Даймохк ларбархочун де билгалдаьккхира

IMG_0507Кху деношкахь Соьлжа-Г1аларчу Зорбанан ц1ийнехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министерствос д1адаьхьира Даймохк ларбархочун денна лерина цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин т1еман комиссар Джейраханов Ахьмад, «Овг1анан ветеранийн Россин союз» ерригроссин организацин нохчийн регионан отделенин куьйгалхо Асуев Саламу, иштта кхиболу хьеший. Умаров Джамбулата шен чулацамечу къамелехь билгалдаьккхира Нохчийчуьра яхь йолу к1ентий сийлахьчу Даймехкан маршо ларъечохь даима хьалхарчийн мог1аршкахь хилла хилар а, т1ейог1учу хенахь а нохчий Россина муьт1ахь хирг хиларх, цхьанна а кепара шеко ца хилар а. Дала г1азот къобалдойла цуьнан, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа цунна къеггина тоьшалла хилар т1еч1аг1дира министра, шен къамел дерзош.

Оццу маь1нехь къамел дара комиссара Джейраханов Ахьмада динарг а. Таханлерчу кегийрхойн чкъор 1аламат дикачу гайтамашца Россин эскарехь г1уллакхаш деш хилар хьахийра Нохчийн Республикин т1еман комиссара.

Цул т1аьхьа, Даймехкан сийлалла, цунна тешаме хила дезар дуьйцуш къамелаш дира гулбеллачара. Концертаца дерзийра и мехала цхьанакхетар.

А. ДАЧАЕВА

 №20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: