Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийск» спорткомплексехь

дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула 1996–1998-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь республикехь хьалхеяккхаран турнир.1

   Цигахь дакъалецира Соьлжа-ГIала, Аргун гIаланашкарчу а, Гуьмсан, Хьалха-Мартан, ТIехьа-Мартан, Шелан, Курчалойн, Грозненски, Лаха-Невран районашкарчу а берийн-кхиазхойн спортан школийн кегийрхоша.

Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира: Х.Денилхановс (50 кг.) – Курчалойн район, И.Тулуевс (55 кг.) – Гуьмсан район, А.Абдулхамидовс (60 кг.) – Курчалойн район, М.Маидовс (66 кг.) – Гуьмсан район, М.Батаевс (74 кг.) – Грозненски район, А.Анзоровс (84 кг.), А.Болтукаевс (96 кг.) – ШВСМ, Р.Амировс (120 кг.) – ШВСМ.

Толамхой декъал биначул тIаьхьа, турнирехь суьдхочун болх дика дIабахьарна совгIат дира тренерна Дудулаев Асламбекана.

З.ШИШХАНОВА

№21, еара, чиллин (февраль) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: