Вайн Аману!

???? ???????? ?????? ?????????

Нохчийн халкъаца дика а, вуон а доькъуш, даима цуьнца цхьаьна яьхна, еха Несин Аймани. Тахана вайн республикехь  хьовха луларчу  регионашкахь  а наггахь стаг хир  вац Айманин, цуьнан  куьйгаллица болх беш йолчу  Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах  йолчу юкъараллин  фондан комаьршонах лаьцна дуьйцуш хазаза. Нохчийчуьрчу, Дагестанерчу, ГIалгIайчуьрчу  эзарнаш, эзарнаш нахана сагIийна кхачанан сурсаташ дохьуьйту цо кест-кеста, берашна дарбанаш леладайта ахчанца гIодинарш а бац  кхин  кIезиг.

Кадырова Айманис  гIо-накъосталла дар бахьанехь  вайн  бIеннаш махкахойн  аьтто хилла шайна цIенош дан, могашалла  лело, шайн гIуллакх дIадоло, когахIотта. Цуьнан сий-ларам  беш, тахана халкъалахь  Аману олу цунах.
Тахана гучуяьлла яц  Айманин комаьршалла. Тахана гучудаьлла дац цуьнан  ийман, догдикалла, гIиллакх, эхь-бехк. И дикаллаш, мехаллаш даима  хилла цуьнца. Хилла вайн  халкъана  хала киртигаш тIехIиттича, зиэран  муьраш  даьхкича – массо а  хенахь. Орамера  схьа ду и  дерриге а.

Несин Аймани хIокху дуьнен чу еана вайн  халкъ  махках  даьккхинчу луьрачу,  къизачу хенахь. Оцу хенан къаьхьа  чам бевзина ю иза. ХIетте  а цуьнан  ден-ненан  оцу халонашкахь а ницкъ кхаьчна йоIехь адамалла, бусалбалла, эхь-бехк, стогалла  кхион. Жимчохь  дуьйна марздина ламаз-марха, Іамийна хьанал-хьарам къасто, халонашна бIо ца  къажо.

И дерриге а эшна цунна ша йоккха хилча, дахаран  чордачу  некъа  тIе   хIоьттича. Айманигахь доккха ийман а, собар а, доьналла а, стогалла  а ца  хиллехь Ахьмад-Хьаьжина а хала хилла хир дара халкъ  хIаллакьхиларан  зиле  хIоьттича цунна  хьалхавала, цунах  долу жоьпалла шена  тIелаца.  Оцу  луьрачу  хенахь цунна тешаме гIортор  хилла  дIахIоьттира Аймани. Кхерчан  йовхо, аьхналла латтийра цо  Ахьмад-Хьаьжина. Иза къонахчунна  кIезиг  хIума дац.

Цо лайнарг  лалур долуш дукха  зударий  бац  нана-Нохчийчохь. ХIинца-м,  тIеман кIуьрлара девлла машаран  новкъа  довлуш дара вай  аьлла хеттачу  хенахь  ямартчу мостагIийн  карах  Ахьмад-Хьаьжа велла йисира  иза. Оцу бохамо  Iовжийна  доьлхучуьра  дог-бIаьрг сацале Делан кхиэле  вирзира кIант – Зелимха… И дерриге а лан мел доккха ийман, собар  оьшу! Мел  доккха  ийман, собар  оьшу  цул тIаьхьа нахана  шегара бала гIайгIа ца  гайта? Цуьнан  хилир-кха и ийман а, и собар а, и стогалла  а.

Корта  таIIийна, де-буьйса ца  лоьруш  нехан  хьашташка  хьоьжуш а, хьанала къахьоьгуш ю иза. Мокъа еана  хан Далла  Iибадаташ  дарна а,  берабераш ша санна   оьзда а, гIиллакхе а, яхь  йолуш а кхиорна дIало  цо. Хьаххийначуьра   аьлча, Айманис  дукха лерина кхочушдо дерриге а  фарзаш  а, суннаташ а. Иза  жимчохь дуьйна  сатесна яра сийлахьчу  Макка  яхана  хьаьждан. Дала цуьнан цу тIехь  аьтто бира  1992-чу  шарахь. Оцу  шарахь  дуьххьара  ХьаьжцIа яха, КаIбате, Пайхамаран  (Делера  салам-маршалла  хуьлда цунна) Ровзате  бIаьрг  тоха аьтто  хилира Айманин. Цул тIаьхьа а хилла иза оцу езачу  меттигашкахь, амма  хIинца а дог-ойла цигахь  лаьтташ  ю иза аьлча цуьрриг а харц  хир дац  аьлла  хета. Иза  иштта хоьтуьйтуш  цуьнан  ийман,  комаьршалла, дика  гIиллакхаш, беркате  гIуллакхаш ду.

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: