Шеман Iедалан эскарша, гIаттамхошца цхьаьна, кхиамца дIахьош ду «Иблисан пачхьалкхан» гIеранех ярташ, гIаланаш цIанъяр. Царна кеманашца гIо деш бу Россин тIеман-космосан ницкъаш.
***
Хонкаран эскарш Шема гIорта кечамбеш хиларца доьзна «НеIарш дIакъевлина» кхеташо дIаяьхьира ООН-н Кхерамазаллин Совето.
***
США-н хIаваан-тIеман ницкъийн кеманаша бомбанаш, ракеташ тоьхна Ливин къилбаседерчу ярташна. Цигахь лаххара а 40 стаг вийна, чевнаш йинарш кхин а алсам бу.
***
Хонкарарчу Анкара шахьарахь масех де хьалха йинчу терактех долу жоьпалла шайна тIелаьцна курдийн тIемалоша. Юьхьанца и зулам шаьш ца дина бехира цара.
***
Камерунан къилбаседа декъехь теракт яр бахьанехь ткъех стаг кхелхина, чевнаш хилларш кхин а алсам бу.
***
Дуьненаюкъарчу валютийн фондан директор юха а хаьржина хьалха а оцу даржехь хилла йолу Лагард Кристин. Пхеа шарна тешийна цунах и жоьпаллин дарж.
***
Норвегехь дIадаьхьира НАТО-н эскарийн тIеман Iамораш. «Шийла жоп» аьлла болчу кхайкхамца дIахьош долчу оцу Iаморашкахь дакъалоцуш вара 15 эзар бIахо а, масех бIе бронетехника а.
***
Селхана Украинехь хилира Францин а, Германин а кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министраш. Церан цхьаьнакхетарш хилира Украинин куьйгалхошца.
***
Деккъа цхьана 2015-чу шарахь Украинера кхечу пачхьалкхашка Iен а, ваха а дIавахана ши бIе эзар гергга стаг. Цу юкъа богIуш бац Росси схьакхелхинарш.
***
Россин Президентан В.Путинан телефонехула къамел хилира СаIудийн Аравин паччахьца Аль СаIудца. Цара дийцаре дира Шемара хьал а, иза маслаIатан некъа тIе даккхарехьа дан догIу гIуллакхаш а.
***
В.Путина правительствона тIедиллина 15-гIа март тIекхачале коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран керла план кечъяр.
***
Россин премьер-министра Д.Медведевс Саровехь дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира суперкомпьютерни технологийн хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Россин МИД-н куьйгалхо Лавров Сергей цхьаьнакхийтира Израилан МИД-н генеральни директорца Дори Голдаца. Цара дийцира Израилан а, Палестинин а юкъаметтигех лаьцна.
№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо