Халкъана делла са, малхах дIаийна, даима ма догу Даймехкан сийнна! (М.Сулаев)

Гадаев Мохьмад-Селахь

Мехкан лоьмашка

Собаре Даймехкан

Дог майра кIентий!

Маршалла ду шуьга

Малхбузе аре!

ХIун диэ вай?

Ели-кх и,

Еххачу хенахь

Германин фашизмо

Кечйина «хара».

 

Деха садиттира,

Харц дов ца дезаш, –

Собаре хилла верг,

Дарвелча, тоьла.

Дарло шу!

Дарло шу!

Даймехкан лоьмаш!

Iанае йовссарш тIе

Болатан оьла!

 

ТIом буха

ТIамо бен

Тоьхна бац цкъа а.

Топ,

Озий, лаг дулуш,

ГIорттаяй тоха!

Хиндарий цIахь Iийнехь,

Iахьара баьхча?

Iен тигац.

ТIегIерта.

Цундела – тоха!

 

ЦIий Iений? –

Iенийта

МостагIчун докъа тIе!

Вожий хьо? –

ТIевожа,

Веллехь а,

Цунна.

ДIагайта шен меттиг

Дозанан шу тIехь,

Дерриг а дуьненахь

Каш лоьхучунна!

***

Мамакаев Iарби

 Дерриге а тIамна

Европехь фашизмо

Iаьржа ун хецна:

Мас гIала, ярташ ю

Белхаршка евлла, –

Дийначийн каш хилла

Iазапо лаьцна,

Беллачийн ирс хилла

Цу балех бовла.

 

Вай динчу лаьтта тIе

Некъ баккха унна,

Гитлера болийна

Вайца тIом тахна.

Болатан ЦIен Эскар

ТIетаьIна цунна –

Дерриг а дIалур вай

Даймехкан тIамна!

 

ТIом – тIом бу, вер, чов яр

Дац цигахь хийра,

Хьо хьайха кхаьрдийла,

Ма елахь, доттагI,

Вайн халкъан дика кIентий

Леташ бу майра.

Летачийн гIо делахь

Балхаца гIоддах!

 

Хьекъаде ховхачу

Арешкахь ялта,

Буьртигах хIоъ хирриг,

МостагIий эго,

Вышканаш, совдаккха

Вайн мехкадаьтта,

Уьттазза совдаккха.

МостагIий баго!

 

Нохчичун, гIалгIачун

Яхь йолу нана,

Хьайн доьзал хазбинчу

Мехкан сий лардан,

Кечвелахь тахна,

Ца юхуш, тIаме воI.

Вай мостагI вохоре

Кхойкхуш бу Даймохк.

 

Халкъан бакъ къийсинчу

Граждански тIам тIехь

Молхано духар тIе

Йис тоьхна дара,

Стогаллин, сихаллин

Хьехар дай, тIам тIе

ВоI новкъа ваккхалахь

Мехкан сий лардан!

 

Дог-майра, дика кIентий,

Дарлолаш тахна,

Дистинчу хин юьхьо,

ГIайрин гIум санна,

Вайн бакъчу дералло

Фашисташ, тоьхна,

Кху лаьттан букъ тIера

ДIабоххург хьаькхна!

                          1941 шо

***

Муталибов Зайнди

Дин беллачу кIентан илли

 Хьан сих са хьарчийна

Массо а заманна,

Нанас шен бер санна,

Ас хьоме кхиийра хьо.

Мацаллех ларбина,

ГIиллакхехь Iамийна,

Тешаме сайн ваша

Хьо лоруш вара со.

Шийлачу Iожалло хьо

Хеназа баьккхира сох.

Хьан къина дог доьхна со

Висира бекхам беш хьох.

 

МостагIчо вайх леш дан,

ПаргIато йохийна,

Маьршачу вайн махка

Сийна цIе кхарстийча –

ДегIан цIий я хьайн са

Бацара кхоийна,

Сийлахьчу толаме

Халкъо чкъург карчийча.

 

МостагIчун бомбано

Декъаза де делла,

Хьан хьежар гIелделла,

Турпал дегI дегадеш,

Ден узарш, хьоькху ког…

Хьан кийра Iовжийча,

Хаьара сан дагна,

Весет дуй сайга деш.

 

ЧIир йоькхуш герзаца

НеIалтийн гIеранна,

Хийла ас вожийна,

ЦIарца даш шех тоьхна.

Буьрсачу бекхамца

Вайн халкъо, дерина,

Фашизман и экха

ЦагIоттург дожийна.

 

Шийлачу Iожалло хьо

Хеназа баьккхира сох,

Хьан къина дог доьхна, со

Висира бекхам беш хьох.

***

Эдилов Хасмохьмад

Сий делахь, латта!

Чов йоцуш, цIий доцуш

ТIом хилла бац-кха,

Ирсан стом ларбан а

Дац цуьрриг атта.

Ас дегI ца кхоийна

Сайн дуй чекхбаккха:

Кхехка цIий саццалца

Хьо лардан, Латта!

 

Хийламмо къийсамна

ДIаделла догIмаш,

Массара шайгара

Герз майра детта.

Хьийзошший, дагошший,

Дойушший, тхох лайш

Дан гIертарш ата ахь,

ГIо делахь, Латта!

 

Дахаррий, Iожаллий

Лиэтачу арахь,

Кешнаша шагйина

ТIом хилла хьаьтта.

«Гечдойла» аьн долчохь,

Турпалхойн могIарехь, –

Кху арахь каш хилар

Ирс хета, Латта!

НеIалте тоба! Сан

Цабезам цаьрга,

Халкъашна бен ницкъаш

Сан дагна Iеткъа.

Хинболчу сан борзах

Цинц тохий бIаьрга,

Совцабе! Ата уьш!

ХIаллакбе, Латта!

 

Майра а, говза а

Ахь со кхиийна,

БIеннашна юккъехь со

Хьо къуьйсуш летта,

Дерачу дIаьндарго

Мерцича кийра,

Хьан кийра вогIу со,

ДIаэца, Латта!

 

Бекхаме сан бIаьрса

Малхбузе хьоьжу,

ДегIера син пхенаш

Сан совцуш лаьтта,

Чурта тIе яздан хьан

Баркалла оьшу.

Ирс къуьйсуш веллачун,

Сий делахь, Латта!

***

Хамидов Iабдулхьамид

Партизанан илли

Гена лаьмнел дехьахь

Сайн нана йитина,

МостагIчун букъа тIехьахь

Со тIаме хIоьттина.

 

Со вина сан нана,

КIант осал карийна,

ЮьхьIаьржа хIоттарна,

Кхера ма кхералахь.

 

Мангало буц санна,

МостагIий эгийна,

СадаIа со хиъча,

Сагатло сайн нанна.

 

Малх регIах хьулбелла,

Арахь тIом гIелбелла,

Чов ехка со хиъча,

Сагатло сайн нанна.

 

Луьра бу тIом, нана,

Вайн толам бац генахь.

Хьайга кехат хьелахь,

Йоха ма йохалахь.

 

МостагIийн догIмашна,

Вайн махкахь каш дина,

Толамца вайн юьрта

Воьрзур ву со кестта.

***

Кусаев Iадиз

Доьналлин илли 

Доьналлица летий тIеман арахь,

Хьуьнарш гойтий, вужу турпалхо.

Адмийн даг чу вуьжий даим ваха,

Вожахь – къонах хилий вожа.

Хала хуьлу вага.

Атта хуьлу воха!

 

ЦIенош догу, кхехка хала къовсам,

Нах кIелхьара бохуш, къонах ле,

Стогаллах ца вухуш, хилча хьовзам,

Вайна дуьтуш доца весет шен:

Вахахь – доьналлица ваха,

Вожахь – къонах хилий вожа.

Хала хуьлу вага,

Атта хуьлу воха!

 

Доьналлица гIовттий, кхуллу гIала

Пана арахь, хаздеш дахар-Iер.

Схьаоьцу вай ца вевзачун бала,

Iожаллин буй бостий, хьосту бер.

Дуьнен тIе вай даха догIу,

Ирсан иллеш махкахь деко,

Хаьштиг санна, догу

Дог нахана къего!

***

Сатуев Хьусайн

Варийлахь

Эскаре дIаваха

КIант араволуш,

Дегочу балдашца

Бохура нанас:

«Тахана хьо воьрзу

Даймехкан дола.

Варийлахь, ларлолахь

Аьндолчух наха!

 

Стаг вадарх-м Iожаллех

Ца ваьлла цкъа а.

Хьайна тIехIоьттинарг

ДIакхехьар доьху,

Варийлахь! ЮьхьIаьржо

ЦIен тIе ма ялахь.

ЮьхьIаьржа вехачул

Iожалла тоьлу.

Iожалло деана вуон-м

Цкъа лайча долий,

Нанна а дайло и,

Наха дог оьцуш,

ЮьхьIаьржо-м велча а

ТIера ца йолий…

Ларлолахь!

ЮьхьIаьржо

Лалур яц соьга!».

***

Байхаджиев Зайнди

Эвелла Даймехкан сих

Шичин кIантана Русланна

Къонахчун

Дахар ду деха.

ДIаьндарго

Ца лоцу и.

Адамийн

Дегнашца веха,

Эвелла

Даймехкан сих.

Сийлахьчу

ХIолламехь тийна,

БIешаре нур къегина,

Хир ву и

ХIораннан кийрахь,

Шен халкъан

Сий айинарг.

***

Сулаев Мохьмад

Цавевзачу салтичун каш

Цхьанна а цIе а ца евза.

ТIехь Iуьллу тIемлочун таж.

ХIара ду-кх и дуьненна девза

Цавевзачу салтичун каш.

 

Алахьа, хьо мила хилла?

Хьан муха хилла-те сурт?

Ахь мичахь йитина Iилла

Махкана хьо велла юрт?

 

Я хилла и йоккха гIала?..

Ойлаеш, тIехь лаьтта со.

Ницкъ хьенан хир бара ала,

Мичхьара схьаваьлла хьо?

 

Хилла-те хьо цхьаъ бен воцу

Хьайн ненан хьомсара  воI?

ХIинца а хьо дагалоцуш

Юй-техьа хьо везна йоI?

 

ТIаьххьара, хьо лечу хенахь,

ХIун дагалаьцнера ахь?

Я юьхь дагаеара ненан?

Я луьрчу атакин къахь?

 

Хаац, хьо мича къомах ваьлла,

Хьо мичхьа ваьккхина салт.

Амма хьо билггала хилла

Даймехкан хьанала кIант!

 

И коьрта, и доккха лоруш,

Йогуш ю хьан сийнна цIе.

Цу цIарца, яйалур йоцуш,

Къаьсташ ю салтичун цIе!

№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: