Iаьнан турнир дIаяьхьира

ДIадаханчу шеран декабрь баттахь дIайолаелира Нохчийчохь хьалхеяккхаран футболан Iаьнан турнир. Цигахь дакъалоцуш яра вайн республикерчу районашкара 20 сов команда. Уьш кхаа декъе екъна яра, хьалхара дакъа – Соьлжа-ГIалахь, шолгIа дакъа – Курчалойн районехь, кхоалгIа дакъа – ТIехьа-Мартанан районехь.24

Оцу къийсамашкахь финале яла аьтто белира Хоси-Юьртарчу «Лидер» командин ТIехьа-МартантIерчу «Марта» командин. Дика ловзар а, кхераме тIелатарш алссам дар а бахьана долуш «Лидер» командин аьтто белира «Марта» командина 3 гол тоха. Цигахь толам баккхар бахьана долуш Хоси-Юьртара «Лидер» команда Iаьнан 2015–2016-чуй шеран турниран чемпион хилира. ШолгIа меттиг яьккхира ТIехьа-МартантIерчу «Марта» командо. Иштта, йоьзан мидалш ехира Iалхан-Юьртарчу футболисташа.

М.КАНТАЕВ

№21, еара, чиллин (февраль) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: