Майралла – син башхалла

Къона суьрташдахкархо Умарова Асет дика евза искусство езархошна. Иза доккха хиндерг долу похIме говзанча ю суьрташдахкаран искусствехь. 20-чу февралехь Соьлжа-ГIалахь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу пачхьалкхан галерейхь цуьнан белхийн гайтам схьабиллира «Майралла – син башхалла» аьллачу кхайкхамца. Даймохк ларбархочун денна лерина вовшахтоьхна автора шен гайтам. Хьовсархойн кхиэле диллина 53 сурт.IMG_3295

   Суьрташдахкархо къахьоьгуш ю графически импрессионизм жанрехь. А.Умарован суьрташ гайтамехь хилла Европин, Россин дуккха а гIаланийн музейшкахь, галерейшкахь. Царах 3 персональни гайтам Гуьржийчоьнан Тбилисин а, Италин Витторио-Венето а гIаланашкахь хилла. Италин гIаланашкахь 2013-чу шарахь 12 гайтам хилла, ткъа Соьлжа-ГIалахь дуьххьарлера гайтам 2009-чу шарахь хилира цуьнан. Ала деза, А.Умаровас 2012-чу шарахь Iамаркехь Talenthouse организацис вовшахтоьхначу конкурсехь «Тоьлла художник, дизайнер – 2012» номинацехь шолгIа меттиг яьккхина хилар.

Суьртийн автор персональни гайтам схьабелларца декъалъян баьхкинера яздархой, художникаш, цуьнан доттагIий, гергара нах, дешархой, студенташ. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин Парламентан дупутат Алхазуров Мохьмад. Кхоллараллин новкъахь керла кхиамаш бахарца декъал а еш, авторан суьрташкахь шатайпаналла хаалуш хилар билгалдира М.Алхазуровс. «Асет евза дукха хан ю. Иза доккха похIма долу адам ду. Ша дийриг даггара а, синъайамца а до Асета» – элира цо. Галерейн директора Исраилов Iумар-Асхьаба Баркаллин кехат делира гайтаман авторна. Цо билгалдира Умарова Асета нохчийн культура кхиорехь лоцуш долу доккха дакъа.

Шен рогIехь, Умарова Асета баркалла элира ша а, шен белхаш а леррина гайтаме бехкинчу нахана. Хазахетарца билгалдаьккхира хIокху гайтамехь хьовсархойн кхиэле диллинарг 50 сов сурт хилар.

– Иза кхиам бу. Хьалха 20 сурт бен ца хуьлура сан. Ма-дарра аьлча, «персональни» гайтам вовшахтохар а, схьабеллар а хIора суьрташдахкархочун кхолламехь башха хилам бу. Цо шен синан къайле, сатийсам а гойту де ду иза. Хьалха ручкица, къоламца дохкура ас сайн суьрташ, ткъа хIокху тIаьхьарчу 3 шарахь ватманан къорза кехат леладо, кIайн а, Iаьржачу а басарех пайда а оьцуш. ХIора сурт – иза истори ю, цхьацца сибатийн, хьаьркийн гIоьнца гайта лиъна йолу. Кхоллараллехь даима а ца хуьлу шера некъаш, «кхоллараллин кризис» а хуьлу. Суьрташдахкарал сов, журналистика а, аниматорство а еза суна. Сурт дилла гIора ца хилча, яздан йолало со», – боху Асета. Гайтам март бутт юккъе баххалц лаьттар бу. Республикин бахархошна а, вай долчу богIучу хьешашна а хаза кхаъ хир бу Умарова Асетан суьртийн гайтаме кхачар.

З.ШАЛИЕВА

Авторан суьрта тIехь: Умарова Асетан суьртийн гайтам

№21, еара, чиллин (февраль) беттан 25-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: