Тахана а билггал хууш дац нохчех Советски Союзан Турпалхочун цIе яла хьалхатеттинарг маса стаг хилла. 2010-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу Ерригроссин Iилманан-практикин конференцехь ша йинчу докладехь историн Iилманийн кандидата Хатуев Ислама чIагIдо уьш 300 сов хилла хилар. Шеко яц и терахь цхьа бух болуш далийна хиларан. Цул сов, и цIе яла шозза а, кхузза а хьалхатеттинарш хилла. Масала: М.Амаев, А.Ахтаев, А.-В.Ахтаев, Д.Акаев, У.Касумов, И.Шаипов, С.Висаитов, М.Мазаев, И.Уциев, иштта кхин а. Амма, мел халахеташ делахь а, тахана цIарца вийца Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь гайтинчу хьуьнаршна «Советски Союзан Турпалхо», «Россин Федерацин Турпалхо» сийлаллин цIерш елларг 9 стаг бен вац вайн. Царах цхьаъ ву Умаров Мовлди.
Турпалхо вина 1921-чу шеран кхолламан (январь) беттан 29-чу дийнахь Шелан кIоштарчу Жимачу АтагIахь. Юьртарчу ворхIшеран школехь дешначул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу «Красный молот» заводехь хилла йолу ФЗУ чекхйоккху цо (фабрично-заводское училище). Цунах а тоам ца беш, хьехархочун балхе шовкъ йолу кIант Эна-Хишкарчу (Серноводск) хьехархойн техникуме деша воьду. Цигара ваьлча, ша дешначу школехь юьртарчу берашна хьеха дагахь хилла хир вара иза, амма Мовлдин хьехархо хила болу лаам, ша сатийсинчул а сов кхочушхуьлу – 1939-чу шарахь тIехдика дешарца техникум чекхъяьккхича, хIара циггахь студенташна хьеха вуьту. Амма Даймахкана тIекхохкаелла лаьттара тIеман Iаьржа мархаш. Оццу шеран ноябрехь ЦIечу Эскаре кхойкху Мовлди. Арханхельскехь дIатаръеллачу гIашлойн полкехь дIаболало бIаьхочун некъ. Кхуо гIуллакх деш хилла полк кестта СССР-н Финляндица хиллачу тIаме хьажайо. ТIеман зеделларг ца хиллехь а, ша доьналла долуш, майра тIемало хилар гойту нохчийн кIанта. Цунна дара тIеман командованис Мовлди Ленинградерчу тIеман гIашлойн училище деша хьажор а. Цига вохуьйтуш, иштта тидаме эцнера хIара техникумехь дешна а, ша эпсар хила лаам болуш а хилар.
Дукха хье ца луш, ийшира тIеман училищехь Iамийнарг. Лейтенантан чинехь, ротин командиран политикин декъехула заместитель волуш, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIаме хIоьттира иза, тIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна. 1941–1942-чуй шерашкахь Мовлдин бIаьхаллин некъах дерг кIезиг хаьа, амма цул тIаьхьа хиллачо хоуьйту иза муха бIаьхо хилла. Малхбузен фронтан командующин 1943-чу шеран 13-чу январехьлерчу омрица Умаров Мовлдина совгIат до ЦIечу Байракхан орденца.
ХIетахь иза лакхара лейтенант а, ротин командир а ву. Чинехь, даржехь лакхаваккхаро а, тIеман орденца совгIат даро а гойту Мовлди шен бIаьхаллин декхаршца дика ларош хилла хилар.
1943-чу шеран 11-чу февралехь лакхарчу лейтенантан М.Умаровн ротас Скучарево юьрта уллохь ларъеш хиллачу чIагIонна кхарел дуккха а сов болчу фашисташа нуьцкъала тIелатар дира. Ротин командира М.Умаровс тIетоха омра ца деш, мелла а герга бахкийтира фашисташ, тIаккха куьйга пулеметашца хIаллакбан болийра мостагIий. ТIелетачийн хьалхара могIа берриге а охьабиллира цIеэскархоша. Амма мостагI къарвала дагахь вацара – кхин а алсамчу ницкъашца чухахбелира фашисташ. ТIаккха, шозза чов хилла волчу Мовлдис, «Даймахкехьа, хьалхахьа, тIелата» маьхьарца, ша хьалха а ваьлла, мостагIчунна дуьхьал гIаттийра шен рота. Оцу буьрсачу тасадаларехь турпалаллица вуьйжира нохчийн кIант, амма мостагI юхавелира, кхеран рота лаьттинчохь 100 сов дакъа а дуьтуш. Оцу тIамехь гайтинчу майраллина хIеттахьехь (1943-чу шеран 18-чу февралехь) Малхбузен фронтан командованис Советски Союзан Турпалхочун цIе яла хьалхатеттира М.Умаров, амма «лакхахь» ца елира. И харцо нисъеш, 1996-чу шеран май беттан 116-чу дийнахь арадаьллачу Россин Президентан Указца Умаров Мовлдина Россин Федерацин Турпалхочун цIе елира (веллачул тIаьхьа).
22 шо бен ца хилла турпалхочун, пен хилла, мостагIчунна дуьхьал гIоттуш. Амма, турпалхошна Iожалла яц, уьш даиманна а баха буьсу халкъан иэсехь. Виц ца вина Мовлди а. Цуьнан цIарах ю Жимачу АтагIара мацах цо дешна школа, юьртахь урам а бу турпалхочун цIарах, ткъа коьртаниг – юьртахоша дозаллица йоккху цуьнан цIе. Умаров Мовлдин бIаьхаллин хьуьнар дика масал ду тахана дахаран новкъа бовлучу кегийрхошна.
АДАМОВ Довт
№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо