Узуев Мохьмад (1917 шо, Итон-Кхаьлла, Теркан область, Росси – 1941-чу шеран 22-гIа июнь, Брестан гIап, Белоруссин ССР, СССР) – нохчи, белхалой-латталелорхойн ЦIен Эскаран (РККА) лакхара сержант, Даймехкан Сийлахьчу тIеман дакъалацархо 6-чу Орловски ЦIечу Байракхан дивизин 333-чу Iаморан взводан стрелкови полкан командиран заместитель, Россин Федерацин Турпалхо (1996 шо, веллачул тIаьхьа елла цунна Сийлаллин цIе).
Вина 1917-чу шарахь Теркан областан Нохчийн округан Итон-Кхаьлла юьртахь тIеман гIуллакххочун доьзалехь. 1937-чу шарахь чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан институтан белхахойн факультет. Болх бина Итон-Кхаьллан ВКП-н(б) райкомехь.
1940-чу шарахь ЦIен Эскаран Брестерчу Белоруссин Къаьсттинчу тIеман округан 6-чу стрелкови дивизехь бIаьхаллин декхар кхочушдан долийна. Циггахь чекхъяьккхина лахарчу командни хIоттаман школа. Цул тIаьхьа 333-чу Iаморан взводан командиран заместитель а хIоттийна.
1941-чу шеран 22-чу июнехь тIом болабелча 333-чу полкехь хилла Брест гIопан Терасполан кевнаш долччохь йолчу полкан казармашкахь хилла. Цундела мостагIчун уггаре а хьалхалера тохарш кхаьчна оцу полкана. Цу дийнахь, немцой гIопана чукхаьчча, шен дегIах гранаташ а йихкина, мостагIашна юкъаиккхина Узуев Мохьмад.
1996-чу шеран 19-чу февралехь Узуев Мохьмадна Россин Федерацин Турпалхо аьлла, Сийлаллин мидал елла (веллачул тIаьхьа).
Цуьнан цIе дIаязйина ю Брестан гIопан бIаьхойн мемориала тIехь.
Органан дозанан тобанан «Хачарой-Эхк» гIап Узуев Мохьмадан цIе лелош ю.
Цуьнан цIарах урамаш ду Соьлжа-ГIалахь а, Итон-Кхаьллахь а.
И.ИСЛАМОВ
№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо