«Къоман мостагI» а, турпалхо а

 Командор Андре – шен цIахь «къоман мостагI», ткъа генарчу Францехь турпалхо. Цунах лаьцна хууш дукха дац. Книгаш яц иза хестош, цуьнан синна кинош а ца яьхна: «къоман мостагI» хила йиш ца хилла турпалхо а, Сийлаллин Орденан Легион а. Устарханов Iалавди французийн Дуьхьалонан турпалхо хилар цхьаболчарна бен хууш дац. Ткъа цо ша иза дуьйцуш а ца хилла…152254_original

1941-чу шарахь, шен лаамца, фашистийн Германица тIом бан вахана ТIехьа-МартантIера жима стаг. Цу хенахь цхьанна а моьттина хир дац, масех шо даьлча, оцу кIентан цIе ерриге а Европина евзаш хир ю, ткъа Даймахко иза къайла хьур ду аьлла. ТIом болабалале иза Устарханов Iалавди вара, ткъа командор Андре – иза болабелча. Цул тIаьхьа гуттаренна йисина цунна иштта цIе.

Чов хилар бахьана долуш фашистийн йийсаре ваханчу Iалавдин маситтазза таро хиллера йийсарера вада. Амма, хIоразза а иза юхаверзавора. Эххар а Французийн а, советийн а эпсарийн аьтто белира йийсарера бовда. Юха фашистийн кара а ца боьлхуш. Ткъа цунна хуийла дацара, нохчийн салтий а, эпсарш а санна, ша а «къоман мостагIийн» могIарехь вуйла.

Iалавдица волчу французийн эпсарна чов хилар бахьана долуш, цуьнан иза шен гехь дIавига дезна. Гехь хьош эпсар а волуш, цо бина болу некъ ма-барра бевзаш бац, амма бакъду, иза французийн Альпашкахула хилла хилар. Цо Iожаллех кIелхьараваьккхина французийн эпсар, шен нахе дIакхачийна – фашисташна дуьхьало яран тIемалошка. Цул тIаьхьа ша а лаьцна цунна юкъахь жигара дакъа. Цуьнан тIеман хьуьнаро везавалийтина иза французашна. ТIеман накъосташа «командор Андре» аьлла цIе тиллина цунна. Чехкка мотоцикла тIехь мостагIийн штаба тIе а воьдуш, герз тухуш хилла цо арахь лаьттачу бIаьхоьшна а, эпсаршна а. ГIараваьллачу Инарлас Де Гола ша елла Iалавдина Сийлаллин Легионан Орден.

ТIом чекхбаьлча, Даймахка цIавирзина Iалавди. Шен къам махкахдаьккхина хилар хиъча, цо лайнарг вайна хуур дац. Францехь турпалхо вара иза, амма цIахь, Даймахкахь, тIеман эпсар волчуьра, «къоман мостагI» хилира цунах. ХIетте а, шен цхьаболу гергарнаш карабо командор Андрена. Цаьрца ваха а хуу иза. Делахь а, дукха ца дахло цуьнан «маьрша» дахар.

НКВД-н Казахстанерчу Урхаллас «фашистийн йийсарехь лаьттина волу эпсар», ерриге а мидалш дIа а йохуш, итт шо хан а тухий, ГУЛАГ-н Магаданерчу набахте хьажаво иза.

Нохчийн къомана Даймахка цIадерза бакъо елча, цIа воьрзу иза. Гергарчарех наггахь верг бен дийна ца хуьлу цуьнан. 1959-чу шарахь ТIехьа-МартантIерчу ДОСААФе балхахIутту иза.

Цул тIаьхьа, ши шо даьлча, 1961-чу шарахь Соьлжа-ГIалара йоккха делегаци кхочу ТIехьа-МартантIе, шайна юкъахь республикин КГБ-н а, партин а векалш болуш. ТIехьамартанхой цец ца бовлу йийсарехь лаьттинчу  эпсарна хьеший баьхкича. Делахь а, цецбовла хIума-м дара царна. Оцу юьртахь цкъа а ца хиллера иштта дукха Соьлжа-ГIалара баккхий хьеший.

Баьхкинчу хьешийн сацамца, Iалавди чохь Iаш хилла долу жима цIа сихаллица тодан а, кечдан а доладо. Цул сов, цуьнан цIенна тIебоьдуш асфальт а буьллу. Советийн заманахь иза цецваллал хIума дара алар хIумма а ца алар санна ду.

ТIехьамартанхошна дукха ца Iаш хиира Соьлжа-ГIалара хьеший бахкаран бахьана. Парижехь Хрущев Никитица шен хиллачу цхьаьнакхетарехь, инарлас Де Гола хаьттина хилла нохчичух лаьцна: – Муха Iаш ву цигахь тхан командор Андре? – аьлла. – Дика Iаш ву, – аьлла, жоп делла хилла Хрущевс, «Андре» мила ву шена аьттехьа а ца хуъушехь. Циггахь Де Гола хаам бина Хрущевга, Андрен тIеман накъостий иза волчу хьошалгIа бахка лууш бу аьлла. Реза ца хила йиш яцара. КГБ-с Iуналла а деш, французаш ТIехьа-МартантIе кхочу. Уьш бахкар а, цара Iалавдина керла мотоцикл (французийн  Дуьхьалонехь цо лелийна хилла йолу) яр а, КГБ иза мел къайладахьа гIертарх а, сиха даьржа Нохчийчохь.

Цхьаьнакхетар дукха ца лаьтта. Французаша Iалавди шайга хьошалгIа кхойкху, инарла Де Голелхула Хрущевга дехар дийр ду шаьш олий. Цул тIаьхьа шен мотоцикла тIехь Соьлжа-ГIала схьабалабо цо хьеший.

Хьеший новкъа а баьхна, юхавогIуш, СемаIашкана гена доццучу «тIай тIера хи чу южу цуьнан мотоцикл». Хи 1 метр кIорга а доццушехь, Iалавдин цу чохь валар нисло.

Цуьнан 45 шо хилла … Стаг уггаре а кхуьу хан.

И.ХАСАХАНОВ

№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: