Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

   Хьомсара махкахой!

Декъалдо шу Даймохк ларбархочун денца – майрачу, нуьцкъалчу, оьздачу адамийн денца. Вай тахана декъалбо вайн сийлахь-боккхачу Даймехкан хьашташна, кхерамазаллина гIаролехь лаьтташ берш, берриге а.

   БIаьхаллин къинхьегаман къаьсттина боккха сий-ларам бу нохчийн халкъо, ткъа бIаьхаллин гIуллакхдар шаьш-шайн цакхоочу а, хьаналчу а адамийн декхар лору. Вайн республико махкана цхьамогIа турпалхой белла. Цара хьанал гIуллакхдина Даймахкана, цуьнан дуьхьа шайн синош дIа а делла. Цунна бIаьрла масал ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цуьнан тешамечу эзарнаш бIанакъостийн а цкъа а лийр доцу хьуьнар а, турпалалла а. Цара луьра къийсам дIабаьхьира вайн пачхьалкхан цхьааллина а, йозуш ца хиларна а тIекхевдинчу дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал. Шайн Даймехкан хьашташ лардеш эга а ийгира уьш.

Тахана Нохчийн Республика Iен а, ваха а мехкан маьрша субъект ю. Кхузахь кхуьуш ду экономикин дерриге а дакъош, когахIоьттина культура, чIагIлуш ю ийманан-оьздангаллин мехаллаш. Вай тешамца хьуьйсу кханалерчу дийне. Иза, уггаре  а хьалха, герз кара а эцна, шайн Даймохк ларбан дIахIиттинчеран хьуьнарш бахьанехь ду. Тахана вайн махкахой, дайн, дедайн ламасташ а лардеш, тешамца а, бакъонца а, хьанал а гIуллакхдеш бу Россина.

Вай боккха сий-ларам а бо, иэсехь а латтабо вайн юкъарчу Даймахкахь машар а, синтем а, токхе дахар а хилийтарехьа шайн дахарш дIаделларш. Даима а сий хуьлда церан!

Хьомсара махкахой! Лаьа шун дахар даима а маьрша хуьлийла, стигал даима а маьрша, екхна хуьлийла, доьзалехь беркат лаьттийла. Кхиамаш хуьлда шун!

№20, шинара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: