Кавказан яздархойн цхьаьнакхетар

     Дукха хан йоццуш, Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекехь «Кавказан яздархой» клубан декъашхойн цхьаьнакхетар хилира. Цигахь дакъалоцуш бара: Кхарачойн-Чергазийчоьнан халкъан поэт Гуртуев Саляхь, профессор, филологин Iилманийн доктор Хокуашева Мадина, Дагестанан халкъан поэт Насрулаев Мохьмад, Дагестанан яздархо Умаханов Керимхан, Къилбаседа ХIирийчоь – (Аланин) яздархо, прозаик Гоцалов Борис, ГIебартойн-Балкхаройчуьра прозаик, документалист Османов Iийса, Нохчийн Республикин яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, Нохчийн Республикин халкъан яздархой – Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, яздархо Минкаилов Эльбрус, филологин Iилманийн кандидат Джамбеков Овхьад, Нохчийн Республикин книгийн издательствон директор Матаев Анзор, иштта кхиболу «Кавказан яздархой» клубан декъашхой.гости

      Цхьаьнакхетар долийра хьешашка салам-маршалла хаттарца. Цул тIаьхьа «Кавказан яздархой» клубан куьйгалхочо Гуртуев Саляхьа клубан декъашхойн цIарах юбилейца Ахмадов Муса декъал а веш, иза оцу клубан керла Президент вуйла хаийтира цхьаьнакхетаран дакъалацархошна. Нохчийн халкъан яздархочо шена тIедехкина декхарш кхиамца кхочушдийриг хиларх ша тешаш хилар а хаийтира цо.

Ибрагимов Кантас элира:

– Боккха кхаъ бу тахана шу Нохчийчохь хилар. Иштта цхьаьнакхетарш сих-сиха хила дезаш дара. ХIора а къоман шен-шен мотт белахь а, вай дерриге а Кавказан адамаш ду. Кавказан яздархойн шен клуб хилар мехала ду. Вайна бовза беза вайн яздархой, церан произведенеш.

ХIора а къоман дика бевзаш, похIма долуш яздархой бу. Ткъа оха дозалла до Нохчийн халкъан яздархо Ахмадов Муса тхайн къомах хиларх. Иза дика вевзаш ву Нохчийчохь а, цул арахьа а. Цуьнан говзаршна тIехь хIиттийна дуккха а спектаклаш ю. Нохчийчохь кхин драматургаш бац бохург дац иза, Мусан произведенеш дош ира долуш, чулацам кIорга болуш хуьлу. Халкъо езаш тIеоьцу цуьнан произведенеш а, цуьнан пьесаш тIехь хIиттош йолу спектаклаш а. Дукха хан йоццуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана лаккхара мах хадийра яздархочун къинхьегаман. Россин Турпалхочун, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах орден елира цунна. Иза Россин муьлххачу а гражданинна мехала совгIат ду. Дала тIаьхье беркате йойла. «Кавказан яздархой» клубан кхоллараллехь баккхий кхиамаш хуьлда, – дерзийра шен къамел К.Ибрагимовс.

Хьешаша шайн къамелашкахь билгалдаьккхира Ахмадов Муса похIме яздархо, дика накъост, шен сий-ларам баре кхаьчна стаг хилар. Иза шайна вевзаш хилар доккха совгIат хеташ хилар а хаийтира цара.

«Кавказан яздархой» клубан декъашхоша М.Ахмадовна Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца а совгIаташ дира. Цул тIаьхьа, яздархошна «Кавказан яздархойн клуб» цIе йолу книгаш елира.

Цхьаьнакхетар дерзош М.Ахмадовс баркалла элира и тайпа довха дешнаш шена аларна.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: «Кавказан яздархой» клубан декъашхойн цхьаьнакхетар

№21, еара, чиллин (февраль) беттан 25-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: