Кхиазхошна бакъдолчу динах лаьцна дийцира

2015-чу шеран 18-чу февралехь, Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждига чохь Нохчийн Республикерчу Iеламнехан хьехамашка ладуьйгIира 10 эзар сов кхиазхочо.maxresdefault

  И гулам лерина бара экстремизмана, ваххабизмана дуьхьал къийсам дIабахьарна, иштта кегийрхошна а, кхиазхошна а царах долуш долу зулам довзийтарна. Цуьнан коьрта Iалашо яра уьш ларбар а, шаьш ларбала безаш хилар хаийтар а.

Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочо Межиев Салахь-Хьаьжас дехар дира гулбеллачаьрга, интернетехула харц хьехамашка ла а ца дуьйгIуш, шайна довза лууш дерг шайн ярташкарчу маьждигийн имамашка хаттахьара аьлла.

– Ваххабиташ юкъабевлчахьана а къизаллаш, зуламаш лелийна бу. Бусалбанийн динца доьзна цхьа хIума дац церан. Ислам динна дуьхьал ду цара лелош дерш. Таханлерчу дийнахь оцу зуламхоша дIахьош ю кегийрхой Iехоран политика, церан хIинца а кхиаза долу хьекъалш харц хьехамашца талхадо цара. Жимачохь шайга дIадуьйцучух милла а теша, цундела бакъдолчу Ислам динах болу церан хаамаш алссамбаха беза, – бохура С.Межиевс. – Интернетехула зуламхойн хьехамашка ладийгIа мегар дац, – юх-юха а билгалдаьккхира цо.

Иштта кар-кара а оьцуш дуккха а дийцира Iеламнаха, оцу вахабиташа шайн харц хьехамашца корта хьовзош хиларх лаьцна.

Салафизм олучу тобано ваххабизман ойланаш къобалйо, Iеламнаха дийцарехь. Ваххабизмаца йоьзна нехан вуон ойланаш хилар бахьана долуш, шайн тобанна «салафиташ» аьлла цIе тиллина цара, цу кепара шайн могIанаш шордан лаарца.

Кхузахь билгалдаьккхира гулбеллачарна юкъахь дукхахберш Нохчийчохь тIеман компанеш хиллачул тIаьхьа, дуьнен чу бевла кхиазхой хилар. Цундела, царна ца хаьа Нохчийчохь Ислам дин галдаккха гIерташ ваххабиташа мел дукха зуламаш дина.

Iеламнах хьехамаш бина бевлачул тIаьхьа, кхиазхошка хаттарш дайтира. Цара хаийтира мел дукха интернет ресурсаш хиларх а, шайна республикерчу Iеламнаха бечу хьехамашка ладогIар дуккха а пайде а, мехала а хеташ хилар.

Цхьаьнакхетар дерзийра цхьаьний жамаIатца делкъан ламаз дарца.

 

Хь.ЭЛЬБЕРТОВА

№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: