1964-чу шарахь араяьллера нохчийн фольклоран III том, хIоттийнарг Эльмурзаев Серажди а волуш. ХIетахь дуьйна а юха арахоьцийла ца хиллера иза. Цундела, лахарх карош а яцара, ткъа оьшуш яра къаьсттина нохчийн литературин хьехархошна, студенташна, халкъан барта кхолларалле хьашт мел долчунна а. ДIадахана шо чекхдолуш Нохчийн Республикин Iилманийн академис дуьххьара юха арахецна «Нохчийн фольклор». Хазахеташ ду кхоалгIачу томан дуьххьарлера юхаарахецар (первое переиздание) Эльмурзаев Сераждин цIарца зорба тоьхна хилар. Иштта баркаллица билгалдаккха догIу, фольклоран книга зорбане кечъеш а, мехала тIетохарш деш а, беркате къахьегна книгийн жоьпаллин редактора, филологин Iилманийн кандидата Мунаев ИсмаьIала. Цо яздинчу хьалхарчу дашца йовзуьйту оха Нохчийн фольклоран III-гIа том.
Нохчийн фольклоран 3-гIа том (наьрт-аьрстхойх лаьцна дийцарш, туьйранаш) арахецна шовзткъе итт шо хан-зама яьлла. И жайна хIоттийнарг, нохчийн фольклор гулъеш, толлуш, зорба тухуш хьанал къахьегна волу Давлетгири-Эвлара Эльмурзаев Серажди ву.
Нохчийн къам дохийначуьра ДегIастана цIадеанчу хенахь Кавказехь долчу къаьмнийн Iилманчийн къийсамаш хилла наьртийн турпалаллин эпосах лаьцна. ХIирийн, гIебартойн, кхечу къаьмнийн дуккха а тексташ зорбане евлла а, теллина а хилла. Вайн къам дукхе-дукха тIаьхьадиснийла а хууш, боккха болх бина Сераждис а, цуьнан накъосташа а. Иштта, зорбане яьллачу наьрт-аьрстхойх лаьцна йолу кхоалгIа том а (дийцарш, туьйранаш), оцу ширачу турпалаллин эпосах лаьцна йолу Эльмурзаев Сераждин Iилманан статья а къаьсттина мехалла йолуш хилла цу заманахь а, хIинца а. Наьртех лаьцна йолу и шира турпалаллин эпос нохчийн къоман хилар чIагIдарна, и эпос Кавказан къаьмнийн юкъара хиларан кхетамна а гIо дина оцу балхо.
Цул совнаха, нохчийн ширачу эпосан шатайпа йолу башхаллаш а, кхечу къаьмнийн эпосашца цхьаьнайогIуш йолу аматаш а къастийна Сераждис. И болх ша бина ваьлча а тоам ца беш, цул тIаьхьа а наьрт-аьрстхойх долу дийцарш а, туьйранаш а гулдеш, хьанал къахьегна фольклориста Эльмурзаев Сераждис. Цо Нажи-Юьртан, Гуьмсан, Шелан, иштта кхечу районашкахь а дIаязйина фольклоран произведенеш Iилманан-талламан Институтан архивехь дукха яра, амма 1995-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь тIом болчу хенахь хIаллакьхилира уьш.
Оцу институтехь болх бечу хенахь уьш йоьшуш, царах пайдаэцна ас а. Цхьаццайолчарна, айса зорбане кечъеш хиллачу фольклоран сборникна юкъаяхийта Iалашо йолуш, зорба тохийтинера. Уьш хIаллак ца хуьлуш йисна. ХIокху кхоалгIачу томан хьалхара переиздани Эльмурзаев Сераждин цIарца зорба тухуш а ю.
Цул совнаха, вайн нохчийн къам Юккъерчу Азе кхалхоле хьалха Сулейманов Ахьмада дIаяздина «Пхьаьри» цIе йолу инзаре-тамашийна туьйранийн аматаш долу мифологин шира дийцар а ду зорба тухуш. Цуьнан мехалла къастош профессора К.З.Чокаевс бина кIорггера Iилманан белхаш а балийна, дешархошка тидаме эцийта.
1975-чу шарахь Iилманан институте веара Гуьмсерчу хьехархойн училищехь нохчийн мотт хьоьхуш волу товш куц-кеп долуш цхьа жима стаг. Шен студенташка дIаязъяйтина фольклоран произведенеш тIехь йолу тетрадаш деанера цо. Кхин цуьнан цIе хатта тхо ца кхуьуш, дIавахара иза. Церан тексташ а кху сборникна юкъа яхана.
1980-чу шарахь Нажи-Юьртан районехь фольклоран экспедици эцна вахана болх бинера ас ЧИГУ-н студенташца. Цара гулйина тексташ а ю зорба тухуш.
Къаьсттина ала деза профессора В.Д.Тимаевс 1965–66-чуй шерашкахь цу хенахь Советски районехь диалектан башхаллаш ларъеш дIаязйинчу текстех. Вай хьалха керла зорбане яьккхинчу фольклоран шолгIачу тома юкъадахара цо дIаяздина туьйранаш. Ткъа хIинца вай зорба туху наьрт-аьрстхойх лаьцна туьйранаш а, дийцарш а. Иштта вайна гIо деш туьйранаш гулдеш, зорба тухуш къахьоьгуш ДаьргIара Балтукаев Къалун а ву.
Вай цIе яьккхина бакъдуьнена дIабаханчу нахана АллахI-Дала гечдойла. Цара, нохчийн къоман иэс лардеш, хьегна къа меле хуьлда. ХIинца болчарна могашалла а лойла, уьш дукха а бехийла.
И.Б.МУНАЕВ
№21, еара, чиллин (февраль) беттан 25-гIа де, 2016 шо