даккхийдеран доза дацара хIара спортзал схьайоьллучу хенахь.

Iаьнан каникулаш дIаевлча, спортивни секцин занятеш дIаюьйлаелира Чуьйрин-Эвларчу керлачу спортзалехь. Кхузахь занятеш хуьлий цу сохьта хиира гонахарчу ярташкара берашна. Схьавеанарг дIакъахкош Iедал дац берашца болх бечу тренеран. Ши бIе сов бер а, ткъа иштта кегий нах а бу кхуза занятешка лелаш. ПаргIатчу кепара охьатохархлатар Iамадо цара.

Ишттачу цхьана  тренировке нисвелира кху деношкахь шун корреспондент. Кхузахь бераш Iамош ву тренер Тунтаев Джаддал.

Тхойшиннан хиллачу къамелехь Джаддала дийцира:

– Ас занятеш дIахьо кхаа группехь – шина группехь дийнахь лата Iемаш кегийнаш бу, сарахь баккхийнаш бу. Цкъачунна схьалелаш 200 сов стаг ву, амма хIора заняте керл-керла бераш догIу. Царах дукхахберш хьалха цхьа а тайпа спорт лелийна бац, иза гуш ду церан таронашка хьаьжча. Делахь а, вайн бераш вуно сиха хIума схьалоцуш а, къахьега хууш а ду. Охьатохархлатар вайн цIийца ду. Охьатохаран техника Iамор, леташ верг нийса лата Iамор, иза физически кечвар, цуьнан дегIан массо а меже латарна тояр  – иштта декхар ду тренерна хьалха лаьтташ.

P10104981

Амма латар Iамийна ца Iа Джаддал шена хьалха долчу берашна. Цо царна гIиллакх муха лело деза хьоьху,ламаз дар тIедожадо, баккхийчаьрга ладогIар а, цара бохург дар а тIедуьллу. Ткъа къаьсттина чIогIа дешарна тIе тидам бахийтар, школехь низам а ца талхош, дика дешар тIедуьллу къоначу тренера шен Іаморхошна. Бакъволу тренер иштта хила а веза, цунна дика довза деза ша Iамош долу бераш – церан амалш, Iеран-дахаран хьелаш, уьйраш, къаьсттина чIогIа церан могашаллин таронаш. Цу дерригенна а тIе ойла йохуьйтуш, и лардеш схьавогIу Джаддал.

Тренировка дIайолало. Бевдда, зала чухула гонаш доху къоначу спортсменаша, юха тайп-тайпана упражненеш йо. ДегIана вайн волчо атта йо уьш, амма хIинцале кIадбелларш а бу гуш – уьш мелла а дегIана хьийкъини берш бу. Царна хало ду спорт лело, амма дукха хан ялале церан догIмаш а тоделла дIахIуьттур ду, цу тIехь спорто гIо дийр ду царна.

Джаддал ша а ву баккхий кхиамаш баьхна спортан мастер а, дуьненаюкъарчу а тIехь къийсадаларшкахь хьалхара меттигаш яьхна а.

– Красноярскехь Iийна со масех шарахь. Шуьйра вевзаш волчу, кхузза Олимпийски чемпион хIоьттинчу Сайтиев Бувайсарца цигахь тренировкашка лелла а, цунах Iама гIиртина а ву. Сибрехан регионан хьалхе йоккхучу къийсадаларшкахь толамаш а баьхна, Республика Сохан чемпион а хилла со,  –  дийцира Джаддала.

Берийн тренировка хазачу сирлачу зала чохь, цIеначу маташ тIехь дIахьош ю.

– Кхин хIун Iамадо ахь кхарна?  – хаьттира ас тренере.

– ХIорш лата Iама дIабуьйлабелла дукха хан яц, кхарна цкъачунна коьртаниг юкъара кечам бар ду, догIмаш чIагIдар, садеIар нисдар. Делахь а хIора тренировкехь охьатохархлатаран приемаш а Iамайо оха:  тIехула кхоссар а, кIел ког тасар, ког схьалацар, кхиерш.

Иштта дIайоьлху тхан занятеш. Кхеран царах самукъадолу аьлла хеташ-м ву со, – велакъежа Джаддал.

ХIокху берийн аьтто хилла  – кхеран дика тренер ву, шен болх безаш а, цунах дозалла деш а, спортсменийн кхиамаш хила лууш а. Дукха хан ялале кхуза лата Iама догIучу берех дика спортсменаш хир бу, бIаьрла кхиамаш а болуш, оьзда лелар а долуш. Ткъа уьш кхиар, нийсачу новкъахь хилар вайн массеран юкъара кхиам а, толам а бу.

 

Арсанукаев Муса

Авторан сурт

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: