1968-чу шеран бекарг (март) беттан 24-чу дийнахь дуьненна евзачу «Ленфильм» киностудехь дIаболийра «Белое солнце пустыни» цIе йолу исбаьхьаллин фильм яккхаран болх. Режиссер Мотыль Владимир вара фильм яккхаран болх шена тIелаьцнарг. Яздархой Ежов Валентин, Ибрагимбеков Рустам вара фильман сценарий язйинарг. Цкъа мацах Советски Iедал тIедогIучу муьрехь, Юккъерчу Азехь хилларг дара гайта леринарг. ЦIечу Эскаран бIаьхо Сухов вара коьрта турпалхо. Iаьржачу Iабдуллас Iазапехь латтош хилла цуьнан зударий, боданечу къизаллех хьалхабаьхна, коммунизме боьдучу сирлачу новкъа бохуш, алссам къахьегар тIедужу тIом бина ваьлла, цIаверза некъ юьхьарлаьцначу бIаьхочунна.
И сийлахь декхар цунна тIедуьллу ЦIечу Эскаран командира Рахимовс. Рахимовн роль ловзош вара вайн махкахо Дудаев Муса. Дерриге а дуьненна бевза Россин киноартисташ бара «Белое солнце пустыни» фильмехь дакъалоцуш: Сухов Федоран роль ловзош Анатолий Кузнецов вара, Саидан васт кхуллуш Спартак Мишулин вара, Россин таможнина Iуналла дечу Верещагин Павелан роль ловзош Павел Луспекаев вара. Басмачийн баьчча хиллачу Iаьржачу Iабдуллин роль ловзош, гуьржийн похIме актер Кавсадзе Кахи вара. Иштта, дуьненна девзачу киноседарчийн могIарехь вайн махкахо хилар Iаламат доккха дозалла хетара цу хенахь. Шарахь сов болх бира кинематографисташа и фильм йоккхуш. Ленинградехь, Юккъерчу Азехь, Дагестанехь йина фильман съемкаш. 1970-чу шеран 30-чу мартехь Москвахь хилира фильман премьера. Ткъа апрель беттан хьалхарчу деношкахь, вайн махкарчу массо а стагана, бохург санна, хууш дара нохчийн актер юкъахь волуш, йоккха фильм араяьлла хилар. ХIоранна шен декхар хетара цу фильме хьажар. Цхьанна а цуьнга цкъа хьажар тоаме ца хетара. ХIора нохчичун доккха дозалла хетара Дудаев Муса фильмехь дакъалоцуш хилар. Иза къоман кхиам хетара, нохчийн халкъан культурин кхиам муххале бара иза. Дудаев Мусан хьуьнар а, похIма а бахьанехь кхаьчнера и хазахетар нохчийн хIора доьзале. Бакъду, Iаламат хала кхечира актер оцу кхиаман лакхене. Цуьнан нуьцкъала амал, синъондалла, бохамашка каг ца елла нохчичун яхь яра актер цу дикане кхачийнарг, хIора нохчичун дог хьаьстинарг.
Къаьхьа чам беттало бералла
Нохчийчоьнан уггаре а хазачу яртех цхьаъ ларалуш йолчу, Веданан кIоштарчу Элистанжа юьртарчу вайнехан поэтан Дудаев Iабдин доьзалехь 1938-чу шеран 16-чу февралехь дуьнен чу ваьлла вара Муса. Бакъду, шен да цкъа а ца гинера цунна. Кхиболу нохчийн яздархой санна, НКВ-с 1937-чу шеран декабрь баттахь хIаллаквинера Дудаев Iабди. Цул тIаьхьа ши бутт баьлча дуьнен чу ваьлла Муса ворхIалгIа бер дара къинхетамза хIаллаквинчу поэтан доьзалехь. ТIера да дIаваларан цхьа бала лайча, чекх ца бевлира ДудаевгIеран дегаIийжамаш. Жима Муса когавоьдучу муьрехь ямартлонца немцойн фашисташ вайн Даймахкана тIелатар бахьанехь, буьрса тIом дIаболабелира. Цунах кIант дика кхетта валале, 1944-чу шеран 23-чу февралехь дерриге а нохчийн къам махках даьккхира Сталинан хьадалчаша. Къилбаседа Казахстане кхечира ДудаевгIеран доьзал. Дерриге а къомо санна харцо, гIело, шело, мацалла лан дийзира кхеран а. ТIаьхьуо ша язйинчу «Встать, звереныш!» цIе йолчу книги тIехь, Дудаев Мусас дешархошна йовзуьйту хийрачу махкахь ша а, шен гергарчара а Iаьвшина халонаш.
Ша дешна яцахь а, берашка дешийта хьекъал кхечира Мусан ненан. Зорбане яьлла масех книга йоллушехь, поэт ву ша аьлла мукъа ца волуш, Элистанжарчу школехь хьехархочун болх беш вара Мусан да Iабди, НКВД-с лацале. Цунна чIогIа лаьара нохчийн дерриге а бераша доьшийла, йоза-дешарца уллора церан гергарло хуьлийла. Цуьнан лаам кхочушбар хила там бу Мусан нанас, шена мел хала делахь а, бераш дешарна тIегIертор. ДудаевгIар цкъачунна дIатарбеллачу Актюбински областан Хобдински кIоштарчу Ново-Алексеевскехь школа яцара. Цундела, 1947-чу шарахь луларчу Новая Москва цIе йолчу юьртарчу школин хьалхарчу классе деша вахара Дудаев Муса. Цу школехь а яцара йиъ класс бен. Цундела, Новая Москвахь йиъ класс чекхъяьккхина, пхоьалгIачу классе Астрахановка юьрта, масех чаккхарма гIаш дIаса а лелаш, ворхI класс чекхъяьккхира цо. ВорхI класс чекхъяьккхича, кIоштан коьрта шахьар ларалучу Хобде хIора дийнахь дIаса некъ беш, кхидIа а дийшира Дудаев Мусас, халонех озавелла, школа дIа ца тосуш. Итт класс чекхъяьккхина волуш 1957-чу шарахь вайнахана цIаберза бакъо елира. Кхечу нохчашна санна, цунах мерза кхаъ хилла ДудаевгIар а катоьхнна Элистанжа цIабирзира. Дудаев Мусас сихха шен кехаташ чуделира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн факультете. Цунна чIогIа лаьара, цкъа мацах шен да санна, юьртахь хьехархо хила. Боккхачу кхиамца зерех чекхваьлла сатийсинчу Iалашоне кхача герга вара жима стаг, амма цIеххьана цуьнан лаам а, дахар а туьйранехь санна, цхьана мIаьргонехь хийцаделира.
Вайнах Казахстанера цIабирзинчу 1957-чу шарахь кегийрхойн тоба вовшахтуьйхира Ленинграде деша яхийта. Мил-мила а вацара цига дIахьажош. Корматалле шовкъ, мелла а похIма хила дезара кегийрхойн. Россехь гIарабевлла бевза театран говзанчаш-хьехархой бара Ленинградера дуьйна баьхкина артисташ хила луу кегийрхой зуьйш, зерех чекхбохуш. Цу тобанах дIакхийтира Дудаев Муса а. Школехь дика дешарна цунна литература евзара, массо хIуманал чIогIа актерана оьшуш долу дика аз дара цуьнан, ткъа хелхар?!.. Цу тобана юккъехь массарел хаза а, тIахъаьлла а хелха волуш вара Муса. Цундела, кхиамца зерех чекхваьлла, 1957-чу шеран гурахь Ленинградерчу театральни институтан студент хилира цунах. Оьрсийн театран говзанчаш бара цуьнан хьехархой: Е.Лепковская, И.Савельев, З.Савкова, В.Петров, В.Стрежельчик. Вайнехан кегийрхой дукхабезаш, царах дог лозуш, къахеташ, дей-буьйсий ца лоьруш, вайнехан студенташ Iамош алссам хан йоккхура хьехархоша. Наггахь, Iуьйранна бархI сахьт долуш юьйлаелла лекцеш буьйса юккъейоьдуш бен чекх ца йовлура. Хьал ца хуучунна моьтту артистийн дукхахдолу дахар синкъераме дIадоьдуш ду. Цхьанна а ца го церан къинхьегам. Амма бакъволу артист хила лууш волу стаг хаддаза шена тIехь къахьега дезаш ву. Цуьнан бакъо яц гIелвала, кIадвала. Иза даима шен хаарш шардеш, кIаргдеш, керлачу лакхенашка кхийдаш хила везаш ву, институтехь доьшучу шерашкахь дуьйна. ТIаккхий бен хир вац Дудаев Муса санна говзалла лаккхарчу тIегIанехь йолу актер.
Сцени тIехь – хьалхара гIулчаш
1962-чу шарахь Ленинграде деша яхана вайнехан кегийрхойн тоба. Дуьненахь а гIараваьлла вевзачу драматурган В. Шекспиран «Ромео и Джульетта» цIе йолу трагеди яра дипломни спектакль хIотто цара билгалъяьккхинарг. Нохчийн воккхачу яздархочо Хамидов Iабдуллас гочйина яра иза, леррина кхеран дипломни балхана. Джульеттин ден – Капулеттин роль яра Дудаев Мусах тешийнарг. Тамашийна хетара 24 шо дузаза волчу жимачу стага, 60 шарера ваьллачу къаночун роль ловзайо аьлча. Амма, бехк баккха меттиг ца юьтуш, къоначу актера ловза-м йира иза. Актеран хьуьнар, похIма бIаьрла гуш дара дуьххьарлерчу ролехь. Корматаллин суй хаалора цуьнан сцени тIехь леларехь, дечу къамелехь, говза сурт хIотторехь. Шатайпачу башхаллица къаьста шуьйра таронаш йолу актер Дудаев Муса хилар билгалделира режиссера Харлип Павел Борисовича хIоттийначу «Молла-Несарт» спектаклехь. Яздархоша Соловьев Леонида, Виткевич Виктора масех бIе шо хьалха ваьхначу хьекъалечу забарчех «Ходжа-Насреддин» цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийна яра и спектакль. Пьеса язйинарш оьрсий белахь а, вайн къомана дукха хенахь дуьйна дуьйцуш хезна, уллора, гергара хеташ васт дара цуьнан коьрта турпалхо. Ларамаза дацара цуьнан роль Дудаев Мусах тешор а. Актеран амплуа комически зирх алсам болуш яра. Молла-Несарт вайна массарна санна вуьйцуш хезна вара иза, халкъалахь и турпалхо везаш тIеоьций а хаьара цунна. Цундела, шегара мелла а забаран басарш тIетухуш, самукъане васт кхоьллира актера. 1965-чу шеран 18-чу сентябрехь арадаьллачу «Грозненский рабочий» газетан агIонаш тIехь Щедродарова Галинас яздо: «ПохIме актер ву Дудаев Муса. «Молла-Несарт» спектаклехь цуьнан «вагаро» Iаламат чIогIа самукъадоккху хьовсархойн. Актерана нийса харш карийна халкъана дукхавезачу турпалхочун «чомехь» васт кхуллуш». КIорда ца еш тIеоьцура «Молла-Несарт» спектакль вайн махкарчу хьовсархоша. Дудаев Мусан говзалла яра коьртачу декъана оцу спектакланана кхиам беанарг. Иштта, самукъадаларца вайнехан хьовсархоша тIеэцначарех яра Дудаев Мусас ХIилланбекан васт кхоьллина «Мекхаш-Мирза» цIе йолу спектакль. ХХ-чу бIешеран 30-чу шерийн чаккхенехь нохчийн яздархочо Музаев Нурдис, цу муьрехь Нохч-ГIалгIайн драматически театран коьрта режиссер хиллачу Вайнштейна гIо-накъосталла деш, язйина яра и комеди. Хелхарш, зевне мукъамаш, ира забарш мел оьшу а яра цу спектаклехь. Иза хIоттийнарг вара къона режиссер Хакишев Руслан. Ларамаза дацара и забаре роль Мусах тешор. Ленинградерчу театральни институтехь цхьаьна дешна вара и шиъ. Режиссерана дика евзара актеран таронаш. Цунна хаьара тIеверзахь Мусага муьлхха роль а ловзалур юйла. Иштта хила а хилира. ХIилланбекан сутаралла Iорайоккхуш, самукъане сурт хIоттийра актера. Ахча гича бага гIаьттинчохь юьсура цуьнан, куьйгаш дего дуьйлалора, цхьа тамашийна ворта яхйой, ахча долчухьа дIакхевда кеп хIоттайора актера. Аз а хийцалора цуьнан, болар а сихлора. ХIилланбекан синтем байна, карзахе хьийзаро беламе доккхура, вуьшта а цIармат долу цуьнан хатI. Дудаев Мусас самукъане, басарш ца кхоош, кхоьллинчу ХIилланбекан васта хазйинера «Мекхаш-Мирза» цIе йолу спектакль. Цу юккъера дукхахйолу репликаш, халкъан кицанаш хилла, махкахула дIасаяьржира. Дудаев Муса хьовсархошна дукхавезачарех цхьа артист хилла дIахIоьттира «Мекхаш-Мирза» спектакль вайнехан къоман театрехь хIоттийначул тIаьхьа.
Комедин жанрехь кхиамца Дудаев Мусас бина белхаш багарбар данне дац, кхечу жанрехь болх бар корматаллин лакхарчу тIегIанехь цуьнан ца нислора бохург. Цуьнан кхоллараллехь боккха кхиам лара мегар ду Тарелкинан роль. ГIараваьлла вевзачу оьрсийн драматурга Александр Васильевич Сухово-Кобылина язйина «Дело» цIе йолу пьеса яра режиссера Галашин Владимира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театран сцени тIехь хIоттийна. XIX-чу бIешарера Россин чиновникийн кийтарлонаш яра спектаклехь гойтушъерш. Шена тIедехкина декхарш маьхза кхочушдар сонталла хетачарех вара Дудаев Мусас васт кхоьллина турпалхо. Цуьнан цIийх доьлла дара мискачу адамашкара кхаьънаш эцар. ТIедеана гIуллакх шега далур делахь а, дацахь а сингаттамо Iовжийначу пекъарера, цкъа хьалха бол схьаоьцу цо. Дийр ду аьлла, тIелаьцна гIуллакх цанисдаларх цуьрриг юьхьIаьржа ца хIутту, мисканна ахча дIадала дага-м муххале ца догIу Тарелкинна. Бакъду, Варравинца и ямартло чекх ца йолу цуьнан. Варравинан роль ловзош, Цицкиев Мохьмад (Дала гечдойла цунна), вара. Тарелкина шена тешнабехк биний хиъча, ахча схьадаккха Варравин веанчу кийсакехь, хьовсархой белабой эгабора актераша. ДегIана онда, зоьртала волчу Варравинах къайлавала маьнги кIел дIалечкъий, мукадехках тарлора Тарелкин. Цу суьртах чIогIа самукъадолура хьовсархойн.
ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь Россехь а вевзаш актер вара Дудаев Муса. Уггаре а хьалха лакхахь хьахийна «Белое солнце пустыни» цIе йолу фильм яра цунна «бехке». Бакъду, 50 шарахь кхоллараллехь къахьегна волу актер оцу цхьана фильмехь дакъалаьцна Iаш вацара. Иттех фильмехь исбаьхьа ловзийна ролаш яра цуьнан кхиамийн тускар чохь. Халкъан иэсехь дисина, говзаллин лаккхарчу тIегIанехь актера цу фильмашкахь кхоьллина васташ. «Кольцо старого шейха», «По следам Карабаира», «Пока вершины не спят», «Год однорогой коровы», «Жизнь ставшая легендой». Иштта дIа кхин а ягарлур яра Дудаев Мусас, къегина васташ кхуллуш, дакъалаьцна фильмаш. Амма фильмаш мел дукха елахь а, актеран коьрта болх Нохч-ГIалгIайн драматически театран сцени тIехь бара. КIезиг яц цу муьрехь вайнехан театран сцени тIехь Дудаев Мусас дакъалоцуш хIиттийна спектаклаш. Режиссера Хакишев Руслана хIоттийна «Яхь йолу кIентий» тоьар яра шех лаьцна дийнахь а, буьйсанна а дийца. Нохчийн къоман бартан кхолларалла яра 1976-чу шарахь театро хIоттийначу «Яхь йолу кIентий» спектаклана буха йиллинарг. Алссам халкъан иллеш, хелхарш, забарш яра спектаклехь. Иллешна тIехь болх бинарг Цугаев Салман вара. Хелхарш Януркаев Сайд-Эмис хIиттийра. Спектаклехь тхьамдин роль ловзош Дудаев Муса вара. Хи чохь чIара санна хьийзара иза сцени тIехь. Иза бераллехь дуьйна вара халкъан илли, хелхар дукхадезаш. Цул сов, Iаламат дика дечиг-пондар локхуш вара. И дерриге а ийшира «Яхь йолу кIентий» спектаклехь. Нохчийн къоман культура езачарна, Iаламат доккха, совгIат хилла дIахIоьттира спектакль. Актераша доггах къахьийгира шайн шовкъечу ловзарца хьовсархойн дагчу кхача гIерташ. Церан массеран а аьтто белира цу Iалашоне кхача. И спектакль къоман мерзачу хIонах юьзначу актерех цхьаъ ву Дудаев Муса. Боккхачу кхиамца чекхъелира иза Нохч-ГIалгIайн драматически театран сцени тIехь. Баккъал а, и спектакль деза совгIат хеташ, дукха хьовсархой бара шозза-кхузза цуьнга хьажарх кIорда ца деш.
Дудаев Муса могIарера актер хилла Iаш вацара. Шен экамечу сица, оьздачу цIийца поэт вара актер. И бакъдерг тIечIагIдира Советски Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театро А. Пушкинан говзаршна тIехь «Маленькие трагедии» спектакль хIоттийча. Цкъа делахь, нохчийн матте уьш гочйинарг Дудаев Муса вара, ШолгIа делахь, «Маленькие трагедии» спектаклехь оьрсийн сийлахьчу поэтан Александр Сергеевич Пушкинан васт кхоьллира Дудаев Мусас. Лаккхарчу корматаллица кхоьллина дара иза. Поэтан хатI, цуьнан экаме дог-ойла, похIма гайта ницкъ кхечира актеран. Хьовсархойх цхьанна а дага ца йогIура къаьмнийн башхалла, заманашна юккъера херо. Оьрсийн сийлахь-воккхачу поэтан дог-ойла йовзийта хьуьнар тоьара нохчийн воккхачу актеран. Оьрсийн литература, ма-дарра дийцича, дуьненаюкъара литература Мусана кIорггера йовзар бахьана долуш, атта дара цунна муьлхха а васт кхолла. Гоголь Николай Васильевича язйина «Женитьба» пьеси тIехь, изза цIе йолуш режиссера Хакишев Руслана хIоттийначу спектаклехь Анучкинан роль цо ловзош, моьттур дара Дудаев Муса оьрсашна юкъахь вина, кхиъна, царах мелла а хIо хьакхаделла ву. Оццул говза, самукъане кхоьллинера цо шен турпалхочун васт. Актеран таронех цецдийла вайн таро хиллера хьалхо вайнехан драматически театро «Ямартло а, безам а» цIе йолу спектакль хIоттийча а. XVIII-чу бIешарахь Германехь хилларш дара гIараваьллачу немцойн поэта, драматурга Шиллер Фридриха шен изза цIе йолчу пьеси тIехь, дешархойн кхиэле дехкинарш. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театро кхиамца хIоттийначу «Ямартло а, безам а» спектаклехь Вурмин роль ловзош вара Дудаев Муса. Вурм президентан секретарь вара, цунна хьалхара цхьацца йозанаш деш, кехаташ кечдеш. Амма шен хьаькамна луург дан, маьрша стаг вийна иза лаьттах волла кийча вара иза. Драмехь юьйцучу ямартлонан коьрта автор вара ала мегар дара Вурм. Вовшашна чIогIа дезаш долу Фердинанд а, Луиза а къастаран бехкан доккхахдолу дакъа Вурмина кхочу. Цо яздо Фердинанде кехат, Луизигара иза долуш санна. ТIаккха цу тIехь дуьйцучух Фердинанд тешийта цо ца деш хIума ца дуьту. ЦIарматчу стеган синкIезгалла, цуьнан цIийх ийна дIовш, дуьнене болу цабезам гайта аьтто белира Дудаев Мусан. Актеран похIмин къегина зIаьнарш яра «Ямартло а, безам а» цIе йолу спектаклах хьовсархойн дегнашкахь еххачу ханна беркате лар латтийнарг.
ТIаьххьара шераш
Махкахошна дукхавезаш вара Дудаев Муса. Иза массаьрца тIекаре вара. Цуьнан алссам доттагIий бара. Актеран похIмин сий дийраш кхин а дукха бара. Шеран муьлххачу хенахь цунах бIаьрг кхетарх, ур-атталла вайн махкахь тIеман зуламаш сийсачу муьрехь а, Дудаев Муса хьесан бустам санна товш, цIена барзакъ дуьйхина хуьлура. Иза баккъал а вайнехан турпалчу иллешкахь буьйцучу оьздачу къонахех цхьаъ вара. Мел доккхачу ловзарга инарла хао мегар долуш хуьлура иза мичча хенахь. Дукха хьолахь коьртахь нохчийн холхаза куй лелабора цо. Иза цуьнгахь товш бара. Бакъволчу нохчичо санна, хьаша-да тIеэцар лерина леладора цо. Иштта оьзда хIусамнана Зураъ а яра цуьнан. Хьо варе хьоьжуш бIе шарахь Iийча санна, елалой, екхалой дуьхьалйолура иза. Чу веанарг мел сиха велахь а, цкъа а кхачанах ца кхеташ дIа ца вохуьйтура. Багара йолу Iаь мерза йолуш яра. Дала гечдойла цунна. (Дудаев Муса дIаваьллачул тIаьхьа дукха ца ехира цуьнан хIусамнана Зураъ).
Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь театрехь болх беш вацара РСФСР-н халкъан артист Дудаев Муса. Цуьнан кхоллараллин хьаьттахь йокъа хIоттар-м дацара иза. Кхидолу бахьанаш Iаламат дукха дара. Актера хала ловра ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нана-Нохчийчоь тIеман цIаро Iовжайо. Кхин а хала ловра цо ткъех шарахь гергга вайн махкара кегийрхой дешарх доглата цабитар. Ира хьекъал, кIорггера хаарш долу Дудаев Муса дика кхетара бIешерашкахь нохчий хIаллакбан гIиртинчу Iаьржачу ницкъан дIаьвше тIаьхьенаш цунна бехке хиларх. Кегийрхоша дешарца, Iилманца уьйр-марзо чIагIъяларций бен къоман ирсе кхане ца гора цунна. Цундела театрера сил дукхабеза болх а битина, хьехархойн институте балха вахара. Искусствон факультетехь яра цо Iамо схьаэцна кегийрхойн тоба. Цаьрца дукха къамелаш дора хьехархочо: хиллачух, долчух, дешарна кегийрхоша пебеттахь хила тарлучух. Дудаев Мусан Iаламат чIогIа самукъадолура кегийрхошца. Къаьсттина воккхавера царах цхьаъ дешарна тIера хилча, книгаш алсам йоьшург билгалваьлча. Шен дуьхьа цара уьш йоьшуш санна. Синкомаьршалла яра актераца. Иза цкъа а шен долара чоь, хIусам, ков-керт, бахам буьйцуш вацара. Цуьнан карзахе са даима Даймахках хьерчаш дара. Нохчийчоьнан кхиамашца, лазамашца, толамашца, эшамашца вехаш стаг вара актер. Иштта массо а хила лаьара цунна. Сирла сатийсамаш бара цуьнан. Иза кхин а цхьа-ши книга язъян дагахь вара. Оьрсийн сийлахь-воккхачу поэтан Александр Сергеевич Пушкинан ша гочйина говзарш зорбане яха лууш вара. Амма, 2014-чу шеран 6-чу августехь детталучуьра сецира актеран дог. Нохчийн къоман культурина эшам хилла ца Iара цуьнан дIавалар. Иза ерриге а Нана-Нохчийчоьнна хилла эшам бара. Вайнехан театран дийнна цхьа мур чулоцуш яра маьлхан зIаьнарех лепаш йолу цуьнан сирла кхолларалла. Иза вайн доьлхучу дегнашкахь юьтуш къайлавелира Дудаев Муса, цкъа а ца хилча санна. Дала гечдойла цунна!
ГАЗИЕВА Аза
Нохчийн Республикин искусствийн хьакъйолу гIуллакххо
№21, еара, чиллин (февраль) беттан 25-гIа де, 2016 шо