Веданхошна дика вевзаш а, дукхавезаш а вара Саралапов Аслаха. КIеззиг цхьана кога таьIаш болар долуш, оьзда куц-кеп долуш, лекхачу дегIехь стаг вара иза. Ширачу журналиста Саракаев Султана (Дала гечдойла цунна) шен хенахь цунах лаьцна олура: «Аслаха массарна а шен цIарца вевзаш велахь а, цуьнан дахаран дIаяхначу хенах лаьцна хууш берш кIезиг бу и вехачу юьртахь а». Иза билггал иштта дан а дара. Цунна, стенна делахь а, ца дезара тIамах лаьцна хестамаш бар, къамелаш дар. Баккхийчара хIетахь олуш ма-хиллара, «Аслаха ша а, шен доьзал а буьйцуш пхьоьхана хуьйшучу къонахех вац», ван а вацара.
Фашистски Германина дуьхьал дIабаьхьначу тIамехь дегIана а, синна а йинчу чевнаша вайна юкъара ткъе кхо шо хьалха дIавигира тIеман жигара дакъалацархо Саралапов Аслаха.
Тахана вайн махкахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина кхузткъе цхьайтта шо кхочучу хенахь вай, дийначеран, церан тIаьхьенийн декхар ду Аслаха а, тIеман берриге а дакъалацархой а дагалацар, царах ала хьакъ долу, довха дош алар.
Ткъа Аслахас тIамехь дакъалацаран хьокъехь долчу къамелана юха тIедоьрзуш ала лаьа, иза 1940-чу шарахь ЦIечу Эскаран могIаршка хIоьттина хилар. Оцу буьрсачу денойх дагадогIург дийцар шега дехча, Аслахас ткъе пхи шо хьалха аьлларг дагадогIу: «Кхечара санна, сайна хьалха хIиттош хилла декхарш кхочушдира ас. ТIамехь соьгара даьлла, хIара ду ала, инзаре хIумма а дац». Юх-юха а хаттарш деш, ша виттане а ца витча, хиъначуьра гIаьттина, стоьлан гIутакх чуьра шира тептарш кегийна, гIеххьа цхардоьлла цхьа кехат схьакховдийра цо, меллаша юха шен метта охьа а хууш.
ТIамехь кхуьнца доттагIалла тасаделлачу оьрсийчо яздина кехат дара иза. Цу тIера иштта могIанаш дийшира ас: «Хьоме доттагI Аслаха! Хьо волчу хьошалгIа ван денош дохкуш Iаш ву со. Амма хьо сов волчу хьошалгIа ван а лаьара суна… Цкъа а дийлур дац суна, чевнаш а хилла, вайшиъ госпитале вигна де. ДагадогIий хьуна, настарх еза чов а хилла со кIелвисча, аьтту пхьаьрсах хьайна хилла чов ца хьехош, айхьа со тIамна юьстахваккхар…».
Ала деза, кехат язина волу Буркин Михаил Аслахан командир хилла хилар. Цуьнах лаьцна, тхан дехарца, тIаьхьо дийцира Саралаповс. Аьлча а, тIеман цхьана дийнах лаьцна доцца дийцир-кха. Деккъа цхьана дийнах лаьцна.
– Буркин тхан ротан командир волуш тхо карело-фински агIор немецко-фашистски эскарша Ленинградана лаьцна го (блокада) баста йолчу Iалашонца тIемаш беш дара. Тхан взводана тIедиллира немцоша Ленинградана тIееттачу йоккхачу тоьпан цхьа расчет хIаллакйина дIаяккхар. Буркин хьалха а волуш, тхо и расчет йохо тIегIоьртира. Боккха ницкъ, эшам ца хуьлуш кхочушдира оха и декхар – йоккха топ схьаяьккхира. Амма оцу минотехь, пулеметийн цIе етташ, тхуна чухецаелира фашистийн йиъ танк.
Ирча хьовха, баккъал а кхераме хьал дара тхуна тIехIоьттинарг. Делахь а, цхьа а шен син ойла еш, кхеравелла вацара. Тхох хIора а тIамна кечвелира. Соьца цхьаьна вара Сангириев (нохчи). Гранаташ вовшах а йихкина, танканашна дуьхьало ян сецира и догмайра турпалхо. Йоккхачу тоьпан снарядо я бомбано даьккхинчу ор чу а текхна, дIатебира иза. МостагIийн танк гергакхоччушехь гранатийн «кочар» цунна тIекхоьссира цо, лечкъинчуьра хьала а эккхаш. Танканах цIе хьаьрчира. ШолгIачу танки чуьра схьатоьхначу герзо Сангириев дахарх хадийра. Иза, хьошуш, тIех а яьлла схьайогIу танк а йохийра тхан накъосташа. Эццахь чов хилира тхан ротин командирана М.Буркинна. ХIоъ кхеттера сан аьтту пхьаьрсах а.
Тхойшиъ волчу агIор тIегIерташ йовссарийн танканаш яра. Командир кIелхьараваккха везара, хIуъа дина а. Оцу ойлано ницкъ белира сунна…
ТIаккха, лакхахь хьахийна ма-хиллара, юьстахвелира Аслаха. Ор чохь дIалечкъира. Фашистийн танканашна дуьхьало ян ницкъ а, герз а дацара кхуьнгахь. Уьш тIехъевлла дIаяхара. Бакъду, дукха гена-м ца евлира. Кхеран накъосташа йохийра уьш. Кхузара тIом гIелбелча, текхна тIебаьхкинчу санитараша тIеман госпитале дIавигийтира и шиъ.
Иштта дара оцу буьрсачу тIеман эзарнаш денойх цхьа де. Саралаповс цунах лаьцна а дукха къовзийна дийцира тхуна хIетахь. Ткъа оцу шерашкахь гайтинчу майраллина а, хьуьнаршна а шена деллачу совгIатех лаьцна дийцанне а ца дийцира цо, шега и дийцар дехча. «Оха массара а дийриг юкъара цхьа гIуллакх дара, совгIаташ хIетахь дагахь а дацара», элира цо. Ала дашна, цунна деллачу совгIаташна юкъахь яра масех орден а, кхоъ-йиъ мидал а хIинца йицъелла церан цIерш а.
С.ХАСАНОВ
№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо