Нохчийчохь 2016-чу шеран дешархо хаьржина

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Соьлжа-ГIаларчу дешаран туьшахь дIабаьхьира Ерригроссин «Шеран Дешархо – 2016» конкурсан регионан мур. ХIокху шеран февраль беттан 16-чу дийнера 24-гIа де тIекхаччалц лаьттира иза.

  «Шеран дешархо» конкурс 7 муьрах лаьтташ ю. Нохчийн Республикерчу ерриге а районашкарчу школийн 9–11-чуй классашкара дешархойн аьтто бу цу юкъахь дакъалаца.

– Республикехь дIахьочу конкурсехь хьалхара меттиг яьккхинчо (шеца виъ накъост а, тобан куьйгалхо а волуш) Ерригроссин конкурсехь дакъалоцур ду. Иза дIахьур ю Ульяновск гIалахь, 2016-чу шеран 28-чу мартера апрель бутт тIекхаччалц, – хаам бинера Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос.

Оццу министерствон эксперташа билгалдоккху и тайпа конкурсаш дIаяхьар дешархошна пайде хирг хилар. Дешархойн аьтто хуьлу шайн хаарш алсамдаха а, кхечу регионашкарчу дешархошца хаарш зен а, цаьрца зIенаш таса а.

Комиссин декъашхоша лерина терго а еш, нийсачу кхиэлаца жамIаш деш дIабаьхьира конкурсан хIора мур а. Дешархойн уггаре а самукъадаькхинарг «Доккхучохь деза ду деши» аьлла йолчу конкурсан 4-гIа мур бара. Цигахь дешархоша шайн дай баьхначу яртех лаьцна а, цигарчу бевзачу нахах лаьцна а дийцира. Конкурсан дакъалацархошна юкъахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIентан йоIа Хадижат яра. Цо а дийцира шайн тайп схьадаьллачу юьртах лаьцна.

Вайн республикехь и тайпа конкурс хIокху шарахь дуьххьара дIахьош хиллехь а, цигахь дакъалоцуш ерриге а республикера дешархой бара. Конкурсан регионан муьран жамIашца 2016-чу шеран дешархо хаьржина Кадырова Хадижат. Цо «Шеран дешархо – 2016» конкурсан Ерригроссин муьрехь дакъалоцур ду.

Хь.БАХТАЕВА

 

№21, еара, чиллин (февраль) беттан 25-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: