МостагIчух дера летта

  1941-чу шеран 22-чу июнехь немцойн фашисташ ямартлонца тIелетира вайн Даймахкана. СССР-хь дехаш мел хиллачу къаьмнийн яхь йолу векалш хьалхарчу деношкахь шайн лаамехь тIаме дIахIиттира. Цхьана а кепара шеконаш хуьлийла доцуш царна юкъахь алсам вайнехан къонахий бара. ТIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь Нохч-ГIалгIайн Республикера ЦIечу Эскаран могIаршкахь гIуллакх дан дIахIоьттинарг 13 эзар стаг вара.108c7a1ad77298f65022aff904a88c3a

Амма, мостагI луьра, къиза, сов тIех дика кечам бина чугIерташ вара. Цул сов, Европера паччалкхашца масех шарахь тIом бина зеделларг долуш бара фашисташ. Цундела 1941-чу шеран гурахь вайн Даймехкан коьрта шахьар йолчу Москван йистошка схьакхечира уьш. ЦIечу Эскаро ледара тIом бар дацара цуьнан бахьана. Адамийн а, техникин а ницкъаш фашисташкахь алсам бара. И бакъдерг тидаме эцна, Советийн Союзан оборонан комитето сацам бира керла дивизеш вовшахтоха. Уьш СССР-хь дехачу дерриге а къаьмнийн цIарах вовшахтухуш яра. 1941-чу шеран 13-чу ноябрехь №894 йолуш арабаьккхина ГКО-н «О формировани национальных войсковых соединений» сацам цу хьокъехь бара. Иштта дивизеш къаьмнийн ерриге а республикашкахь санна Нохч-ГIалгIайн Республикехь а вовшахтуьйхира. Нохч-ГIалгIайн дивизина 114 лоьмар елира. Цунах Нохч-ГIалгIайн 114-гIа дошлойн дивизи олура. Дивизин командир хIоттийра цу муьрехь Нохч-ГIалгIайн Министрийн Советан куьйгаллехь хилла Моллаев Супьян. ТIеман комиссар Гайрбеков Муслим вара. Вайнехан дивизи санна, цу муьрехь вовшахтухуш ГIебартойн-Балкхаройн дивизи яра. Юьхьанца уьш вовшахтохархошна тIедиллина дара хIора дивизехь шишша полк хилийтар. Масала цхьа полк нохчех, важа гIалгIайх, цхьа полк гIебартойн, важа полк балкхаройн. Амма тIаьхьо и хьал хийцаделира. Дивизехь хIора къоман цIарах кхоккха полк хила езаш яра. БIаьхошна дин, барзакъ, кхиерг нисъян декхарийлахь республикин куьйгалхой бара, ткъа герз нисдар а, бIаьхой тIом бан Iамор а Къилбаседа Кавказан тIеман округана тIехь дара. Нохч-ГIалгIайчоьнан хIора кIоштахь схьайиллина тIеман штаб яра, шайн лаамехь жигара дIаязлуш вайн махкахой бара. 18 шарера 40 кхаччалц болу къонахий бара ЦIечу Эскаре дIаязбеш. Райкоман, райисполкоман куьйгалхоша ерриге а ярташкара адамаш кIошташка схьагулдой, кхайкхам бора вайн сийлахь, хьоме Даймохк кхерамехь хилар дIахоуьйтуш. Кхана малх схьакхетар бацахь а, яхь дIалур йоцу нохчийн кегий нах, вовшашца йохье буьйлуш, бIаьхойн могIаре дIаязлора. 1941-чу шеран декабрь бутт юккъе а бахале дIаязбелларш сов болуш, 114-гIа Нохч-ГIалгIайн дошлойн дивизи вовшахкхетта яьллера. Дивизехь хила вогIу бIаьхо 3 347 хиллехь, вайнахах цу гIуллакхана араваьлларг 3 961 стаг хилла. Доцца аьлча, хила везачул а сов 614 дошло хилла. Къаьмнех дерг аьлча дивизехь 3 543 нохчо хилла, 441 гIалгIа хилла, 33 хIири хилла, Нохч-ГIалгIайчохь дехачу кхечу къаьмнийн 237 векал хилла цу юкъахь. 1942-чу шеран 1-чу февралехь массо а тIегIанехь кечам бина яьлла муьлххачу тIаме дIахIотта кийча хилла Нохч-ГIалгIайн 114-гIа дивизи. Лакхарчу командованига и хаам дIабахьийтина. Луьрачу тIемашкахь ЦIечу Эскарна уггаре а гIо-накъосталла оьшу хан хилла иза. Москван йистошкахь кхехкаш тIемаш хилла, Ленинградана бина гуо хилла, ГIирмехь а, Украинехь а талораш деш хьийзаш фашисташ хилла. Амма, стенна делахь а Нохч-ГIалгIайн 114-гIа дивизи буьрсачу тIамна юкъаозош ца хилла. Эххар а 1942-чу шеран 3-чу мартехь СССР-н оборонан пачхьалкхан комитетера омра кхаьчна Соьлжа-ГIала, мостагIчунна дуьхьал яккха кечйина яьлла Нохч-ГIалгIайн 114 дивизи дIасаяккхар тIедожош. ДIасаяккхаран бахьана хIинца а цхьанна а хууш дац. Делахь а цу омрица цхьаьна Нохчийчу схьакхаьчна хилла Берия Лаврентера кхин цхьа хаам а; нохчий, гIалгIай тIаме бигар доьхкуш. Цуьнан цабезаман а, хьагI-гамонан орамаш а цкъа гучудеврг хир ду вайна. Амма, хIоьттинчу хьолана орцах бовлу тIеман хьаьттахь шайн синош ца кхоош луьрачу мостагIчух дера леташ хилла вайнехан эпсарш. Цара кехат яздо Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалхошка, тIаме бахка лууш болу вайнехан кегирхой сеца ца беш, тIаме  дIабахкийтар доьхуш. И кехат бахьана долуш, 1942-чу шеран бIаьста  Нохч-ГIалгIайн 114-чу дошлойн дивизин буха тIехь 255-гIа дошлойн полк вовшахтуьйхира. Полкан дуьххьарлера командир Японц Абадиев вара, штабан куьйгалхо, Висаитов Мовлади вара. 1942-чу шеран май бутт  дIаболалуш Абадиев Японц ЦIечу Эскаран кхечу дакъошка хьажийра. 1942-чу шеран 13-чу майхь 255-чу дошлойн полкан командир Висаитов Мовлади хIоттийра. 1942-чу шеран 4-чу июнехь инарла-майора Борис Андреевич Погребовс куьйгалла дечу дошлойн лерринчу корпусах дIатуху  дошлойн 255-гIа полк. Погребовс куьйгалла дечу корпусана юкъайогIуш яра ГIебартойн-Балкхаройн 115-гIа дивизи а, гIалмакхойн 110-гIа дивизи а. ТIаме дIахIиттинчу хьалхарчу деношкахь шайгара йоккха майралла гойтуш бара вайн махкахой. 1942-чу шеран 25-чу июлехь дIаболийра немцойн фашисташа Кавказ схьаяккхаран Iалашо йолу тIемаш. Немцой хилла ца Iаш, Румынера, Словенера салтий хилла цу тIелатаршкахь дакъалоцуш. Амма вайн яхь йолчу кIенташа доьналлица дуьхьало йина царна. Историйн дукха документаш ду СССР-на тIелетта фашисташ юхатохар Сталинградера дIадолийна бохуш. Амма, суна хетарехь иза 1942-чу шеран гуьйранна Нохч-ГIалгIайн махкара дIадолийна. ДIадолоран билгалъяьккхина шен меттиг а, хан а ю. Ищерская станицехь 1942-чу шеран 30-чу ноябрехь Iуьйранна 6 сахьт даьлча дIадолийна контртIелатар бахьанехь Кавказера юхатоха болийна немцойн фашисташ. Кхаа баттахь сов кхихкинчу цу буьрсачу тIемашкахь дакъалоцуш Нохч-ГIалгIайн дошлойн 255-гIа полк хилла. Цу муьрехь ша куьйгалла дечу дошлойн тобанца майор Висаитов Сакка немцоша сийсош йолчу Моздок гIаличу иккхина. Даьхначу таррашца мостагIий эгош цхьана-шина сохьтехь тIом бина, кхин эшам ца хуьлуш юхаваьлла.

Сталинград мостагIех дIацIанъеш хиллачу тIемашкахь доккха дакъалаьцна вайн махкахоша. Инарла Чуйковс куьйгалла деш хиллачу 64-чу эскарна юкъахь хилла цу муьрехь Нохч-ГIалайгIачуьра дошлойн 255-гIа полк. Сталинградана тIебогIу цIерпоштнекъ ларбар тIедиллина хилла вайн махкахошна, цкъачунна юхадолучу Советийн эскарна фашистийн арданга тIе ца кхочуьйтуш. Дукха книгашна тIехь хьахийна бу вайн махкахой, луьрачу тIемашкахь цара гайтина майралла, доьналла дуьйцуш. КIезиг бац царна юкъахь Даймехкан дуьхьа бIаьрганегIар ца тухуш дахар дIаделларш а. Котельниково, Садовое, Цаца-Iам меттигашкахь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцна вайн махкахоша. Къаьсттина луьра даьхкина хилла царна 1942-чу шеран август беттан 3–4-гIий денош. Сталинградана уллохь йолчу Чилеково станцехь цIерпоштнекъана тIехь терго латтош хилла уьш цу деношкахь. Уьттазза ницкъ совболу немцойн 78-гIа бригада хилла кхаьрца и меттиг къуьйсуш. Дуьйцийла йоццуш луьра тIом хилла цигахь дIабоьдуш. Чевнаш хилларш а, кхин цкъа а ца гIовтта эгнарш а дукха хилла. Ца хуьлчу даьлча, накъостий дог-ойла ир-кара хIотто «Девкар-эвла яккхарх» долу нохчийн илли долийна цхьамма, яьллачу цIеран хьиэсапехь боьдуш тIом болуш, дукхах болчу кIенташа тIаьхьара айдина и илли. КIезиг ца хилла царна юкъахь шайна хуучу кепара Делан цIерш йохурш а. Юкъ-кара, хуучо «Ясин» доьшуш хилла, шайх хуьлуш лаьттарг гуш. Цу шина дийнахь 400 гергга турпала бIаьхо дIаваьлла вайн махкахошна юкъара. Висаитов Мовладина еза чевнаш хилла. Цу тIамехь гайтинчу майраллина, доьналлина цунна «ТIеман ЦIечу байракхан» орден елира. Оцу луьрачу тIамехь фашисташна шайн букъ ца гайтина вайн цхьана а махкахочо. И тIом хиллачул тIаьхьа полкехь бисина бIаьхой кIезиг хиларна дIасаяьккхина полк. Чевнаш хилла командир Висаитов Мовлади госпитале хьажийна, кхиболу вайнехан бIаьхой ЦIечу Эскаран кхечу дакъошка дIасабекъна. Царах хIораннах а вай дозалла дан бакъо ю.

А.ГАЗИЕВА

 №20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: